Журналист Милашина Елена цхьана ханна Оьрсийчуьра д1айоьдуш ю Нохчийчуьра кхерамаш тийсарна
"Новая газетан" журналист Милашина Еленас д1ахьедина, Нохчийчуьра шена тийсина кхерамаш бахьана долуш, ша цхьана ханна Оьрсийчуьра д1а ца яхча ца йолу, аьлла.
"Дождь" (Оьрсийчохь иза хаамийн г1ирс – арахьара агент лерина ю, амма телеканал оцу сацамна реза яц) телеканалан эфирехь цо аьлла: "Иза де боху соьга сан коьртачу редакторо а, сан тоъал лаккхарчу т1ег1анера хьостанаша а, цара боху боккха бу суна т1ехь х1инца лаьтта кхерам, цундела аса цаьрга ладуг1ур ду, сайна иза мел ца лаахь а".
Милашинина хетарехь, нохчийн 1едалхоша тийсина кхерамаш леррина тидамбарца т1еэца беза. "Делимханов ч1ог1а кхераме стаг ву. Со-м ала а ца х1утту, мила ву цушиннах гуттара кхераме – Кадыров Рамзан йа Делимханов, цундела иза вуно кхераме хьал ду", - т1етуьйхира журналиста.
Милашина Еленас билгалдаьккхира, шен болх д1атосург ца хилар.
Дукха шераш ду Милашина Еленас Нохчийчоьнах лаьцна яздо, регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчохь х1оттийначу режимна критика еш шортта материалаш арахецна цо. Дечкен - бутт чекхболуш Новая газетехь Милашинас зорбане ехира арахьа бехачу Кадыровн критикех лаьцна а, Янгулбаевг1еран доьзал хьийзорах лаьцна а керла материалаш.
Дечкен бутт чекхболуш Кадыров Рамзана шен телеграмехь 1едалхошка кхайкхам бира Милашина а, "Iазапна дуьхьало латточу Комитетан» хьалханча, президента 1уналла дечу адамийн бакъонехула йолчу Кхеташонан декъашхо Каляпин Игорь а д1алаца аьлла, Кадыровс царах «террористийн г1оьнчаш" аьлла. И д1ахьедар цо юха а дира ши де хьалха араяьллачу шен видео т1ехь.
Новая газетано Талламан комитете арз дира Кадыровна дуьхьал, цабезам а мостаг1алла г1атторна бехке а веш, бехктакхаман г1уллакх даккхар доьхуш. "Эхо Москвы" радион коьртачу редактора Венедиктов Алексейс дехар дира президенте Путин Владимире Кадыровс журналисташна туьйсу кхерамашна т1е тидам бахийта, аьлла.
Оьрсийчоьнан парламентан депутата Делимхханов Адама шен инстаграмехь йинчу эфирехь кхерамаш тийсира Янгулбаевг1еран доьзална, уьш бойъур бу, бохуш, нохчийн 1едалхошна хетарехь, уьш бу оппозицин 1ADAT телеграм-канал кхоьллинарш а, иза лелораш а. Шолг1ачу дийнахь Делимхановс тийссина и кхерамаш хазийра кхечу лаккхара хьаькамаша а.
"Медиазонан" (Оьрсийчохь иза хаамийн г1ирс – арахьара агент лерина ю, амма оцу сацамна реза яц) а, The Scanner Project г1ирсан а цхьаьна бинчу талламца а дог1уш, Делимханов Адам ву Немцов Борис верна чубоьхкинчаьрца телефонехула з1енехь хиллачех цхьаъ: иза веле масех де хьалха а, вийначу динахь а, иштта иза виначул т1ехь а.