Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

"Соьлжа-ГIала а вигина, дохковаккхар". Шайна товш боцчу нахана нохчийн Iедалхой тIаьхьабевлла леларх

0

Нохчийн ницкъхоша а, ша Кадыров Рамзана а юкъа а берзийна, хьийзош бу ЯнгулбаевгIеран доьзал. Доьзалхой лечкъабо, закъалтехь латтабо, церан могушалла а, дахар а кхерамна кIел а латтош. Гергарчарна тIаьхьабийлар - Кадыровн гона товш мел доцчух оцу цIийнах болчарна жоьпалла тIедожор ду. ЯнгулбаевгIаьрца хиллачо гойту, Кремло нохчийн ницкъхойн куьйгаш даьстина хилар. Оцу кепарчу тIаьхьабийларийн чакхе цхьаъ хуьлу: "бехкениг" шайн болчу ницкъашца Нохчийчу дIавига гIерта, цунна таIзар дан - гечдар дехийта, йа набахте волла - цигахь.

Кадыровн коьрта мостагI

 

Кхетамчуьра яьлла зуда лифта чуьра ара а текхош, машенна тIе юьгуш ю. Нохчийн къоначу полисхоша машенчу тоьтту иза, цуьнан когахь, ур-атталла, мачаш а яц — еккъа цхьана пазаташца ю иза. Нижний Новгородехь ду и, арахь -10 градус ю.

Мусаева Зарема лачкъоро Iадийра массо а, и гIуллакх резонансе делира, цунах лаьцна комментарий ян а декхаре еш Кремлан администраци. Дечкен-беттан 20-чохь дуьйна Мусаева, ала мегар ду, йийсарехь ю- Нохчийчу дIайигина иза, полисхочунна тIелатар дина аьлла, протокол а хIоттийна, 15 дей-буьйсий хан туьйхира цунна чохь яккха. ХIинца хууш ду, шина баттана иза лаьцна юьтуш юйла.

Мусаева Заремя– федералан суьдхочун Янгулбаев Сайдин хIусамнана ю. Церан бераш — Янгулбаев ИбрахIим а, Абубакар а - Кадыров Рамзанан коьрта мостагIий хилла дIахIиттина, тIаьххьарчу масех шарахь жигара кхузаманан Нохчийчоьнан политикана критика еш схьадогIучу оппозицин 1АДАТ каналана тIехула. Доьзал хIаллакбийр бу, бохуш, Кадыровс кхерамаш тийсира, ткъа Соьлжа-ГIалина юккъехь Чиллан-беттан 2-чохь митинг хIоттийра ЯнгулбаевгIарна дуьхьал: акци гулбеллачу бюджетан белхахоша церан суьрташ дагош, цаьргара бехкаш дохуш, къамелаш дира.

"Сан гергарнаш 2018-чу шарахь дуьйна кест-кеста дIабуьгуш бара. Соьга хаамаш кхоьхьуьйтура, сан балхаца а, ас ечу критикаца а доьзна, и дерриге а дита бохуш, тIедожадора суна", - дуьйцуш ву Янгулбаев Абубакар. Ша Абубакар — бакъоларъярхо а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" (КПП) хилла белхахо а ву. Нохчийчохь полисхоша лелочу харцонашца нислуш долу гIуллакхаш толлуш ю доккхачу декъанна КПП.

ЯнгулбаевгIарна тIаьхьабовлар, нохчийн ницкъхоша тоххара юкъаяьккхина шарйинчу схемица схьадогIуш ду. "Цкъа хьалха цара дIахьедо гергарчаьрга, цара тхоьга схьахьедо. Цара гергарнаш дIабуьгу, царна Iаткъам бо, иштта тхуна а бо. ТIаккха шайн чаташкахь - дукха хьолахь къайлахчу, фейкашкахула тхуна кхерамаш туьйсу. Цул тIаьхьа тарло йиллинчу аккаунташкара яздан, тIаккха бехктакхаман гIуллакх схьадоьллу. Кхин дIа жигара бовлу — хьийза а ца деш, кхерамаш туьйсу, чIир кхайкхайо, гергарнаш лечкъабо. Цхьаболчарна тIехь Iазап леладо, вуьйш чубухку. Тхоьца долчу гIуллакхехь митинг а цхьана дIаяьхьна", - боху Абубакара.

