Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

"ЯнгулбаевгIарех хилларг бахьана долуш эшна Путин". ХIунда Iа тийна Кремль?

0

Дечкен-беттан 21-чу дийнера схьа дуьйна бIеннашкахь арахьарчу а, Оьрсийчоьнан а хаамийн гIирсаша дийцира суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдих а, нуьцкъаша Нижний Новгородера нохчийн ницкъхоша Соьлжа-ГIала дIайигина, закъалтехь нисъеллачу цуьнан хIусамненах Мусаева Заремех а. Кадыров Рамзанна хетарехь, цу шиннан кIентий боьзна бу оппозицин 1АДАТ боламца.

Билггал хиллачух дуьйцуш публикацеш бакъоларъяран зорбанаша арахецна ца Iаш а, яздира иштта Iедална муьтIахь болчу гIирсаша а, масала РИА Новости агенталло а, Russia Today телеканало а. Делахь а, тергамза йитира истори "Российская газетано".

Зорбанашкахь яздина ца Iийра ЯнгулбаевгIеран доьзалх. Оцу хьолана масийттазза комментарий йира Кремлан пресс-секретаро Песков Дмитрийс а. Дуьххьара "фантастике" хIума ду элира цо, цул тIаьхьа, ЯнгулбаевгIеран меттиг "набахтехь йа лаьтта бухахь бу" аьлла, дIахьединчу Кадыровн дешнаш "цунна шена хетарг ду" иза элира.

Цул тIаьхьа и истори йийцарейира Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейн сессихь, тIаьхьо Мусаева дIахецар тIедожийра Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто а.

Шуьйра терго тIеозийра кар-кара оьцуш цунна йинчу реакцино – Кадыровн гоно маьттаза, сийсазе къамелаш дора, царна дуьхьал публикацеш а, дIахьедарш а хезадора бакъонашларъярхоша, ткъа царна кхин а тIе кхохкалора кадыровцаш.

ЯнгулбаевгIеран коьртеш дохур ду, бохуш, хецна кхерамаш тийсарна тIера антиковидан дозанаш дохош, 30-эзар нах вовшахтоьхна Соьлжа-ГIалин юккъехь хIоттийнпчу митингана тIе делира гIуллакх

Нохчийн Iедалхоша тIаьххьарчу шерашкахь кхин стаг лачкъорах оццул йоккха резонанс хилла яцара – адекватехь Кремлан реакци ца хилла ца Iаш, Коьрта прокуратурин а, Талламан комитетан а, ур-атталла Роспотребнадзоран а цхьана йоцуш.

"Российская партия свободы и справедливости" партин лидеро, Къилбаседа Кавказехь вевзаш волчу журналисто Шевченко Максима Питерерчу "Фонтанка" ресурсана еллачу интервьюхь бовзийтира шен хьажам оцу стандарте йоцчу конфликтан хьокъехь. Цунна хетарехь, Мусаева а лачкъийна, ЯнгулбаевгIарна гонах эккхийтинчу гIовгIанца Кремль гIерта чоьхьарчу проблемашна тIера терго дIаяккха.

 

"Пачхьалкхерчу гIуллакхийн хьолах лаьцна вайга ца дицийтархьама Iедало пайдаоьцуш бу нохчийн ситуацех. Санкт-Петербургера гIала цIанъярх йолу ситуаци йийцаре ца яйта, йа эпидеми яржарх лаьцна. Хабаровскера, Комира, оццу Москвара а проблемех ца дийцийта. Тахана Лефортовон кхеле кхаьчна, чакхенехь кхин а ши хан кхачош ду Навальныйн рогIера гIуллакх… Ткъа вай йийцарейо Кадыровна гонах йолу гIовгIа. Йийцарейо жима Нохчийчоь а, цуьнан бIаьрла лидер а", - аьлла Шевченкос.

Оцу юкъанна журналисто, нохчийн мотт шена цахаар дIа а хоуьйтуш, боху, Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимхановс "коьртеш дахар" алар харцахьа гочдина ду, цигахь юьйцург идиома ю, цуьнан аналог оьрсийн маттахь хила тарло маьттаза "ас хьуна…" (хьуна чIогIа тухур ю.- Редакцин билгалдаккхар.). Депутата аьлла "кортош хедор (дIа хедор) ду" боккъал а тIеэца тарло фразеологизм санна, аамма аьллачу контекстехь билггал кхерам санна хеза, хIунда аьлча, цо чIагIо а еш аларна.

