Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 25.02.2022

Нохчийчуьра Кадыровн куьйгакIелара Росгвардин эскархой Украине боьлхуш бац

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу коьрта маьждигна  хьалха гулвина Нохчийчуьра итт эзар сов Росгвардин эскархо Украине хьажош вац. Цунах лаьцна хаамбина Кавказ.Реалиига регионера бакъоларъяран органашкарчу хьосто. Къамел динчо бахарехь, республикерчу шайн базашка юхабаьхкина, маьждига хьалха гулбина хилла, Кадыров Рамзанна муьтIахь болу эскархой. "Юьхьанца дуьйна а хьехош дацара уьш Украине буьгур бу аьлла. Цига баха кийча хиларх дара къамел", - билгалдаьккхина хьосто. Карладоккху, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана журналисташка хаамбира... Читать дальше...

Нохчийчуьра Росгварди Украине тIаме хьажош ю. Официалехь тIечIагIдин дац

Radiomarsho.com 

Масийтта эзар Росгвардин эскархой тIеман барзакъца дIахIиттийнера Соьлжа-ГIаларчу коьртачу маьждигна хьалха, цул тIаьхьа лерринчу техника тIехь майданара дIабахара уьш. Кадыров Рамзанна муьтIахь долчу цхьа могIа телеграм-каналийн хаамашца, Украине тIаме хьовсош бу уьш. Оппозицин нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос  телеграм-канале хIоттийначу видео тIехь хезаш ду, Украинан президенто Оьрсийчоьнан президент къинтIера ваккха веза олуш. Хетарехь, Кадыров Рамзанан аз ду и. Baza телеграм-канало хаамбо... Читать дальше...

"Уьш къинтIера баьхна девр дац вай 300 шо даьлча а". Украинаца болийначу тIамах дуьйцу Къилберчу а, Кавказерчу жигархоша

Radiomarsho.com 

Йоллу Украинан дозанашкахула тохарш дира Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаша Чиллан-беттан 24-чохь. Iуьйранна пхи сахьт даьлча Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIакхайкхийра, "Донбассехь леррина операци йолорах". Путинан къамелца цхьатерра лелхийтарш долийра Киевехь, Харьковехь, Одессехь, Краматорскехь, Бердянскехь, кхечу гIаланашкахь а. Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а жигархоша а, бакъонашларърхоша а дийцира Кавказ.Реалиина, Украинана чугIоьртина аьлла, хезча шайн дуьххьара хиллачу ойланех. Читать дальше...

Украине Нохчийчуьра эскархой бахийтарх лач тоьшалла дина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Инстаграмерчу шен официалехь йоцчу агIонерчу сторисехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана суьрташ хIиттийна, Украинерчу Мариуполе операцехь дакъалаца нохчийн эскархой хьажорах лач тоьшалла деш. ТIаьхьо пачхьалкхан "Чечня Сегодня" агенталло зорбане дехира и кадраш, "Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга комментарий ехархьама цуьнан гIоьнчаца Даудов Iумарца зIене довла аьтто ца хилира" аьлла, билгалдоккхуш. Цхьахйолчу сторисехь гойту видео яьккхина кеманан корехала, ткъа тIехьа, Кадыровх тера долчу озаца, цхьаммо еш комментарий ю. Читать дальше...

"Юьртан бахаман хьакъйолу белхало" аьлла совгIат дина Кадыровс йишина

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йишина Кадырова Зарганна "Юьртабахаман хьакъйолу белхало" цIе елла. Оцу кепара совгIат делира цунна регионан куьйгалхочо, Кадыровас Iуналла дечу мехкан Шелковскан кIоштарчу Новощедринская станице ахархойн-фермерийн бахаме хьажа веанчу хенахь. Нехаш дIакхоьхьучу керлачу машенан догIанаш а делла Кадыровс иштта шен йишина, цо бахарехь, регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан совгIат ду иза. "Дуккха а шерашкхаь къахьегарна а, юьртабахам кхиорехь доккха дакъалацарна а цунна йогIуш ю иза"... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова проиграла Фернандес во втором круге турнира WTA в Мадриде






Адвокаты намерены обжаловать приговор Олегу Кану

Бесстыжие ванны и сон в лесу. Эксперт рассказала, куда поехать на майские

Марина Бахилина прокомментировала прямую линию главы Якутии

Продолжается отбор заявок в программу «Время Героев»