Террорна кхайкхамаш бина аьлла, бехкзуламан гIуллакх даьккхина Янгулбаев ИбрахIимна дуьхьал, Абубакар оцу гIуллакхехь теш ву. Дечкен-беттан 31-чохь ИбрахIим лаца кхайкхийра Нохчийчуьрчу кIоштан кхело. Къаьсташ кхерамаш тийсар - Кадыровн дешнаш ду, ЯнгулбаевгIеран меттиг йа набахтехь, йа лаьтта бухахь бу аьлла долу.

 

ХIинца нохчийн Iедалхоша дийриг — бакъонашларъярхойх тешам байъа гIертар ду, аьлла хета Янгулбаев Абубакарна.

"Нохчийн ницкъхоша ца деш хIума дисина а дац: офисаш ягийна, машенаш йохийна, бакъоларъярхой байъина. ХIинца практика хийцина цабезам гIатторца. Цуьнан Iалашо ю, госпропагандехула цатешам меттахбаккха Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъярехь болх бечаьргахьа", -боху цо.

"Тхан доьзалца нисделлачух аьлча, кхеташ хила деза, тхо дуьххьара а, йа тIаьххьара а дац. Кхин а гIад дайна хьал хIоттийна доьзалш а хилла. Нах бойъура. Ткъа тхоьца долу хьал иштта ду, царна ца хаьа, муха къийсам латтон беза. Тхо террорхой дац, автомат кара а эцна, девдда лелаш долу, оха бакъонца къийсам латтабо. ХIун дийр ду кхуьнца- царна ца хаьа, цундела тхуна тIехецна, сийсаздо, митингаш вовшаъетта. Цхьа эрна лелош долу хIума санна го и дерриге а", - аьлла хета Янгулбаевна.

Бакъонашларъярхошна а, церан гергарчарна а тIеIаткъам баран стратеги нохчийн полисхошна могIарера хIума делахь а, ЯнгулбаевгIаьрца Iоттаделларг хIинцале уникале ду: дуьххьара, диабет токхуш йолу Мусаева Зарема лачкъорна, иза лаьцна йитарна, ткъа хIинца Соьлжа-ГIалин майданахь митинг хIотторна. "Дукха хьолахь цара нах гулбо, масала, маьждигехь, цигахь официалехь шайн гергарчех бертаза дIахедабо. Ткъа митингах дерг аьлча- кхузахь тхо хьалхара ду", - дуьйцу Янгулбаевс.

Кхинболу нохчийн режиман критикаш, юкъаралхой, бакъонашларъярхой а ца бевлира шайна тIаьхьабийларх, набахтех а ур-атталла.

Цатайна латархо

 

2017 -чу шарахь перспективе волу, ийначу кепехь латархо Амриев Мурад лецира Беларусехь доза хадочу заманчохь. Харц документаш лелийна аьлла, бехкевина, лехамашкахь иза хилар гучуделира. Бакъонашларъярхой а, журналисташ а иза Iалашван гIортарх гIуллакх ца хилира, парггIат Беларуси баьхкинчу нохчийн ницкъхошка дIавелира иза, цара Нохчийчу дIавигира.

Амриевна дуьхьал даьккхина гIуллакх - бахьана дара нохчийн полисхошна. Цуьнан паспорта тIера гIалат (винчу денца), Нохчийчохь тIамах бевлла, документаш юхаметтахIитточу нахана башха инзаре хIума а дацара. Амма Амриевца хиллачуьнца гIалат нисдойла яцара- хIунда аьлча, Мурад оьшуш вара нохчийн ницкъхошна закъалтхо санна.

2013-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь лецира Амриев. Къиза ницкъ бинера цунна тIехь токаца а, етташ а. Амриевга цхьа претензи яра - полицин лаккхарчу даржехь волчу белхахочунна Дадашаев Мохьмадна тIелатарна бехкевечу Амриев Зурабан гергара хилар. Зураб Мохьмадан нанас дена вина ваша ву, даймахкахь вен кхерам хиларна дIаваханера иза кхечу махка. Бакъонашларъярхоша масийттазза дIахьедора, Амриев Мурадана тIаьхьабовлар - Зурабана тIеIаткъам бан, иза цIа валон, цуьнга гечдар дехийтархьама лелош хиларх.

