Жимачу Iабдул-Маликан дарбанна оьшу $2,3 миллион гулдина бевлла нах
Итт бутт бара Нохчийчуьра а, цуьнан дозанал арахьара а волонтераш Шелан кIоштан Жимачу АтагIарчу Гачаев Iабдул-Маликах дуьнентIе волуш хьакхаъелла цамгар юхаяккха, цунна дарба дайта орцахбевлла хьийза. Дилхан атрофи ю цхьа шо ахшо долчу кIентан. Ткъа деккъа цхьа дарба бен доцу и цамгар юхаяккха юьсу хан яц масех бутт бен. Ши шо кхачале дуьнентIера уггаре беза маха "Золгенсма" тоха беза Iабдул-Маликна – мах бу цуьнан 2 миллион 280 эзар доллар. Нахера, дуьненан массо а маьIIера, ахча гулдеш, массех акци дIаяхьарал совнах... Читать дальше...