ЯнгулбаевгIаьрца хилла ситуаци тахана йийцарейо цхьа готтачу тобанара наха – бакъоларъярхой, жигархой, журнаисташ бакъоларъярх дуьйцу медиаш а. Дукхахболчу Оьрсийчоьнан бахархошна цунах лаьцна хууш дац, йа церан бала бац. Цунах лаьцна хаам гина хила тарло царна, амма хиллачуунна тIаьхьакхиа ца лаьа, аьлла хета журналистийн а, зорбанийн белхахойн Профсоюзан куьйгалхойх йолчу Русова Софьяна.

"Ишта цкъачунна Кремло дина дIахьедар а дац, иштта дан мегар дац аьлла. Кадыровна а, цуьнан гонна а дуьхьал, вайна гуш, яьхна санкцеш яц, ЯнгулбаевгIарна а, журналисташна а биллина кхерамаш тийсийнашшехь цо. Амма хьал кхин тIе а дебар ду, цхьана беттан истори яц хIара, - кхин дIа дуьйцу Кавказ.Реалиица къамел динчо. – Информацин кампанин планехь аьлча, дагахь доцу жамIаш нисдала тарло. Вайна масалш хаьа, Кадыровн кхерамаш стаг вуьйш, йа вен гIуртуш боьрзуш.

Оцу юкъанна, эксперто билгалдаккхарехь, ЯнгулбаевгIарах лаьцначу медиа хааман дакъоша таро елла Нохчийчохь хуьлучух лаьцна дийца – Янгулбаев ИбрахIиман 2017-чу шарахь ша лацарх а, шена тIехь ницкъбарх а дийцаро, юха а айина кхел йоцуш нах байъарх, байъа гIортарх, лечкъорах, республикерчу "къайлахчу набахтех" а тема. Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх лаьтта проблема кхин а тIе гучуяьккхина цо.

"Информацин кампанига юхавирзича, цхьахйолчу агIоно – Нохчийчоьнан Iедалша- нахаладаьхна ЯнгулбаевгIеран доьзало вовшашца динчу къамелийн аудиош, мессенджерашкарчу йозанийн скриншоташ, хетарехь, къайлахчу сервисашкара кхьчна йолу. Царна муьтIахь йолчу телеграм-каналаша, "Грозный" телевизионо и доьзал буьйцуш пайдаоьцу цабезаман риторикех, мостагIаллин мотт, цаьргахьара цхьа террор санна го иза. Цкъачунна информацин", - боху Русова Софьяс.

Цунна хетарехь, хIара ситуаци чIогIа ца тайна Кадыровна. Мохк берриг а аьлча санна дIацIанбинера цо оппозицех а, критикех а, ткъа хIинца Янгулбаев Абубакаре барт хаьттичхьана, 1АДАТ каналан материалаш экстремистийн леричхьана, блогерийн гергарнаш лецчхьана сацанза, хьал кхин тIе а карзах доккхуш, массарна а гуш информацин кхайкхам кхаьчна цуьнга. Оцу майраллех ЯнгулабевгIеран доьзалан гонерчу дуккхаъчу нехан мах бала безар бу, хетарехь.

 

"Суна хетарехь, Кадыровна бен-башха дац ПАСЕ-на а, Американа а оцу хьокъехь хетарг. Цуьнан партнераш – Iарбойн дуьненан пачхьалкхаш ю. Цуьнан дIахьедарийн кIоршаме озе ладоьгIча, Малхбузенца ишта диалог цхьа ловзар санна хета цунна, ша турпалхо лору цо. "Оха пусар ца до малхбузена хетачун а, церан мехаллин а, тхайна луъург бен ца до" цо бохучу контекстехь гуш хуьлу ишта", - дерзийра шен къамел журналистийн Профсоюзан куьйгалхочо..

Эмоцеш хьул ца елира Кадыровга

ЯнгулбаевгIеран историца Оьрсийчоьнан преблемашна тIера терго дIаяккха хьийза Кремль бохучунна реза вац бакъоларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалша иноагентийн могIаре яьккхина, амма центр цунна реза яц) центран Кхеташонан декъашхочунна, "Горячие точки" программин куьйгалхочунна Орлов Олегна. Цунна тоьшалла до Кадыров Путина тIекхайкхинчул тIаьхьа шога, оьгIазе, зуламе дIахьедарш деш цахиларо а.

