IADAT-ехь бакъ ца дина Ставрополехь яйнарг шайн боламна юкъара ю бохург
Ставрополан мехкан Иноземцево эвлахь Дечкен беттан 23-хь яйна 38 шо долу Иванова Марина ю хIинца а лоьхуш, Нохчийчу дIайигина хила тарло иза. Зуда лохуш гIо деш бу иттанаш волонтераш а, меттигера бахархой а. Зорбанашкахь хаам баьржира, Иванова Нохчийчуьрчу Iедалшна оппозицехь болчу IADAT боламца йоьзна ю аьлла лачкъийна йигина хила тарло, бохуш.
Коьртачу декъанна лехамаш дIахьош бу Бештау ломан кIоштахь, цига йолаяла яхнера яйнарг, яздо "Вести Ставрополья" хьостано.
"Талламан хаамашца, Марина нохчийн Iедалхошна оццул ца езачу IADAT телеграм-каналаца йоьзна яра, цундела иза лачкъо сацам бина. Талламна цIерш а евза иза йигиначеран – уьш Нохчуьрчу МВД-н хилла белхалой бу", - хаамбо оьрсийн Baza телеграм-каналехь.
Официалехь и хаам тIечIагIбина бац, йа комментариш яц Нохчийчуьрчу а, Ставрополан махкара а нуьцкъаллин урхаллашкара. IADAT боламехь бакъ ца дира Иванова шайца йоьзна хилар.
"Тхуна ца хаьа и мила ю, оцу гIуллакхна тIетоха хIумма а дац тхан. Иза кадыровхоша тхоьца йоьзна ю аьлла, шеконашка а лаьцна лачкъийна бохург оха а дешна телеграм-каналехь", - элира Кавказ.Реалиига IADAT боламехь.
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Ставрополан махкарчу урхаллехь сихха жоп ца делира зуда яран версишна юкъахь, иза нохчийн нуьцкъахоша лачкъийна бохург толлуш дуйла.
Нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-каналан хиллачу модераторан Тепсуркаев Салманан хьокъехь шаьш бина сацам бовзийтина ГIадужу-беттан 19-чохь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Иза лачкъорах а, цуьнца шогалла лелорах а жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь хилар тIечIагIдина ЕСПЧ-но.
Лахьан-баттахь Роскомнадзора Оьрсийчохь дIакъевлира Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь йолчу IАДАТ интернет-хьостан цхьа дакъа, Соьлжа-ГIалин Заводскойн кIоштан кхелан сацамна тIе а тевжаш. Иза дIакъовларан бахьанаш дуьйцуш, Нохчийчоьнан прокуроран гIовсо хьахийра "кадыровн зуламе режим" цIе йолу материалаш.
Дечкен беттан 20-хь Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалоша ЯнгулбаевгIеран петар чу а лилхина нуьцкъаха бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта ницкъ бина аьлла, бехке а еш. Кадыровхоша бехкебо ЯнгулбаевгIеран доьзан оппозицин IАДАТ телегам-канал лелорна.