ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 21.02.2022

Кадыровн "шпионийн маша" хIаллакхилар. Туркойчохь лецначарна яккхий хенаш етта кхерам бу

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхехь бехачу  нохчийн оппозиционерашна Туркойчохь тIелетарш кечдарх гIуллакх кхеле кхачийна. Бехкебечарна мел а яккхий хенаш тохар доьху прокуратуро. Кавказ.Реалиин материалехь – ма-дарра дуьйцу оцу гIуллакхах лаьцна. 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Туркойчуьрчу Къоман иччархойн организацино а, Стамбулерчу терроризмаца къийсам латточу урхалло а юкъахь дIаяьхьначу лерринчу операцехь лецира шпионаж лелорна а, Туркойчоьнан дозана тIехь бехачу нохчийн оппозицин жигархошна дуьхьал герзашца гIуллакхаш... Читать дальше...

Украинерчу тIамна дуьхьал хIиттийначу митингашкахь дакълоцу Европерчу нохчийн диаспоро

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоь тIамна кечлуш хиларна терго тIеоза Iалашонца, Европерчу политикашка кхайкхамбеш тIамна дуьхьал митингаш дIаяьхьна Европехь украинхойн диаспораша. Украинера бахархой боцурш а, жигара дакъалецира цигахь гуьржийн, белорусхойн, иштта, къобал ца йинчу Ичкерия республикан диаспораша. Австрин Грац гIалахь хиллачу митингехь дакъалаьцначу нохчийн жигархочо Дунаева Розас Кавказ.Реалиига дийцарехь, Solidarität mit der Ukraine ("Украинаца солидарехь".-Редакцин билгалдаккхар.) хилла митинган цIе.... Читать дальше...

Кадыровн кхоалгIа йоI цуьнан секретариатан куьйгалхочун гIовс хIоттийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхоалгIа йоI – ХутIмат – цуьнан секретариатан куьйгалхочун гIовс хIоттийна. Хьалхо директор яра иза "Грозненский дельфинарий" комплексан. Кадыровс ша йовзийтина шен йоI секретариатехь, керла куьйгалхо, хьалхо "Ахмат" спортан клубан директор хилла Эдилов Валид вовзуьйтуш, хаамбира "Грозный-информ" агенталло. Цо чIагIдарехь, Эдиловс дIалаьцна иштта Оьрсийчоьнан боксан Федерацехь дарж а. Цул тIаьхьа масех сахьт даьллачу хенахь Кадырова ХутIмат декъалъеш... Читать дальше...

Ставрополехь лоьхуш ю Иванова Марина. Цуьнан тIепаза яр дузу 1АДАТ каналца

Radiomarsho.com 

Ставрополан кIоштарчу Железноводскана уллорчу Иноземцево поселкера Дечкен-беттан 23-чохь дIаяхана 38 шо долу Иванова Марина орцанхоша а, бакъоларъяран органаша а, волонтераша а лоьхуш ю. Иза къайлаяларан бахьанаца бехктакхаман гIуллакх ду долийна, ткъа медиахь информаци гучуелира, иза лачкъийна хила тарло нохчийн ницкъахоша аьлла. Ставрополан кIоштарчу лехамийн "ЛизаАлерт" тобано хаамбарца, Иванова яйначу хьалхарчу дийнахь арабевлира волонтераш доза талла. Бештау ломана гергахь лоьхура цара, хIунда аьлча цига йоьдуш хиллера яйнарг. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Арина Соболенко

Соперница Арины Соболенко разрыдалась на плече белоруски






На Первой улице Машиностроения в Москве у здания снесло кровлю с крыши

ЖК «Московский» достроят в Сергиевом Посаде к 2025 году

В Hopper IT создали отечественный вариант HRM-системы для автоматического управления человеческим капиталом

МВД показало кадры допроса убийцы 24-летнего байкера в Москве