"Ша магийтарца лелош хилар совнах, Кремл оцу гIуллакхца йоьзна яц. Ша и хьал чIагIделира, лайн гIорза санна – иза доладелира ГIуран-баттахь, Нохчийчохь оппозицин блогерийн а, жигархойн а гергарнаш, иштта, ЯнгулбаевгIеран-МусаевгIеран а нах лецарца", - аьлла хета Кавказ.Реалиица къамел дечунна.

Орловна хетарехь, Нохчийчоьнан Iедалхошна информацин дуьхьало йина нах лечкъорна жоп луш оццу 1АДАТ каналера а, бакъоларъяран организацешкара а, хаамийн гIирсашкара а, ткъа цо реакци йина.

"Кадыров дуьхьалонах Iотталахь, цуьнан цхьа мохане реакци хуьлу, кхин а керла-керла цхьаъ дар цунна дага а тосуш", - аьлла хета бакъоларъярхочо.

Соьлжа-ГIалина ши эзар километар гена йолчу Нижний Новгородехь нах леца нохчийн ницкъхошна мегаш хилар, Оьрсийчоьнан бахархошна керла дара. И сутаци "фантастике" цхьана Песковна хетта а ца Iара. Цхьа могIа зорбане яьхначу публикацешна тIехь оьгIазе жоп делира Кадыровс, "Новая газетан" журналист Милашина Елена а, адамийн бакъонаш Iалашъяран президентан Кхеташонан декъашхо Каляпин Игорь а, ЯнгулбаевгIеран доьзал а "ямартхой" а, "экстремисташ" бу аьлла, дIа а хьедеш.

"Дуьххьара шен мохане реакци эшон ца хаьа цунна, шен баганан дола дан ца хаьа. Цхьа лерина, хьекъале политик иза волуш санна вуьйцу иза цхьаболчу комментаторша. Билггал дерг ца девзачух тера ду царна. Кадыров хIиллане, амма хьекъале политик вац, ур-атталла шен оьгIазаллица а ца лараво иза", - кхин дIа дийцира Орловс.

Бакъоларъярхо тешна ву: Кадыровн а, Делимхановн а, кхинболчийн а месседжи, эзарнашкахь нах гулбина Соьлжа-ГIалахь хIоттийна митинг а Кремлана аьлла, йа Оьрсийчоьнан бахархошна аьлла, вовшахтоьхна яцара, иза Нохчийчоьнан бахархошна, Оьрсийчуьрчу а, цул арахьарчу а диаспорана аьлла яра.

"Шена критика еш берш нохчий хиларна дарво Кадыров. Цхьаъ дара, Москварчу федералан политикаша а, бакъонашларъярхоша а цунна критика еш хилча, кхин ду - Нохчийчуьрчу наха, нохчийн маттахь, нохчашка дуьйцуш хилар. Изза IАДАТ канало а, Абдурахманов Тумсос а, кхинболчу блогерша а Нохчийчуьра шайга информац схьакхачаята информаторийн маша дIанисбина. Цо оьгIаз оьхуьйту Кадыров", - билгалдаьккхина "Мемориалан" векало.

ЦIена Кремлан продукт

Нохчийн Iедалхоша стаг лачкъйина, дуьххьара "иккхина" истори яц хIара. Дукха хан йоццуш резонанс гIаттийра 1АДАТ телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман (2020-чу шеран Гезгамашин-баттахь дуьйна цуьнан кхолламах хууш хIума дац)къайлаваккхаро. Амма ЯнгулбаевгIеран доьзалца Iоттаделлачуьнца кхерамаш цхьа фантастике кеп йолуш бара бакъонан пачхьалкхана, юккъерчу бӀешерашкахь санна, боху Оьрсийчуьрчу Amnesty International организацин талламхочо Прилуцкая Наталья.

"Уггар а тамашен дара, лакхарчу даржхоша, полисхоша дуьххьал дIа тийсина кхерамаш ца бийцича а, цхьана а кепара Москвано адеквате реакци ца яр. Информацин дуьхьалонехь Кадыров оьшу вай бахарх, цуьнца оьшуш бу федералан Iедалхой а, ша Путин а, - боху эксперто. – ХIунда аьлча, массеран а леларо – могIарерчу нохчийн полисхойн а, Нохчийчоьнан куьйгаллин а, - гойту: Оьрсийчоь – бакъонан пачхьалкх яц".