 

"Зураб вада декхаре вира. Ша Мурад 2013-чу шарахь закъалте лецира, цуьнан ваша цIа а веана, шегара даьллачунна дохковаьлла алийта", - дуьйцу АмриевгIеран гIуллакх лелош хиллачу КПП-н юристо Гусев Константина. - Мурадана тIехь ницкъбира, тIаккха дена-нанна хьалха а валийна, полисхочо дIахьедира, шун доьзална тIаьхьара девр дац тхо, Мурад цIа а веана, иза набахте воллалц аьлла. Иштта 2017-чу шарахь лаьцнера иза, цуьнан вешина тIекхача, иза цIа ваийта".

Амма ситуацино йоккха резонанс гIаттийра, Дадашев даржехь лахвира. "Цул тIаьхьа доьзална тIаьхьара бевлира, - кхин дIа дуьйцу Гусевс. -Цундела иштачу гIуллакхехь резонанс чIогIа оьшуш ю. Вай кхеташ ма-хиллара, Кадыров реза вацара, цундела Дадашаев даржера вохийра, Iедал карара делира цуьнан. ХIунда аьлча, шен проблемаш Кадыровна а ца хууш, ерзош хиллера иза. ТIаккха АмриевгIаьраара а йожа хIума яцара - совнах хIуманаш доцуш бехаш бара и доьзал, бизнес а, ресурсаш а дIаяьхнера цаьргара".

Гусевс дагалецарца, бизнесах а, чу-ара ца баккхалучу бахамах а баьккхинера доьзал. "2017-чу шарахь Мурадан Украине вада дийзира. Цигахь чемпион хилира цуьнах. Цул тIаьхьа виза чекхъяьлла, иза дIаяхъяйта Москва ваханера иза. Брянскан кIоштарчу Суземка станцехь цIерпошта тIера охьаваьккхира иза, документашца харцо лелийна аьлла, федералан лехамашка велла хиларна. Цуьнан паспорта тIехь цхьаъ галдьалла дара иза винчу дийнан терахьехь".

Ша шена бехкаш дахка декхаре вира Амриев Мурад. Изолятор чу воьллира иза, цигара прокуратуре вигира, тIаккха вада ка елира цуьнан.

"Беларусица дозанехь лецира иза, цигахула Украине кхача лууш хиллера Мурад. Юридикан къестамаш бечу хенахь иза Нохчийчу дIавигира. Тхо тешна дара, иза чувуллур ву, йа вуьйр ву аьлла- амма резонанс хиларна ца баьхьира иза хьаван", - тIетуху Гусевс.

Амриевца, Мусаева Заремица а санна "болх бира" нохчийн каналашкарчу журналисташа: сюжет яьккхира, латархочо шена кхерамаш ца тийсира бохуш. "Ша шен лаамехь веана, дерриг а дика ду аьлла, яьккхина сюжет "Грозный" телеканалан эфирехь гайтира. Цул тIаьхьа Мурадана дош делира, харц кехаташ лелийна аьлла, диллина гIуллакх дIакъовлур ду аьлла", - дийцира юристо.

"Цул тIаьхьа иза а, иштта кхерамаш тийсина важа ваша а Пятигорске дIавигира, цигахь лечкъина Iийра. ГIоьманашца куьйгаш къийлинера Мурадан, спортехь цунна дика дацара и. Цхьана хеначохь вешица петар чохь хан яьккхира цо, ара а ца волуш, цул тIаьхьа уьйтIа а волуш, дегI метта далош, спортех ловза волавелира. Лулахошна гинера и шиъ, цара меттигерчу декъан полисхо схьакхайкхинера. Цунна хиира, Мурад лехамашкахь вуйла. Оцу сохьта Мурада соьга телефон туьхйира, цига маса веанчу аса и шиъ дIавахийтира", - дагалоьцу хьал Гусевс.

