Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 13.08.2020

Пандемино доккха зен дина Кавказна, амма, декларацеша бахарехь, вон дац цигарчу хьаькамийн хьал

Radiomarsho.com 

Ун лаьттачу юкъанна уггаре боккха эшам хилларг ю Къилбаседа Кавказ; мел ахча ду мехкийн куьйгалохойн?; кхел йина Соьлжа-ГIаларчу тIеман декъехь шен накъост вийначу салтичунна

Помпео Майк: "Беларусин халкъана пайде а долуш, хьал дерзийта лууш ду тхо”

Radiomarsho.com 

Прагехь визитаца волчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретаро Помпео Майка Марсхьокху-беттан I2-хь интервью елла Радио Маьрша Европа/Маршо Радио медиакорпорацин корреспондентана. Помпеос емал дина Беларусин Iедалша президентан харжамаш хилале хьалха а, харжамаш хиллачул тIаьхьа а лелийнарг а, ткъа иштта низамаш лардочу органаша маьрша акцийн декъашхошна ницкъбар а. – Муха Iаткъам бийр бу цо Американ а, Белоруссин а хир йолчу юкъаметтигашна - ша аьлча Американ мехкадаьтта Беларусе даийтарна а... Читать дальше...

Ун лаьттачу юкъанна ахчанца уггаре доккха зен хилла регион ю Къилбаседа Кавказ

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу аудит-консалтинган Finexpertiza компанино бовзийтина пандемино динчу зенийн хьокъехь ша бина таллам. Цо бахарехь, уггаре дукха зенаш дина пандемино Къилбаседа Кавказна. Дагестан а, Къилбаседа ХIирийчоь а ю бизнесна массанхьачул а дукха зен хиллачу мехкийн могIарахь. Нохчийчуьрчу совдегаршна хилла 3 миллиард сом зен, Дагестанехь – 2,7 миллиард, Къилбаседа ХIирийчохь - 1,9 миллиард. Совдегаршна кхочу рицкъ уггаре чIогIа эшна мохк бу ГIалгIайчоь. 1,5 миллиард соьманна зен хилла цигарчу совдегаршна. Читать дальше...

Пандемин рогIера де: Къилбаседа Кавказехь 7 стаг велла, 380 цомгуш хилла

Radiomarsho.com 

Коронавирусах т1аьххьарчу дийнахь-буса ехь велла 7 вахархо, цомгуш хилла кхин а 380. Иштта бу Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаам. Цуьнан статистико гайтарехь, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а кхелхина кхоккха пациент, Краснодар-махкахь – шиъ. Юьхьанца дуьйна пандемих велла Къилбаседа Кавказехь 1088 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтан а, коронавирус яьржичхьана схьа долу а терахьаш: Ставропол-мохк +105 (9699) Краснодар-мохк + 90 (9642) ГIалмакхойчоь +52 (3173)​ Дагестан +49... Читать дальше...

Адыгейн куьйгалхочо стохка болх беш даьккхина 1,8 миллион сом

Radiomarsho.com 

Кумпилова Мурата, Адыгейн куьйгалхочо, лурчахчул 380 эзар соьманна дебийна шен хьал стохка, цуьнан официалерчу сайто гойтучу декларацино бахарехь. Стохка Кумпиловс даьккхина ахча ду 1 826 587,96 сом. Хийца ца белла Кумпиловс лурчаха шен декларацехь гайтина бахам. Цуьнан долахь ду лаьттан ши дакъа (631 а, 58I кв. м), 323,8 кв. метр цIенош а, жима ши гIишло а (15,9 а, 27,7 а кв. м.) тIехь лаьтта дакъа. Доьш-дерзош 1606 кв. метр латта а ду цуьнгахь, цу тIехь ду 439,3 кв. м. цIа а, хIусаман хьашташна оьшу 309 кв. Читать дальше...

Вашас вешех жоп дала деза? Ставрополера вахархо бехкевина, Басаевн тIемалошца хилла ву аьлла

Radiomarsho.com 

1999-чу шеран Марсхьокху-баттахь Басаевн тIемалой Дагестане чубахарца доьзначу гIуллакхна тIехула таIзарш дина 80 сов стагана, 3 шарера 15 шерашка кхаччалц хенаш йиттина царна. Оцу кепара гIуллакх ду луьстуш Дагестанерчу Лакхарчу кхело. Ставрополан махкара вахархо Юмартов Батырбек бехкево республикана тIелатар дарна. Амма Юмартовс а, цуьнан гергарчара а, юьртахоша а чIагIонаш йо, юьйцучу аьхка иза Дагестанехь вацара, йа хила йиш а яцара бохуш. Ткъа цунна бехкаш дохкуш  мукIарло динчу тешо дIахьедина, шена тIехь ницкъ бинера аьлла. Читать дальше...

Шен накъост вийначу эскархочунна 8 шо хан тоьхна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу кхело эскархо Ооржак Айдашк 8 шарна набахтехь кхаба сацам бина цо шен декъехь гIуллакх ден салти верна, хаам баржийна ТIеман Талламан Къилбаседа Кавказерчу урхалло. "Талламо Iорадаьккхарца, 2019-чу шеран Чиллан-беттан 22-чу дийнахь эскархойн рота чохь Iачу меттехь Ооржакан довдаьлла шеца цхьаьна волчу эскархочуьнца. Цигахь хиллачу эпсаро Ооржакна омра дина чуьра аравала. Амма тIаьхьо цо рота Iачу чоьнаш чу а вахана, стоьла тIехь Iуьллу шайн эпсаран тапча схьа а эцна, иза тоьхна шен довхочунна"... Читать дальше...

Помпео: Оьрсийчоьне дешан паргIато Iалашъяйта гIерта Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно "арахьарчу агентех" долу низам чIагIдеш йоху гIулчаш леррина тергалйо Вашингтонехь, оцу низамца бен хийцамаш емал а беш, дIахьедина Пачхьалкхан секретара Помпео Майка. "Оха дуккха а санкцеш йиттина Оьрсийчоьнна, цо деш лаьттачу кхечу вон гIуллакхашна дуьхьал, догдоху кхечу пачхьалкхаша тхаьшкара масал эцаре а. Тхоьца цхьаьна хир ю аьлла хета дешан маршо шайна еза лору, бозуш боцчу репортераша мел хала хаттар лидершка делча а, цаьргахь шайн болх бан бакъо хила езар къобалдеш йолу кхин пачхьалкхаш а. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Самсонова победила Осаку и вышла в третий круг турнира WTA 1000 в Мадриде






ДВМС объявляет конкурс на целевое обучение в МГИМО

Специалист Власов заявил о важности вакцинации

Более 300 многодетных семей Сергиева Посада получили электронное удостоверение

Искусственный успех: как блогеры-миллионеры на самом деле заработали состояние