Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 25.08.2020

ЦIий Iаьнна ГIалгIайчохь: герзан а, уьрсан а чевнаш хилла иссанна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн Шолж гIалахь, алссам наха дакъа а лоцуш, герзаш а детташ, иккхинчу девнехь лазийна 9 стаг. Дов иккхина ХациевгIеранний, ФерзаулигIеранний доьзалшна юкъахь. Къевсинарг ду кIоштан декъайогIучу ГIажарий-Юьртарчу администрацера дарж. Юкъаметтигаш шина доьзало хьалхо йолийна хилла къесто. Шинарин дийне баьллачу къовсамехь дакъалаьцна уьрсашна а, герзашна а тIебевллачу наха. Кеп-кепара чевнаш хилла щина а агIонна: Ферзаули доьзалера лазийна Iаьрби, Iаьлви, Ренат, Салман, ХациевгIарех чевнаш хилла ву Iумар... Читать дальше...

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организаци (UN): Юккъерчу Азера а, Нохчийчуьра а схьабевллачу наха терроризман машанаш бу кхуллуш Европехь

Radiomarsho.com 

Европехь "Юккъерчу Азера а, Нохчийчуьра а схьабевллачу нахах лаьтта террористийн машанаш бу кхоллалуш", - аьлла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин инарла секретаран гIовса, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Контртерроран урхаллин куьйгалхочо Воронков Владимира оцу хьукматан пресс-центро даржийначу шен дIахьедарехь. Масал далош, дIахьедарехь хьахош ду цхьана Европерчу пачхьалкхехь Таджикистанера схьабевлла нах лецар. Уьш бехкебора тIелетарш дан кечбаларна а, оцу зуламна юкъа мигранташ ийзорна а. Читать дальше...

Кремлна Шемахь балеяьлла "Катаиб Хаттаб аш-Шишани" тоба, ткъа Оьрсийчохь – «Иегован Тешаш»

Radiomarsho.com 

Хьалхе ду карантинах мукъадовла – хьалха санна дукха бацахь а, леш бу нах; нохчийн тIемалойх лаьтта "Катаиб Хаттаб аш-Шишани" тоба тIелетта Шемахь Оьрсийчуьрчу ницкъашна; "Иегован Тешаш" лоьцуш, кхеле ийзош бу Къилбаседа Кавказехь.

Шемахь Оьрсийчуьрчу а, Туркойчуьрчу а эскархойх лаьттачу ханна тIелетта нохчий

Radiomarsho.com 

"Катаиб Хаттаб аш-Шишани" цIе йолу экстремистийн тIеман тоба тIелетта Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а эскархойх лаьттачу ханна, хаам баржийна Regnum агенталло. Хьасто "нохчийн тIемалой" аьлла, кхин цхьа а тоьшалла а доцуш, бовзуьйту тIелатархой. Гарехь, цо юьйцург ю Нохчийчохь 2002-чу шарахь кхелхинчу СаIудийн Iаьрбийчуьрчу амиран Хаттабан (Самер Салехь ас-Сувейлем) цIарах йолу тоба. ТIелеттачара йохийна гIагIадиллина транспортер, билгалдоккху "Лента.ру" портало. Хьалхо баьржинчу хаамца, Шемахь вийна Оьрсийчуьра тIеман хьехамча... Читать дальше...

Муха верзаво велларг Францерчу нохчаша

Radiomarsho.com 

Бутт гергга хьалха «ТIаьххьара некъ. Мел генахь велларг а Даймахкахь дIаверзово нохчаша» цIе йолчу шен документалан филмехь Маршо Радионо довзийтира Европерчу нохчаша шайн белларш муха, стенгахь дIабухку. Оцу теманах ду хIара дийцар а. Цо гойту Ницца гIаларчу масалца, муха ларабо Францера нохчий тезетан ламасташ лардарца. Стаг верзоран некъах лаьцна дуьйцу Ниццерчу Кавказан синбахамаллин центран куьйгалхочо Магомадов Рамзана (Басхан).

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 6 стаг, цомгуш хилла кхин а 406

Radiomarsho.com 

Дарбан хIусамашкара 6 пациент велла коронавирусах, 406-нна ун кхетта Къилбаседа Кавказехь дийнахь буса, хаам бо уьнна дуьхьалоечу Оьрсийчоьнан Оперативан штабо. Краснодар-махкахь кхелхина кхо пациент, Ставропол-махкахь – шиъ, Адыгейхь – цхьаъ. Верриг а уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь, штабан хаамца, 1127 стаг. Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а цомгуш хилларш: Ставропол-мохк +127 (11 247) Краснодар-мохк + 86 (10 681) Дагестан +65 (10 586) Кхарачой-Чергазийчоь +30 (4860) ГIалгIайчоь... Читать дальше...

ГIалмакхойчохь 1-чу а, 11-чу а классашкара бераш бен дуьтур дац школашка Дешаран Де даздан

Radiomarsho.com 

Коронавирусах бераш Iалашдеш, 1-чуй, 11-чуй классашкара бераш бен дуьтур дац Дешаран Де даздечу школашкарчу барамашка ГIалмакхойчохь. Иштта хаам бина Кавказ.Реалиига мехкан дешаран министран гIовса Санджарыков Германа. "Бераш арахь, мохехь гулдийр ду Дешаран Дийнехь дакъалаца. Оха доьхур ду дай-наношка, гергарчаьрга, масканаш лелор а, берашна юьстах совцар а. Цул тIаьхьа догIур ду школе кхечу классашкара бераш, Толаман 75 шо кхачар билгалдоккхуш, классаш чохь дарс дIахьор ю царна. Амма дукхахйолчу классаша и болх онлайн кепехь бан лерина"... Читать дальше...

Къилба ХIирийчоьнан прокуратуро довзийтина мехкан полицин министранна кIелоярх дерг

Radiomarsho.com 

Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Къилба ХIирийчоьнан Инарла прокуратурера талламан урхалла а, полици а, къайлах сервис а (КГБ) толлуш ю мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министран Наниев Игоран машенна герзаш тохар, иза вен гIортар, хаам баржийна прокуратурин пресс-векалто. "Марсхьокху-беттан 22-23-чохь дIаяьхьначу талламан операцешкахь карийна 10 сов маса топ, массех хIоъ, лелха коьчалш, 3 эзар сов патарма, баккхийчу барамашкахь наркотикаш", - яздо "Рес" портало, прокуратурерчу хьасташна тIе а тевжаш. Читать дальше...

"Иегован Тешаш" олучу динан тобанера нах бу лоьцуш Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

Ростовхь кхелан сацамца лаьцна "Иегован Тешаш" олучу динан тобанера 11 стаг, хаийтина "Кавказский узел" газето. Динан оцу тобанера нах лецарца Ростов-махкал а хьалхаяьлла Ставрополь – цигахь 16 бехктакхаман дов гIаттийна "Иегован Тешашна"  дуьхьал. Оьрсийчохь йихкина йолчу оцу сектин декъашхойх ялх лаьцна Краснодар-махкахь, пхиъ – Волгоград-махкахь, Астраханехь а, Дагестанехь а – виъ-виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а – цхьацца. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело "Иегован Тешаш"... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Елена Рыбакина рассказала о проблемах на турнире в Мадриде






Пешеходные дорожки обновят по ФКГС в сквере Иконникова в Сормове

Подмосковный нарколог объяснил опасность шашлыка с алкоголем

Сервис проверки графика отключения горячей воды запустили на сайте мэра Москвы

Посол Армении в ЕС не увидел угроз для РФ в сближении Еревана и Брюсселя