ХIокху хьолехь, кхин дIа дуьйцу Прилуцкаяс, юкъараллин хаттар хIутту: цуьнан губернаторо оцу тайпа хIуманаш лелош хилча, хьолана тIехь контроль латтайой-те Путина? ХIара дикка сингаттаме тенденци ю массо а Оьрсийчоьнан бахархошна а, Оьрсийчоьнан Iедалхошна а, Малхбузен пачхьалкхашна а, хIунда аьлча, Кадыровн критикашна Оьрсийчохь дина ца Iаш тIелатарш, Евросоюзан мехкашкахь а цхьана до.

Къамел динчо билгалдаккхарехь, уггар а маьIне бара Оьрсийчоьнан президентехула йолчу адамийн бакъонаш Iалашъяран Кхеташонан куьйгалхочо Фадеев Валерийс бина тергам. Цхьа могIа хеттарш дахьийтира цо надзоран а, бакъоларъяран а органашка, иштта дехар дира Мусаева Заремин гIуллакх Талламан комитетан коьртачу аппарате дехьадаккха аьлла.

 

"Iедалхошна гергахь ледарло яьллачух жоьпалла цуьнан гергарчарна тIедожош хиллачу 1930-чу шаре юхадигина хIокху историно. Амма хIара тахана хилла хIума дац, хIара тенденци йолаелла тIаьххьарчу иттех шерашкахь. Карладоккху, масех шо хьалха Нохчийчохь хIусамаш ягайора, оппозиционер а воцуш, шегарчу хьолан латкъамбан ваьхьначунна тIаьхьабевлла лелара", - боху Amnesty International организацин талламхочо.

Прилуцкая тешна ю, Москвано лартIахь реакци цаяро рогIера юха а гойту, Кадыров Рамзан Кремлан продукт хилар. Тахана Нохчийчохь хуьлуш мел дерг, федералан центро магийтарца ду.

"Мохь бетташ хезон кхерамаш, терроризмана бехкаш дохкуш, ЯнгулбаевгIеран суьрташ дагош, когашца хьоьшуш – церан доьазле аьлла ца Iаш, Нохчийчуьрчу массо а бахархошна хьажийна лелош ду и дерриг а. 1АДАТ телеграм-канал санна хилла ца Iаш, Нохчийчуьрчу бахархошкара хаамаш кхочу, халкъан болам санна гойту цара шаьш. 1АДАТ-на гIо латточаьрца ша дендерг гойту Кадыровс. Нахана кхерам тосуш лелош хIума ду иза", - дерзийра Кавказ.Реалиица къамел динчо.

***

Нижний Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхинчу Нохчийчуьрчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахоша бертаза Соьлжа-ГIала дIайигира, тIе хIума юха а ца юьтуш, бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема, теше санна хеттарш дан аьлла. Дуьххьара 15 дей-буьйсий хан туьйхира цунна полисхо сийсазвина аьлла, бехкейина, тIаьхьо бехкзуламан гIуллакх диллира – ша лацарх протокол хIотточу полисхочунна Мусаева тIелеттера аьлла.

ГIуран-бутт карабеачхьана иттаннашкахь лийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш. Шайн гергара нах къайлабахарх дIахьедира ялхаммо – бакъоларъярхоша Янгулбаев Абубакара а, Садулаев Мансура а Арцуев Аслана а, иштта оппозицин нохчийн блогерша Абдурахманов Тумсос а, Халитов Хьасана а, Мализаев Минкаила а.

ГIуран-беттан 30-чохь Венерчу адамийн Бакъонийн майданахь митинг хIоттийра Нохчийчохь нах лечкъорна а, даймахкал арахьа бехачу нохчашна Оьрсийчу депортаци ярна а дуьхьал. Изза митинг хIоттийра оццу дийнахь Норвегин шахьарахь Ослохь а. Францерчу Старсбургехь Дечкен-беттан 8-чохь вовшахтуьйхира митинг Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь лаьттачу блогерийн, жигархойн гергарнаш лечкъорна дуьхьал а, иштта Оьрсийчоьнан набахтешкахь тутмакхаш хьийзорна а дуьхьал. Чиллан-беттан 5-чохь ЯнгулабевгIеран доьзалехьа митинг хIоттийра Мюнхенехь а, Стокгольмехь а.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus



Героическое участие армян в СВО. Часть третья

Миллионы — в хлам. Мажоры и блогеры разбивают в Москве дорогущие машины

6 городов России, где можно увидеть белые ночи кроме Санкт-Петербурга

Врач Тяжельников рассказал, какое мясо лучше всего подходит для шашлыка


Регистрация Авторского права. Регистрация объекта авторского права. Регистрация Авторского права на книгу. Регистрация Авторского права на музыку.

