Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 11.02.2022

Нохчийн латархочун Американ виза дIаяьккхина

Radiomarsho.com 

Швецехь веха UFC-н нохчийн латархо Чимаев Хьамзат визаца проблема хиларна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка ца кхачавелла. Доза хадочу юкъанна къаьстира иза, чIагIдо цхьа могIа спортан порталаша, шайн хьосташна тIетевжина. Цуьнан вашас чIагIонаш йо, и бакъ дац бохуш

Къаьркъа а мелла, полисхойх летта Нохчийчуьра вахархо лаьцна Москвахь

Radiomarsho.com 

Москварчу цхьана кIоштахь полисхойх Нохчийчуьра вахархо латарх хаамбина Baza телеграм-канало. Ресурсан информацица, вуьйцург ву Хусейнов Мохьмад. Буьйсанна цIенна хьалха къаьркъа а муьйлуш, маьхьарий детта аьлла, меттигерчу бахархоша арз дина веанчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан шина белхахочунна тIелеттера иза, боху, ГIиргIазойчуьрчу цхьана вахархочуьнца. "Къепе йохийна шиъ лаца хьоьвзинера полисхой, ткъа вуьйш дуьхьалбевллера. ТIаккха лета буьйлабелира шина полисхочух, цаьргара чхьонкарш схьа а яьхна. Читать дальше...

Нохчийчоьнан парламента Оьрсийчоьнан думе дехна Соьлжа-ГIалин кIоштийн кхелийн цIерш хийцар

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламента Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думе Соьлжа-ГIалин кIошташкара кхелийн цIерш хийцар хьоьхуш низаман проект хьажийна. Пачхьалкхан думан сайта тIехь бу и хаам. Низаман проекта хьоьху хIокху кхелийн цIерш хийцар: Ленинскан кIоштан кхел – Ахьмадан кIоштан кхел тиллар; Октябрьскан кIоштан кхел – Байсангуран кIоштан кхел тиллар; Старопромысловскан кIоштан кхел – Висаитовн кIоштан кхел тиллар; Заводскойн кIоштан кхел – Шейх-Мансуран кIоштан кхел тиллар. Кхеторан кехатехь аьлла ду... Читать дальше...

"Кадыровна гонахара кхераман пен бохор". Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал ву Яшин Илья

Radiomarsho.com 

Кху кIиранах Оьрсийчоьнан политико Яшин Ильяс Change.org платформи тIе хIоттийра, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан даржера ваккха тIедожош петици. Кхаа дийнахь 180 стага куьйгъяздира цунна, амма Кремль дуьхьал хилира петицих лаьцна ала, ооцу платформи тIехь верификаци ца хиларна а, боташ куьйгаш язйина хила а тарло аьлла. "15 шо а ду Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан куьйгаллехь волу. Оцу хеначохь регионах Оьрсийчоьнан Федерацин чохь къаьстина пачхьалкх йина цо. Нохчийчохь шен къепе ю латтош, Оьрсийчоьнан низамаш цу чохь болх беш а дац. Читать дальше...

UFC-н нохчийн латархо, Кадыровн доттагI Чимаев Хьамзат Америке ца витина – зорбанаш

Radiomarsho.com 

Нохчийн UFC-н латархо Чимаев Хьамзат Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка чу ца витина – Дечкен-бутт юккъе баьлча оцу махка ваха гIоьртинчу спортхочун виза сацийра. Цуьнах лаьцна яздо Sport24 сайта тIехь, хаам кхаьчна хьост билгал ца йоккхуш. Оцу бахьанаца Чимаевн UFC-хь дIагIертарехь кхачамбацарш нисдала тарло, хIунда аьлча, дукхах долу латарш лигано Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь дIахьо, дуьйцу агенталлехь. Ша латархочо шен виза сацорах лаьцна кхаьчначу хаамна комментарий ца йо. ХIинца, Sport24 гIирсо чIагIдарехь... Читать дальше...

Нохчийн "къу" Шалинский Ахьмад дIавахана Оьрсийчуьра, ша федералан лехамашкахь воллушехьа

Radiomarsho.com 

Туркойчохь, гергарчу хьесапехь, Чиллан-беттан 7-хь лаьцна волу нохчийн тутмакхийн эла Домбаев Ахьмад (Шалинский) низам ца хадош Оьрсийчоьнан дозанал дехьаволийла дацара, иза федералан лехамашкахь хиларна. Новкъарло ца еш мехкан доза хадор доьзна хила тарло цуьнан къайлахчу сервисашца йолчу уьйрашца, хаамбина Кавказ.Реалиин хьостано. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) картотекаца а догIуш, зулам дарна лехамашка велла ву Домбаев. Картотекехь билгалъяьккхина ю цуьнан харц цIе – Прохоров Руслан ... Читать дальше...

Кадыровна таIзар цадарх а, Кремлана цунах хуьлучу тIаьхьенах а кино зорбане яьккхина Навальныйн командо

Radiomarsho.com 

Оппозицин политикан Навальный Алексейн бIанакъоста Любовь Соболя шен ютуб-канале хIоттийна "Кадыровс муха сийсазбо ницкъахой" цIе йолу фильм. Цуьнан коьрта маьIна ду — шен леларца Нохчийчоьнан куьйгалхочо йохош хилар ницкъ болчу президентах Путин Владимирх а, майрачу Оьрсийчоьнан ницкъахойх а лаьтта миф. 15 минотехь яьккхинчу видео тIехь Соболя дагадоуьйту, доккхачу декъанна, 2015-чу шарахь кхечу регионашкара чу а оьхуш, Нохчийчоьнан дозана тIехь меттигерчу Iедалхошца дага а ца бовлуш, оперативан... Читать дальше...

Мусаева Заремин гIуллакхехь керла кхачамбацарш карийна "Iазапашна дуьхьалояран Комитетна"

Radiomarsho.com 

Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхехь тешашка санна хеттарш дан ЯнгулбаевгIеран доьзал Соьлжа-ГIала тIекхойкхуш даийтина кехат, хетарехь, дIадаьллачу терахьца кечдина хиллачух тера ду. Цуьнца а догIуш, оцу кехаташца тIе ца бахкар формалехь бахьана хилла Нижний Новгородера Мусаева Зарема бертаза Нохчийчу дIайигаран. "Новая газето" яздо, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетана" тIетевжина, Мусаева Заремин а, цуьнан цIийнден Янгулбаев Сайдин а цIарах кхаьчна тIекхайкхамна бухахь хIоттийна терахь ду Дечкен-беттан 11-гIа де. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Медведев остался лучшим среди россиян в обновлённом рейтинге ATP, Рублёв — восьмой






В Солнечногорске начался прием заявок на фестиваль вокально‑хоровых коллективов

Спортсмены Подмосковья завоевали две медали на соревнованиях по велоспорту

В Подмосковье к 1 сентября откроют самую большую инвестиционную школу

Шойгу: НАТО угрожает военной безопасности России, приближаясь к границам