 

Бакъоларъярхочунна хетарехь, Амриевна гонах йолу хIара йоллу истори меттахъяьккхинера цхьана Iалашонца - нохчийн полисхошна оьшуш дара "бехкениг" "зулам динчу меттиге" юхавига.

 

"Цхьа менталан фактор ю хIара — къера хила везаш. Иштта милла а Европера цIа вуьгур ву цара. Коьртаниг - и стаг Нохчийчу веана - къера хилар. Дукха хьолахь нохчийн хIара тайпа пайда боцу хIума цхьа доккхачу политикан гIуллакхе доьрзу", - аьлла, хета Гусевна.

Амриевгахьа доллу дуьненчуьра кехаташ кхочура кеп-кепарчу спортан ассоциацешкара. Гусевс дагалоьцу, цецваллал дукха кехаташ дара бохуш, спортхоша цхьана а кхетта, гIо лецира Мурадан.

"Иза чIогIа оьшуш ду, оцу хIуманаша гIо до - хIунда аьлча, резонанс йо, ткъа нохчийн Iедалхошна резонанс ца еза, царна ца лаьа шайх лаьцна вочу агIор цхьаммо дуьйцийла. Маьрша, кхерамзаллин, кхиаме регион ю бохуш, юьйцу Нохчийчоь Рамзана. Цундела негативе публикацеш новкъайогIу цунна", - тешна ву Гусев.

 

Жигара вахархо

Нохчийчуьрчу Шаройн кIоштарчу Кенхи эвлахь вехаш вара Джалалдинов Рамазан. 2016-чу шарахь видео дIаязйира цо, шайн йоьхначу хIусамашна дуьхьал компенсаци ца ло нахана аьлла. "Лам Мохьмадна тIебоьдуш бацахь, Мохьмад воьду лома", элира Джалалдиновс шен кхайкхамехь. Дукха ца Iаш, нохчийн ницкхъой баьхкира Джалалдинов волчу.

"2016-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 12-чохь полицин белхахоша кхерамаш тийсинчул тIаьхьа, Кенхира ДжалалдиновгIеран цIа дагийра бевзаш боцчу, туьтмIаьжгашца болчу наха, ткъа цуьнан хIусамнана а, бераш а нуьйцкъаша Дагестане дIабигира полицин белхахоша. Буьйсанна юккъехь трасси тIехь охьабаьхна хиллера уьш машенара, регионан дозанел тIехбевлча", - дуьйцу "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристо Кузнецов Альберта.

Цхьана хенахь Джалалдинов Дагестанехь лечкъина Iийра. ТIаьхьо Нохчийчу юхавеара иза, тIаккха тIаьхьабевлира цунна.

"Цо тхоьга дийцира, 2016-чу шеран Лахьан-баттахь полисхоша МВД-н хьалхарчу гIовсаца Алаудинов Аптица Соьлжа-ГIалахь цхьанакхета вигира ша аьлла. Алаудинов дера вара, бохура цо, шена кхерамаш тийсира, журналисташца а, бакъонашларъярхошца а къамелаш дар сацаде элира, - дагалоьцу Кузнецовс. - Цул тIаьхьа шен хIусамненаца юха оцу юьрта дIавигинера иза".

Джалалдиновс дийцира, дIакхача масех километар йисинчу хенахь, ша машенчуьра охьа а восийна, берда йисте а вигина, мобилан телефон карара схьа а яьккхина, хи чу кхоьсира. Цул тIаьхьа кхерамаш тийса болийнера цунна, нагахь санна, цо журналисташца а, бакъоларъярхошца а къамелаш дахь, телефонна тIаьххье шаьш дIавохьуьйтур ву, бохуш.

Джалалдинов цIа валийча, полисхоша паспорт схьадехнера цуьнгара, тIаьхьа ша бинчу видеокхайкхамех материалаш шайга дIаялар тIе а дожош. Шена тийсинчу кхерамех кхеравелла Джалалдинов республикера дIавахара, Оьрсийчоьнан кхечу регионехь шена кхерамзе меттиг лохуш гIо а доьхуш. КПП организацино гIо дира Джалалдиновна.

