Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 03.08.2020

Царнаев верах хьалха ма ваккха, боху Трампа, ткъа Нохчийчохь кхел ю еш Шема ваханчунна

Radiomarsho.com 

Террорхо Царнаев вен бина сацам кхочушбан беза, аьлла Трампа; Устрада-ГIалара Шема тIаме вахначунна кхел йийр ю Нохчийчохь; Оьрсийчуьрчу 12 регонехь нахера герзаш дохуш ю ФСБ

ДаIишхойх дIакхетта аьлла, шеконашка эцна Устрада-ГIалин вахархо

Radiomarsho.com 

Устрада-ГIалара 35 шо долу вахархо Шема а вахана, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхетта аьлла, хаамбина талламчаша. Масех шо хьалха Туркойчухула Шема дехьа а ваьлла, даIишхойх дIаийначу цо тIемашкахь дакъалаьцна аьлла, хаамбина "Кавказский узел" агенталле Нохчийчуьрчу Талламан комитетерчу церан хьосто. "Оцу жимчу стагана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна Зуламан кодексан 205.5-чу арктиклехь. 20 шаре гергга набахтехь яккха хан кхачайо цу кепарчу бехкана", - аьлла, дийцина агенталле. Читать дальше...

"Новая газето" коронавирусах лаьцна язйина материалаш фейкаш ю аьлла, гIуданаш диттина

Radiomarsho.com 

"Новая газетана" а, цуьнан коьртачу редакторна Муратов Дмитрийна а административан шишша протокол хIоттийна, цара фейкаш яржийна аьлла, бехке а озийна, яздо «МБХ медиано», Муратовн хаамна тIетевжина. Цо дийцарехь, цхьадолчу эскархойн декъехь эпидеми яржарх Ширяев Валерийс язйинчу "Свистать всех наверх" материална тIехула а, иштта Милашина Еленас зорбане яьккхина Нохчийчуьрчу цхьана кIоштахь COVID-19 вирус бахьанехь лаьттачу хьолах артикл хьокъехь а. Коьртачу редакторо билгалдаьккхина, хьалхара... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 6 стаг, цомгуш хилла - 402

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 6 дархо велла, цамгар лаьцна кхин а 402 стага. Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Ставропол-махкарчу дарбан хIусамашкахь дIаваьлла ши унхо,  Краснодар-махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – цхьацца. Юьхьанца схьа COVID-19 цамгарх велларг ву регионехь 1 014 вахархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Краснодаран кIоштахь- 113 стаг: Краснодаран махкахь + 113 (8 585 ву эпидеми яьржичхьана) Ставрополан кIоштахь... Читать дальше...

Америкехь эпидеми яьржина гIаланийн нацкъарчу меттигашкахь а цхьана

Radiomarsho.com 

Коронавирусна дуьхьало латточу КIайчу цIийнан координаторо-лоьро Биркс Деборас CNN телеканална еллачу интервьюхь дIахьедина, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь эпидеми керлачу муьре йирзина: Зазадокху а, Оханан а беттанашкахьчул а шуьйра яьржина коронавирус аьлла. ГIаланаш дIалаьцна ца Iаш, эпидеми яьржина шахьарийн нацкъарчу меттигашкахь а цхьана. Могашалла Iалашъяран хьукматаша хьоьху барамаш ларбан дезаш хилар билгалдаьккхина Биркса: масканаш лелор, социалан дистанци вовшашна юкъахь латтор. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан 12 регионехь къайлах герз духку нах лецна ФСБ-но

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан 12 регионехь къайлах герзаш духку нах лоьцуш, лерина шуьйра операци дIаяьхьна пачхьалкхан ФСБ-но, яздо Новости агенталло. Рейдаш хилла Москвахь а, Москван кIоштахь а, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Красноярскан махкахь а, Амурскан а, Воронежскан а, Липецкан а, Иркутскан а, Ростовн а, иштта Кемеровон а мехкашкахь а. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашна гучудаьлла, шаьш лаьцначу 12 регионашкара 42 вахархо бехкехиларх къайлах герзаш лелорна. Хьалхо дийца даьккхира... Читать дальше...

Нохчийчохь коронавирусан уьнах кхин а цхьа дархо велла

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кхин а цхьа дархо кхелхина коронавирусан уьнах аьлла, хааме даьккхина махкарчу хаамийн гIирсаша. Роспотребнадзоро кIирандийнахь Iораяьккхинчу статистикаца, регионехь тесташ йина 172 069 вахархочунна, царех 1 936 тIаьххьарчу буса-дийнахь йина. COVID-19 вирус къаьстина 2 082 стагаца, ткъа тIаьхьарчу 24 сахьтехь итт стаг ву ун даьлла. 1 387 стаг дарба а хилла, лоьрийн тергонера ваьлла. Кхелхина эпидеми яьржичхьана 33 пациент.

Президент Трамп дуьхьал ву, Царнаев вуьйш бина сацам юхаэцарна

Radiomarsho.com 

Террорхо Царнаев Джохар вуьйш кхел кхочушяйта гIуртур бу федералан Iедалхой аьлла, дIахьедина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда. 2013-чу шарахь Бостонехь йоьдучу марафонехь кхо стаг а вуьйш, 280-на чевнаш а еш, теракт ярна бехкевеш ву шен вешица Тамерланца цхьана Царнаев. ПIераскан дийнахь апелляцин кхело юхабаьккхина Джохаран хьокъехь бина хилла шайн сацам. "Бостонера террорхочунна Царнаев Джохарна санна вуьйш кхел йогIуш верг цхьа наггахь бен хир вац. "Пачхьалкхехь лелийначу... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Арина Соболенко

Арина Соболенко призналась в том, что не любит женский теннис






Baza: в Москве подросток сделал огнемет и решил сжечь дачу соседей

«К сожалению»: смогут ли клиенты криптобиржи Beribit вернуть свои деньги

Брата 12-го фигуранта дела о теракте в "Крокусе" арестовывали за хулиганство

Обязательная программа для дачника: что нужно успеть на огороде в майские праздники