Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Кадыровна таIзар цадарх а, Кремлана цунах хуьлучу тIаьхьенах а кино зорбане яьккхина Навальныйн командо

0

Оппозицин политикан Навальный Алексейн бIанакъоста Любовь Соболя шен ютуб-канале хIоттийна "Кадыровс муха сийсазбо ницкъахой" цIе йолу фильм. Цуьнан коьрта маьIна ду — шен леларца Нохчийчоьнан куьйгалхочо йохош хилар ницкъ болчу президентах Путин Владимирх а, майрачу Оьрсийчоьнан ницкъахойх а лаьтта миф.

15 минотехь яьккхинчу видео тIехь Соболя дагадоуьйту, доккхачу декъанна, 2015-чу шарахь кхечу регионашкара чу а оьхуш, Нохчийчоьнан дозана тIехь меттигерчу Iедалхошца дага а ца бовлуш, оперативан барамаш дIахьочу ницкъахошна тIе герз тоха аьлла, Кадыровс пурба далар. Иштта цо масал далийна, 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь къорза берет йоккхуш къовсамашкахь хIоьттина хьал, хIетахь гIаш некъ бан безачу меттехь Нохчийчуьра бIаьхой машенашца финише дIакхачо болийнера церан накъосташа. Оцу тIехула конфликт иккхира кхечу регионашкарчу спецназхошца.

"Путинан Оьрсийчохь мехал хIуммаъ цахилар, ур-атталла, бIаьхойн майраллин коьрта символ лоруш хилла, Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа а цхьана, гайта ницкъ кхаьчна Кадыров Рамзанан. Кадыров валлалц хала дара хьесап дан а, массарна а хезаш оьрсийн салтий байъина ша бохуш, дозалла дечу стагана дуккхаъчарна еза хета, къасторан билгало лур ю аьлла", - боху видео тIехь Соболя.

Юристо билгалдоккху, шена товш боцу бахархой бойъур бу бохуш, биллина кхерамаш тийсало цуьнга, дозанех претензеш дIахьейо ГIалгIайчоьне, ткъа Кремло кеп хIиттайо, и дерриг а ца гуш санна. Соболь билгалдаккхарца, Кадыровн къамелийн терго ца йо ницкъаллин структурийн куьйгалхоша а.

"Уггар а ирчаниг ду, оцу доллучуьнца Кадыровс гайтар: пачхьалкх а цхьана яц вайн бохуш. Бандитийн кеп-кепара тобанаш ю, ахчанашка а, Iедале а гIерташ...Пачхаьлкхан интерес ян а яц, ша пачхьалкх а цахиларна. Дерриг шена магийтарна хьераваьллачу стеган лаамаш бу", - боху Навальныйн бIанакъоста, Кадыров даржах мукъаваккха, цо лелориг талла аьлла, кхайкхамбеш.

2020-чу шеран ГIадужу-баттахь "Комсомольская правда" газетан тIеман журналисто Коц Александра хаамбира социалан машанашкахь. къорза берет йоккхуш дIабаьхьначу къовсамашкахь нохчийн бIаьхой юкъахь а болуш, хиллачу летарех. Цо дийцира, гIаш некъ бан безачу меттехь Нохчийчуьра бIаьхой машенашца финише дIакхачо болийра церан накъосташа, оцу тIехула вовшахлийтира, и гучара видео дIаязйира.

Оьрсийчоьнан президенте Нохчийчоьнан куьйгалхо даржах мукъаваккха аьлла, тIедожош йолийначу онлайн-петицина куьйгаш яздира 24 сахьтехь 100 эзар сов стага. Change.org сайте хIоттийра кхайкхам оппозицин политико Яшин Ильяс. Цо бехкевора Кадыров Рамзан низамаш дохорна, мехкан урхалхочун шен "долахь арми" хилар а, журналисташна а, бакъонашларъярхошна а цо кхерамаш тийсар а, иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен оппоненташ бойъуш хилар а, Кремло могуьйтуш хилар а дага а доуьйтуш.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

ATP представила новые правила парного тенниса






Bloomberg: ЕС введёт санкции против РИА Новости, "Известий" и других СМИ

Свой день рождения White Queen отметила вечеринкой в космическо-морской тематике

В метро Москвы запустили поезд ко Дню Победы

Акции «М.Видео» упали на 10% на планах компании увеличить уставной капитал путем SPO