Джаладидновн гергарчарна тIаьхьабевлирий хууш дац: Кузнецовс бахарехь, Комитетан билггал цунах лаьцна хаамаш бац. "Суна дага а догIуш, кхерамаш тийсинчул тIаьхьа цуьнан доьзал Нохчийчуьра шаьш дIабахара, царех кхин цхьанна а тIаьхьабевлла ца лийлира".

 

Шайга орца дехначийн гергарчарна тIаьхьабуьйлуш бакъоларъархошна кест-кеста го, билгалдоккху Кузнецовс. "И практика хийцаелла а яц. Тхоьга гIо доьхучара массара а бохург санна, гуттар а билгалбоккхура и кхерам, дукха хьолахь, оцу тIехула бала хьегийтарна кхин дIа тхоьца болхбан реза а ца хуьлура", - чIагIдо Кузнецовс.

 

Джалалдиновн истори а, ЯнгулбаевгIеран доьзалца хIинца долу хьал а дуьстича, Кузнецовс боху, ницкъхойн белхан кепаш кхин тIе а шаръелла -стенна оьшу шайна арз динчун гергарниг лаца дуьйцуш, царна Iемина "бакъонехь" кхетош къамелаш дан. Церан низамехь хиларна латкъам бойла ду, делахь а, цкъа церан карахь хилла нах, кхоьру юридикехь хIуммаъ лелон.

"Реза боцчарна юкъахь керла радикалаш гучубовларна кхерам го суна цуьнца, бакъонехь шаьш Iалашдан таронаш цахиларна, и тайпаниг нислуш хIума ду. Тхан организацина лаьара, террорхошна гIо латторна, йа пачхьалкхан дIахIоттам бохорна бохуш, тхайна дохку шога бехкаш гучул а адекватехь диалог хуьлийла", - аьлла хета Кузнецовна.

Коьрта бакъоларъярхо

 

2018-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIаларчу Бакъоларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн могIаре яьккхина, Центр цунна реза яц) Центран офисан куьйгалхо Титиев Оюб шен юьртара балха ваха новкъаваьллера. Офисе дIа а ца кхечира - суьйранна карийра иза Куьрчалан кIоштан чохьарчу гIуллакхийн декъехь. Иза лецира, цуьнан машенчохь "карийнера" — 200 грамм гергга марихуана чохь йолуш, боккха тIоьрмиг.

Соьлжа-ГIалара "Мемориал" дукхахболчарна тIаьххьара гIоьналлин форпост яра - кхин Нохчийчуьра кхо офис цхьацца бахьанашца дIакъевлина яра. Титиев Оюб лоцучу юкъанна "Мемориалан" белхахой офисехь а боцуш, лаьцначу петар чохь болх беш бара. Чохь Iен бакъо лучу контрактан хан кхачийнера, ткъа хIусаман долахочунна ца лиира кхин дIа уьш чохь бита.

Нохчийчохь "Мемориало" гулбора хаамаш лечкъийна буьгучех а, кхел йоцуш бойъучех а, дуккха а шерашкахь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх мониторинг йора. Титиев Оюб лацар бакъонашларъярхоша цхьабоса тидира - тIеIаткъамбар а, кхерамаш тийсар а, болх сацабе бахар а дара иза аьлла.

Титиевца хилларг дац Амриевца йа ЯнгулбаевгIаьрца хилларг санна- бакъоларъярхо леха оьшуш вацара, Нохчийчу юхавига везаш а вацра, иза цигахь Iаш а, болх беш а, цхьаннах лечкъаш а вацара.

 

"Соьгахь кхин хьал дара. Гергарчарна тIеIаткъам ца бира. Соьгара яккха хIума а яцара, къоьлла йоцург. Амма иштта нисделира массара а гIовгIа яккхарна а, резонанс ярна а. Хила тарлора, президентан харжамаш хуьлучу юкъанна иза нисдалар а. Массанхьа а бохург санна, со латтийначу меттигашкахь, соьца дика бара", - боху Титиев Оюба.

