Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 11.08.2020

Словакера кхо дипломат аравоккхуш ву Хангошвили верца доьзна, ткъа Францехь гуламе бевлира вайнах

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказ ю боху Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуро "терроризман лидер"; Словакино нон-грата кхайкхийна Оьрсийчоьнан кхо дипломат Хангошвили верца доьзна; Францера вайнах гулбелира Мисаран векалте протест кхайкхо

Францехь вайнаха акци дIаяьхьна Мисарахь лецна латточу гIалгIайн хьокъехь

Radiomarsho.com 

30 гергга нохчо а, гIалгIа а гуламе велира Францерчу Мисаран веклтанна хьалха, КъахIирна, ша йина кхел а йоцуш, шина шарахь набахтехь лецна латтош болу ГIалгIайчуьра студенташ дIахецар тIедожош. Гулам магийна бара Парижан префектуро. Амма Мисаран векалтан белхахой дуьхьал хиларна, полицино дийхира гуламхошка гIишлонна 100 метр юьстахбовлар. Гуламхой цIарах петици векалте чуелла гуламан хьалханчех волу Францерчу вахархочо Албаков Шемала. 2018-чу шеран аьхка КъахIирерчу Ал-Азхар университетехь доьшу пхи студент-гIалгIа... Читать дальше...

Словакино махкахбохуш бу Хангошвили вуьйш дакъалаьцна хила тарлуш болу Оьрсийчоьнан дипломаташ

Radiomarsho.com 

Гуьржийчуьра схьаваьлла нохчо Хангошвили Зеламха 2019 шарахь Германехь вуьйш дакъалаьцна хиларх йолчу шеконца Словакино махкахваьккха сацам бина Оьрсийчоьнан кхо дипломат. Цуьнца доьзна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан векала Ортагус Моргана Твиттерехь билгалдаьккхина, и сацам нийса бу, цо гойту Братислава "я шен лаьтта тIехь а, я Европехь а лан лерина йоцийла Оьрсийчоьно политикан буха тIехь ден зуламаш", аьлла. Ортагусан дIахьедар тидаме эцнарг ю РБК агенталла. Марсхьокху-беттан... Читать дальше...

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 9 вахархо, цомгуш хилла – 333

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказан мехкашкахь дийнахь-буса 9 стаг велла коронавирусах, ун кхеттарца билгалваьлла кхин а 333. Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо бечу хаамца, уьнах дарбан хIусамашкахь кхоккха стаг кхелхина Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а, ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Краснодар-махкахь – цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лоруш ву 1072 вахархо. Дийнахь-буса а, пандеми яьржичхьана а цомгуш хилла: Ставропол-мохк +111 (9499) Краснодар-мохк + 90 (9465) Дагестан... Читать дальше...

Кавказан регионаш ю Оьрсийчоьнан "терроризман рейтинган" лидершлахь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь  2020-чу шеран хьалхарчу декъехь дина 1183 терроризман могIарара зуламаш. Стохкалерчу оццу хенаца дуьстича, уьш алсамделла 210-нна. Уггаре дукха билгалдевлла и зуламаш Дагестанехь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Нохчийчохь. Иштта ю, Инарла прокуратурина тIе а тевжаш, "Интерфаксо" йовзуьйту статистика. Кхушара и тайпа зулам билгалдевлла Оьрсийчохь 362-зза. Инарла прокуратуро бахарехь, оцу кепарчу зуламашлахь массарел дукха ду низамехь йоцу тIеман гIера кхолларна а (322), иштачу гIеранашкахь... Читать дальше...

"Со хIинца а сайн кIанте сатуьйсуш ю". Кхо шо хьалха Нохчийчохь лачкъийна вигира иллиалархо Бакаев Зелимха

Radiomarsho.com 

Нохчийн вевзаш волу иллиалархо Бакаев Зелимха вайра 2017-чу шеран Марсхьокху-беттан 8-чу дийнахь. Цуьнан уллора доттагIий тешна бу: иза полисхоша лачкъийна а вара, къайлахчу набахтехь а латтийра иза аьлла. Бакаев вайна итт де даьллачул тIаьхьа Зелимхан нанас Маликас полице хаам бира, шен кIант лахар доьхуш, амма цунах а пайда ца белира. ХIетахь зорбан министр хиллачу Умаров Джамбулата аьллера, Бакаев Зелимха вайна бохуш, хаамашкахь дестийна дийцар «сонта хIума ду» аьлла. "Кеста гучувер ву" бохура цо. Читать дальше...

Мисарахь биснарш. ДIалецна ГIалгIайчуьра студенташ шайна депортаци яре хьоьжуш бу

Radiomarsho.com 

ШолгIа шо а доладелла ГIалгIайчуьра схьабевлла, аль-Азхаран уиниверситетан дешархой Мисаран Iедалхоша набахтехь латтош болу. Экстремизмаца боьзна бу аьлла, бехкаш дехкина царна. Ткъа хIинца а хууш хIума дац, лаьцначу цхьана гIалгIачун кхолламах. 2018-чу шарахь Марсхьокху-беттан 14-чохь Мисарахь вайра ГIалгIайчуьра пхи студент: Плиев Рамазан а, Дзейтов Iела а, Аушев Илез а, Чемурзиев Исмаил а, Дугиев Хизир а. ТIаьххьара цIе яьккхинарг СаIуда Iаьрбийчохь доьшуш вара, КъахIирерчу шен махкахой болчу хьошалгIа веанера иза аьхкенан мукъа ханна. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Вероника Кудерметова завершила выступление на турнире WTA в Мадриде






Минобороны: силы ПВО сбили 20 беспилотников ВСУ за ночь

Известный блогер Тамаев попал в ДТП на люксовом авто около «Москва-Сити»

«К сожалению»: смогут ли клиенты криптобиржи Beribit вернуть свои деньги

В Москве в парке нашли труп мужчины