Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 31.08.2020

Масхадовн а, Москван а бартхилар, Шема балеялар, Кремлан бекхамбар

Radiomarsho.com 

24 шо кхечи Хасу-Юьртахь Нохчийчуьра хьалхара тIом сацош, барт хилла; Шемахь даIишхошца тIемаш бина нохчо лаьцна; Братиславера шайн кхо дипломат араваккхарна дуьхьал бекхамбина Оьрсийчоьно

Латвино, Литвано, Эстонино дихкина шайн пачхьалкхашка бахка Лукашенкона а, Беларусин 29 хьаькамна а

Radiomarsho.com 

Харжамашца харцонаш лелорна а, протестхойн акцеш ницкъ беш дIасайохорна а Беларусин президентна Лукашенко Александрна а, кхин а 29 белорусхойн хьаькамашна а  дуьхьал санкцеш йохуш, шайн пачхьалкхашка бахкар дихкина Латвис а, Литвас а, Эстонис а. Латвин а, Эстонин а чоьхьарчу гIуллакхийн министраллийн тептаршкахь ю 30 цIе. Литвас билгалъяьккхина Белорусин Iедалхойн 31 цIе. Доккхачу декъанна, бу оцу тептарехь Лукашенко Александр а, цуьнан кIант Виктор а, ЦИК-ан куьйгалхо Ермошина Лидия а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Караев Юрий а... Читать дальше...

24 шо кхаьчна Хасу-Юртахь барт бина

Radiomarsho.com 

1996-чу шарахь Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Хасу-Юьртахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнан Ичкери республикана а юкъахь машаран бертан кехатна куьйгяздира нохчий эскаран буьйранчас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а. Махкара арадаха сацийра Оьрсийчоьнан эскарш.

Оьрсийчоьно дуьхьал бекхам беш Словакин кхо дипломат махкахвоккхуш ву

Radiomarsho.com 

Братиславера шайн кхо дипломат араваккхарна дуьхьал бекхамбеш Москварчу Словакин векалтан кхо белхахо махкахвоккхуш ву Оьрсийчоьно. Пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь бина цунах хаам. Урхалле тIекхайкхийнера оршотан дийнахь  Словакин посол Припутен Петр. "Бух боцуш Оьрсийчоьнан дипломатин кхо белхахо Словакера араваккхарна протест" дIахьейинера цуьнга, яздо министраллан хаамехь. Оцу бахьанашца, Оьрсийчоьно сацамбина, Москварчу Словакин векалтера дипломатин кхо белхахо шайн махкара араваккха аьлла, дIахаийтина Припутене. Читать дальше...

Мел ахча оьшу Нохчийчохь бер школе кечдан?

Radiomarsho.com 

Берийн дешаран гIирсан а, духаран а мехаш хийцаделлий, мел харж йолу бер школе дахийта, аьтто буй шу цунна школехь оьшург эца? Иштта хаттарш делира Маршо Радионо Соьлж-ГIаларчу "Беркат" базара шай берашна хIумнаш эца баьхкинчаьрга.

12 стаг велла уьнах Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса, 570 цомгуш хилла

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь 12 пациент велла коронавирусан инфекцех, ун даьлла кхин а 570 стагана. Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабо дIахьедарца, Краснодаран кIоштахь кхелхина пхи дархо, Ставрополан кIоштахь виъ, Дагестанехь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ. Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавказехь  COVID-19 вирусах велларг ву 1 184 стаг. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш ГIалмакхрйчохь – 132 пациент: ГIалмакхойчохь +132 (4... Читать дальше...

Шемахь тIемаш бина Нохчийчуьра вахархо лаьцна къайлахчу сервисаша

Radiomarsho.com 

Шема пачхьалкхехь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн могIарехь тIемаш бина ву аьлла, Нохчийчуьра вахархо лаьцна ФСБ-но. Оршотан Iуьйранна дина цунах лаьцна дIахьедар Нохчийчуьрчу къайлахчу сервисийн пресс-гIуллакххоша. Вуьйцург ву Хьалха-МартанIера 29 шо долу Агаев Iумар. Цунна дуьхьал айдинчу гIуллакхан материалашкахь билгалдаьккхина ду, 2014-чу шарера схьа дуьйна Шемахь даIишхойн могIарехь тIемаш бина ву аьлла. Карарчу заманчохь таллам бу дIахьош оцу гIуллакхна гонах. Иштта, оршотан дийнахь... Читать дальше...

Нохчийчохь хьалхара тIом сацош барт хилла 24 шо кхаьчна

Radiomarsho.com 

Тахана, Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь 24 шо кхечи Дагестанерчу Хасу-Юьртахь Нохчийчуьра хьалхара тIом сацош барт хилла. ХIетахь президентан декхарш кхочушдеш хиллачу Яндарбиев Зеламхан пурбанца, эскарийн баьччас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а машаран кехат тIечIагIдира. Иштта, куьйгаш теIийра бертан кехатна Оьрсийчоьнан кхерамзаллан Кхеташонан секретаран гIовсо Харламов Сергейс а, Ичкерин вице-президенто Абумуслимов Сайд-Хьасана а. Цул тIаьхьа официалехь дIакхайкхийра Нохчийчохь хьалхара тIом бирзина хиларх. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан пхеа регионера даIишна ахчанаш латтийнарш лецна ФСБ-но

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан  къайлахчу сервисаша (ФСБ) пачхьалкхан пхеа регионера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан бенан декъашхой лецна, цара даIишхошна ахчанашца гIо латтийна аьлла. Карабаьхкиначарех ялханна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна, террорхойн аьтто бина аьлла. "ФСБ-но, Талламан комитетца а, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца а, Росфинмониторингца а, Росгвардица а юкъахь операци дIаяьхьира, Москвахь а, Москван кIоштахь а, Дагестанехь а, Красноярскан махкахь а, Ханты-Мансийн автономин гонашкахь а ахчанаш гулдеш... Читать дальше...

Нохчийчохь коронавирусан ун лахделла догIу

Radiomarsho.com 

КIиранан суьйранна тIаьххьара бинчу хаамца, Нохчийчохь лоьрийн тергонехь ву 1 423 стаг. Коронавирусан кн даьлла ву 2 258. Дарба хилла карантинера дIаваьккхина 1 578 пациент. COVID-19 вирусах кхелхина 38 дархо. Могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана бахарехь, республикехь коронавирусан ун лахделла догIу. Иштта, министро билгалдаккхарехь, эпидемин тоделла догIу хьал кхиндIа а лардарехь оьшур ду тIейогIучу хенахь масканаш а, каранаш а лелор.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Свёнтек разгромила Кырстю и вышла в 1/8 финала турнира WTA-1000 в Мадриде






Дмитрий Колдун назвал причину, по которой поспешно покинул Россию: «Вещь непредсказуемая»

«Родиной не торгуем»: МИД России исключил обмен новых регионов на замороженные российские активы

Названа продукция столичного производства для активного отдыха в праздники

РИА «Новости»: брата арестованного Курбонова ранее привлекали за хулиганство