2019-чу шеран Зазадокху-баттахь набахтехь даккха диъ шо хан туьйхира Титиев Оюбана, боккхачу барамехь наркотикаш лелорна. Бехк тIе ца битира бакъоларъярхочо, Титиевн бехк цахиларх гуш долу тоьшаллаш а тергамза дитира кхело сацам беш. Хенал а хьалха аравалитйира Титиев. "Мемориалан" Соьлжа-ГIалара офис кхин схьа ца йиллира.

Хьалхара политикан тутмакх

 

"Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочунна, нохчочунна Кутаев Русланна 4 шо хан кхайкхийра бакъо йоцуш наркотикаш латторна а, эцарна а; бакъду, Титиев Оюбан гIуллакхах къастош, материалашкахь юьцург героин яра. 2014-чу шарахь Кутаев лецира - Соьлжа-ГIалахь вайнахана депортаци ярх лаьцна конференци цо дIаяьхьначул тIаьхьа. Кадыров Рамзана и тема йийцареяр дихкинера - Кутаевс масийттазза дIахьедора цунах а, ша къийсам латточух а. Кадыровх Кутаевн йолу позици майра а, шога а, критике а яра.

"2014-чу шарахь Чиллан-беттан 18-чохь оха конференци дIаяьхьира, оцу суьйранна соьга Даудовс телефон туьйхира, Кадыровна со тIекхойкхуш. Ас со церан куьйгакIел вац элира. ТIехула тIе, паччахь олура цара цигахь, ткъа ас боху, сан цхьа а паччахь вац. Царна дуьхьал ведда ваха со реза ца хилира, хIунда аьлча, цара дIа ма кхойккху, со вада реза вац. Даудовца хиллачу къамелахь а кхетийра, масех ле даьлча ас телефон тухур ю, барт бийр бу, стенга тIевогIу аьлла. Амма ас и церан "лаамца" а доцуш, сайн лааме хьаьжжина дан дезара. Цул тIаьхьа цара со лачкъийра. Лачкъийра, хIунда аьлча, со цхьанхьа а дIа а ца ваханера, ведда а вацара",  - дагалоьцу Кутаевс "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь.

 

Кутаев Руслана боху, шен гергарчийн кхолламех лаьцна хеттарш шега кест-кеста кхочу, хIунда аьлча, цо даим а Iедалхошна критика йина, хIинца а еш ю.

"Со цхьаннах а лечкъаш вац, сайн цIарах къамел до, сайн юьхь а гойтуш. Цхьаннан соьга хеттарш делахь, со кийча ву цуьнца цхьанакхета а, жоьпаш дала а. Нийса хир ду и, низамехь дуй и бохург — кхин хаттар ду. Амма сайн гергарчарна сайх балабан дагахь вац со. Сан лаамаш хууш бу: со Нохчийчохь а, Кавказехь а, Туркойчохь а, Европехь а хуьлуш ву. Меттигерчу декъан полисхочо суо тIекхайкхахь, со кийчча ву тIеван а, муьлххачу а цуьнан хеттаршна жоьпаш дала а. Цундела церан бахьанаш дац сан гергарчех ка етта. И сан сайн позици ю", - кхетадо Руслана.

"Критикна тIекхача йиш цахиларна, бале лоцу цара гергарнаш. Титиев Оюб лецира цара, массо а хенахь церан карахь вара иза. Цундела хье ца бира цуьнан гергарнаш. Критик тIекхочучохь волуш, къайлаваланза, ша тевогIийла долуш... иштта хIума дара иза. ХIаъ, иза воьйла ду, чуволлийла ду. ХIуъа а хила йиш ю - амма гергарчарна тIаьхьабевлла ца лела, тIелатарш ца до царна. Цундела а тIаьхьа ца бовлу масала, сан нахана.  Ас боху- хIара ву со, мичча хенахь а шуьца цхьанакхета реза а ву. Цундела хIуммаъ а дойла яц церан сан гергарчаьрца".