"Чек Индекс": Продажи новых марок одежды и обуви выросли за год в России на 10 проц

6 городов России, где можно увидеть белые ночи кроме Санкт-Петербурга

В День Медика пройдет премия в области здоровья The Medical Stars & Beauty Awards


13 Crops You'd Be INSANE Not To Plant in May

Chat log from R7 of 2024: Gold Coast vs West Coast

Tyson Fury vs Oleksandr Usyk undercard: Who is fighting on huge Saudi bill?

Tom Aspinall says UFC 304 start time is ‘awful’ and should be changed as Brit provides update on next opponent


Глава Бурятии сообщил о полной ликвидации пожара на площади 16,8 тыс. кв. м

РОССИЯН ПРЕДУПРЕДИЛИ О РИСКАХ ВОЗВРАЩЕНИЯ РАЗБОРОК НА ДОРОГАХ

Автомобили HAVAL — с комфортом по бездорожью

В Евпатории появится уютный жилой квартал “Кубики”


Manor Lords' dev asks players: Should its supply mechanic be changed?

You may be kicking yourself for deleting Destiny guns that are all of a sudden viable again, but one of the game's biggest YouTubers has been Marie Kondo-ing his friends' arsenals on camera for years

Гайд по фарму золота в Solo Leveling: Arise

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)


Депутат Миколаївської облради Кормишкін вперше опублікував своє весільне фото


Операция "Кольцо" 33 года спустя: Государственный терроризм на территории Республики Армения

Вседозволенность азербайджанской диаспоры в России или как пантюркистские националисты 29 апреля перекрыли улицу в центре Москвы

В театре Эстрады состоялся финальный показ музыкально-драматического спектакля «Дом окнами в поле»

Консультации. Составление Договоров. Присутствие Продюсера при заключении договоров и переговорах. Лекции. Переговоры. Встречи и Обсуждения.




Электрокроссовер Voyah Free получил новую версию для России. Ее представили в Москве

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

Тренер "Спартака" Слишкович заявил, что у клуба выработался сильный менталитет

«Автодор» попросил водителей заправляться заранее после очередей на АЗС на М-12


Принципиальная противница Зеленского добилась участия в выборах мэра Бухареста: ЦИК утвердил её кандидатуру

Анонсирована Batman: Arkham Shadow для VR-гарнитуры Meta* Quest 3

Ключ к пониманию самого таинственного манускрипта отыскали ученые из Австралии

Школьница из Киргизии пыталась покончить с собой из-за переезда в Москву


Рублёв: быстрая победа над Грикспором связана с тем, что хотел быстрее уйти с корта

Рыбакина узнала неприятную новость перед "казахстанским дерби"

Шиманович пробилась в ⅛ финала теннисного турнира в Сен-Мало

Медведев обыграл Бублика и вышел в четвертьфинал "Мастерса" в Мадриде


Анонсирована Batman: Arkham Shadow для VR-гарнитуры Meta* Quest 3

Москвичей предупредили о снеге в начале следующей недели

Скандально известный блогер Диана Шурыгина оказалась в полиции после жалоб соседей

Журнал PERSONO вернул гостей премии в эпоху СССР. Итоги ежегодной премии «PERSONO года 2024. Сделано в СССР»


Музыкальные новости

Рассылка Песни или Музыки на все Радиостанции России, СНГ и Мира, а также по всем СМИ России.

Киркоров заявил, что вся страна мечтает жениться на Ольге Бузовой

Жена оскандалившегося Валерия Меладзе провела вечер на концерте Земфиры в Испании

Надежда Стрелец резко высказалась о хейтерах, после того как мама Тимати раскритиковала ее интервью с Аленой Шишковой



Консультации. Составление Договоров. Присутствие Продюсера при заключении договоров и переговорах. Лекции. Переговоры. Встречи и Обсуждения.