Кутаевс дIахьедира, шена тIехь ницкъбарх, амма кхело адвокатийн аргументаш ца листира. Дан аьтто хилларг хIун дара — цунна туху хан мел а жимъяр. Деа шеран метта Кутаев Руслана Чернокозоверчу колонехь даьккхира 3 шой 10 буттий.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus



Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

звезды шоу-бизнеса посетили весеннюю неделю моды estet fashion week

«1418»: выставка секции «Арт-фото» ТСХР в зале «Лаврушинский`15»

Более 100 студентов посетило СЛД Курск в рамках акции «Неделя без турникетов»


Почему люди боятся обращаться к психиатру?

«1418»: выставка секции «Арт-фото» ТСХР в зале «Лаврушинский`15»

За какими шедеврами едут в деревню Ковалёво Нижегородской области

Токсиколог Кутушов рассказал почему возникает похмелье


Ramon Cardenas aims to cement his contender status agains Jesus Ramirez Rubio tonight

NYU Hospital on Long Island performs miraculous surgery

As residents complain of strong odors, Carroll officials pass moratorium on DAF storage

Chat log from R7 of 2024: Gold Coast vs West Coast


До 17 лет тюрьмы – автоподставщики и страховые мошенники всё реже уходят от ответственности в Хабаровском крае

заканчиваеться неделя распродаж the week of sales ends

Военные следователи провели очередной рейд по бывшим мигрантам в городе Армянске Республики Крым

В Екатеринбурге будут судить уроженца Армении, устроившего дорожный конфликт со стрельбой


Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

Here's what god rolls you should be farming for Destiny 2: Into the Light's Brave Arsenal weapon set

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

Garry's Mod is removing 20 years' worth of Nintendo-related items from its Steam Workshop following takedown request: 'It's Nintendo. Need more be said?'


Рушникосушки від Hygge Family: європейські стандарти якості на українському ринку

Охорона і Безпека це ОіБ: замовляй охорону в Києві та Харькові

Магазин дверей і підлогового покриття Albero: якісна продукція для кожного клієнта


Что можно отметить в этот день

«Семь-Я» экономического будущего России – в МИЦ «Известия» обсудили перспективы отечественного бизнеса

«1418»: выставка секции «Арт-фото» ТСХР в зале «Лаврушинский`15»

“Вилла Ливадия” - последние 6 апартаментов в уникальном комплексе у моря




Младенец в Башкирии выжил после падения из окна десятиэтажки

Оксана Федорова представит премьеру фильма «Петербург Шаляпина и Рахманинова» на выставке-форуме «Россия»

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

В нижегородском сквере Интернационалистов высадили 10 крупных каштанов


Синоптик сообщил о "дождливом максимуме" в Москве 27 апреля

На Московском путепроводе в Туле произошло лобовое ДТП: трое госпитализированы

Зерновая сделка России и Китая: США и Австралию оттесняют с рынка

В Москве в парке нашли труп мужчины


Россиянка Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису

Елена Рыбакина рассказала о проблемах на турнире в Мадриде

Потапова проиграла Фернандес во втором круге турнира WTA в Мадриде

Кто отец Дианы Джокович?


США стремглав бегут аз Африки. Их всюду вытесняет Россия. Как Байден мог так сильно ошибиться?

Москва. Народная приемная КПРФ в ВАО. Сухо в доме будет, но в 2035 году

РФ в 2023 году заняла почти треть мирового рынка урана

Отставка правительства России после 7 мая: Инсайдеры и эксперты поделились своим прогнозом перестановок


Музыкальные новости

Концерт «Стихи войны и мира. Баллада о своих»

«Это не бомжовые заведения»: 72-летний Александр Розенбаум зарабатывает миллионы на пивном бизнесе

Компания ICDMC стала победителем престижной премии в сфере ЗОЖ – Green Awards 2023/24

Блогера Ивлееву оштрафовали на 50 тыс рублей за дискредитацию российской армии



«1418»: выставка секции «Арт-фото» ТСХР в зале «Лаврушинский`15»

“Вилла Ливадия” - последние 6 апартаментов в уникальном комплексе у моря

Что можно отметить в этот день

звезды шоу-бизнеса посетили весеннюю неделю моды estet fashion week


В ходе беседы у костра Никол Пашинян подчеркнул необходимость пропаганды здорового образа жизни