Вседозволенность азербайджанской диаспоры в России или как пантюркистские националисты 29 апреля перекрыли улицу в центре Москвы

Тарифы ЖКХ вырастут в России

В театре Эстрады состоялся финальный показ музыкально-драматического спектакля «Дом окнами в поле»


Электрокроссовер Voyah Free получил новую версию для России. Ее представили в Москве

В Пулково прокомментировали запрет на упаковку багажа в пищевую пленку

Азербайджанский олигарх Год Нисанов – владелец рынков «Садовод» и «Фудсити» стремительно теряет поддержку элиты после теракта в «Крокусе»

Якубко: в декабре все опять будут плеваться от календаря РПЛ, но это легко можно исправить


Восемь человек пострадали в ДТП с участием маршрутки на юге Москвы

В Москве заметили первый в России электромобиль Tesla Cybertruck

На северо-западе Москвы прогремел "взрыв". Что произошло?

Вседозволенность азербайджанской диаспоры в России или как пантюркистские националисты 29 апреля перекрыли улицу в центре Москвы


Собянин: к 2030 году на долю Москвы придется 35–40% туристов в России

Фестиваль “Спасская башня” пройдёт в Москве на Красной площади с 23 августа по 1 сентября

Путин: пример поколения ветеранов Великой Отечественной войны вдохновляет и сейчас

Дугин в интервью Такеру Карлсону: "Путин — это традиционный лидер"





Диетолог Копытько: богатые белком продукты помогают разогнать метаболизм

Ресторатор Беркович сообщила о тяжелейшем состоянии здоровья Ефремова

«Одних продуктов недостаточно»: что поможет ускорить метаболизм и похудеть

Прокуратура Москвы: школьница попала в больницу после наезда электросамоката


Цинизм зашкалил: Елена Зеленская повеселилась в Киеве с герцогиней Эдинбургской

В Киеве СБУ проводит облавы против нелояльных Зеленскому


«Спартак» обыграл «Динамо» 2:0 в полуфинале Пути регионов Кубка России

ЦСКА выложил провокационный ролик к матчам с "Зенитом", вспомнив фразу Дзагоева

«Торпедо» объявило об уходе хоккеистов Кручинина, Бауи и Малова

"Динамо" и "Спартак" опубликовали составы на матч Кубка России


«Набей им морду, покажи им, что ты настоящий белорус». Лукашенко о поездке спортсменов на Олимпиаду

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС



Собянин назвал современные технологии, которые используют в городском хозяйстве

Собянин рассказал о строительстве моста через Москву-реку у Берегового проезда

Сергей Собянин поздравил москвичей с 1 Мая

Собянин: Московская неделя предпринимательства начнется 16 мая


Институт СТЭИ при поддержке Комитета общественных связей и молодежной политики города Москвы реализует проект "Вода Москвы"

Доверяй, но проверяй: в Калачеевском районе власти экологическую проблему решили исключительно на бумаге

Первый в России электромобиль Tesla Cybertruck заметили на Москве

В Москве заметили первый в России электромобиль Tesla Cybertruck


Принципиальная противница Зеленского добилась участия в выборах мэра Бухареста: ЦИК утвердил её кандидатуру

Ключ к пониманию самого таинственного манускрипта отыскали ученые из Австралии

Baza сообщила о задержании в Москве Дианы Шурыгиной

Москвичей предупредили о снеге в начале следующей недели


Архангельские тяжелоатлеты успешно выступили на зональных соревнованиях

Май спрогнозировали россиянам синоптики

Следственный комитет предупреждает: не оставляйте детей без присмотра в комнате с открытым окном

Экскурсоводы из Архангельска знакомят посетителей выставки «Россия» с достижениями регионов страны


В районе Симферополя появится крупный жилой микрорайон - ЖК "Республика"

Еженедельный вестник катастроф

Керченские юные подводники показали отличные результаты на Республиканских соревнованиях

В Краснодаре наградили победителей конкурса детской казачьей песни


В Театре сатиры проводили в последний путь актрису Зою Зелинскую

Инэди: Очарование 80-х и Сила Женственности

Школьница из Киргизии пыталась покончить с собой из-за переезда в Москву

МК: вышедшая замуж за приемного сына певица Айсылу подала на развод












Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Мирра Андреева обыграла Вондроушову в третьем круге турнира WTA в Мадриде






Фанаты "Зенита" и ЦСКА отказались от взаимных оскорблений на матче Кубка России

Осудившие Россию барды Никитины столкнулись с проблемами в США

Подмосковная сборная победила на соревнованиях по кикбоксингу

Москвичей предупредили о снеге в начале следующей недели