РОСГВАРДИЯ ОБЕСПЕЧИЛА ПРАВОПОРЯДОК ВО ВРЕМЯ ФУТБОЛЬНОГО МАТЧА «ЦСКА» - «СПАРТАК» В МОСКВЕ

РОСГВАРДИЯ ОБЕСПЕЧИЛА ПРАВОПОРЯДОК ВО ВРЕМЯ ВО ВРЕМЯ ФУТБОЛЬНОГО МАТЧА «ЦСКА» - «СПАРТАК» В МОСКВЕ

В Московской области сотрудники Росгвардии задержали подозреваемого в краже дорогостоящего электрооборудования


На Московском путепроводе в Туле произошло лобовое ДТП: трое госпитализированы

Многокилометровая пробка на М-11: массовое ДТП под Петербургом спровоцировало мощный затор

Блогер Асхаб Тамаев попал в ДТП около Москва-Сити

Mash: Блогер-миллионник влетел в столб и разбил новую BMW в центре Москвы


Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения

Поведение Путина вызвало резонанс, потерянные в 90–е заводы возвращаются РФ

Париж решил показать, что такое ядерное сдерживание России по-французски

Politico: Россия проиграет войну с НАТО, предупреждает Польша (Topmember)




Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов

Продюсера Reuters арестовали за публикацию материалов на YouTube-канале «НавальныйLIVE»

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*


Школьница из Бутово придумала приложение для детей и взрослых «Твой ортодонт»

В День Медика пройдет премия в области здоровья The Medical Stars & Beauty Awards

Гинеколог объяснила, как будут оценивать репродуктивное здоровье россиян

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»



Команда Орловской области стала победителем хоккейного турнира среди команд Черноземья

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»

Юные керамисты школы №2120 выиграли три Гран-при конкурса «Мир дому твоему!»

Результаты забега на 5 км на Московском полумарафоне. Аплачкина и Голоктионов установили рекорды соревнований


Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск



Собянин поздравил работников скорой помощи с профессиональным праздником

Собянин: В столице открыт сезон фонтанов

Собянин: С 28 апреля до 12 мая городские службы будут работать в усиленном режиме

Собянин: Москва взяла Гран-при премии «Умный город» за цифровизацию горхозяйства


Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе

Концентрация песка в городском воздухе возвращается к обычным значениям

В Москве прошел ливень «летней интенсивности»

В Москве в парке нашли труп мужчины


США стремглав бегут аз Африки. Их всюду вытесняет Россия. Как Байден мог так сильно ошибиться?

Отставка правительства России после 7 мая: Инсайдеры и эксперты поделились своим прогнозом перестановок

Общеобластной субботник прошел во всех микрорайонах Химок

В Москве в парке нашли труп мужчины


Лиды для фрилансеров Golubinbot

Над Соловьёво поднят российский флаг, штурмовые группы ВС России замечены на окраинах Архангельского

Калининградская команда по киокусинкай стала вице-чемпионом первенства СЗФО

Калининградские каратисты показали способности на чемпионате СЗФО


В Крыму прошли «Большие гастроли» к 10-летию воссоединения полуострова с Россией

Литературно-поэтический час «Ушла на фронт ещё девчонкой...»

Выставка-панорама героической истории "Вехи памяти и славы" ко Дню Победы в Великой Отечественной войне

Два матча чемпионата Крыма по футболу перенесли из-за массового отравления


Сотрудники линейного отдела полиции на станции Унеча провели Всероссийскую акцию «Георгиевская ленточка»

Кадыров готовится к бегству из Чечни - СМИ

Младенец в Башкирии выжил после падения из окна десятиэтажки

Стартовал прием заявок на IV Всероссийский форум классных руководителей












Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Азаренко проиграла в 1/16 финала турнира WTA-1000 в Мадриде






Младенец в Башкирии выжил после падения из окна десятиэтажки

Сотрудники линейного отдела полиции на станции Унеча провели Всероссийскую акцию «Георгиевская ленточка»

Участок, соединяющий Южную рокаду и МСД, готов практически на 70%

«Слитая» запись из дворца Си и другие итоги визита Толяна Блинкина в Китай: провожал лишь посол США