Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 27.08.2020

Путин: Белоруссина эшча юкъаяьнйолу ницкъхойн тоба кхоьллина Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира дIахьедарехь, Белоруссина гIо эшча юкъаяьнйолу резер кхоьллина Оьрсийчоьно шен ницкъхойх. Цо бахарехь, цкъачунна дац Белоруссехь и тоба оьшу хьал. Иштта хета Минскехь а, аьлла Путина ша "Россия 1" телеканална интервью луш. Оьрсийчуьра ницкъаш юкъагIоьртар бац "Белоруссера экстремистийн гIера …дозанаш а хедийна, талораш дан юьйлаяллалц", Белоруссера хьал маьршачу хоршахь листалур ду аьлла хета Оьрсийчоьнна, дIахьедина Путина. Цо дийцарехь, ницкъийн резерв... Читать дальше...

Хасу-Юьртахь хIоллам боьгIна уьнах беллачу лоьрашна. Йиъ цIе бен а яц тIеязйина

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Хасу-Юьртахь, ТIеман Сийлаллин Борза тIехь хIоллам хIоттийна кхушара коронавирусах беллачу меттигерчу лоьрашна. Хасу-Юьртарчу дарбан хIусамехь болх бинчу кхаа медйишин а, цхьана лоьран-инфекционистан а цIерш ю тIеязйина. Ткъа 60 медик ву гергарчара а, коллегаша а дузуш долчу Дагестанерчу лоьрийн «Иэсан тептарахь». COVID-19 уьнах белла лоьраш юьхьанца дуьйна лоьруш схьавогIучу «Черновик» газетерчу журналиста Магомедов Мохьмада а элира, шегарчу тептарахь а ву 50 сов стаг, аьлла.... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь 10 стаг велла коронавирусах, цомгуш хилла кхин а 448

Radiomarsho.com 

10 стаг дарбан хIусамашкахь коронавирусах кхелхина, 448 цомгуш хилла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь, боху Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо. Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь дарбан хIусамашкахь велла кхоккха пациент, Дагестанехь а, Г1алмакхойчохь а – шишша. 1447 стаг ву пандеми кхайкхийначу берриг а муьрехь Къилбаседа Кавказехь уьнах велларг. Иштта ду дийнахь буса т1екхиина а, юьхьанца схьа долу а уьнхойн терахьаш: Ставропол-мохк +120 (11 481) Краснодар-мохк + 86... Читать дальше...

Москвахь Нохчийчуьра схьаваьлла адвокат Хасавов кхеле валийна, Ивановохь Кадыровн векал лаьцна

Radiomarsho.com 

Иваново-махкара Кадыров Рамзанан векал лаьцна «хьарамлонаш лелорна»; Москвахь кхеле дов хатта валийна оппозиционер-адвокат Хасавов Дагир; Несарахь машен эккхийтина куьйга йинчу бомбанца

"Далла гергахь а, сайн къомана а, дена а хьалха а со цIена ву". Махкахь шен нах хьийзорах дуьйцу Масхадов Анзора

Radiomarsho.com 

Масех кIира хьалха Ичкерин президент лаьттинчу Масхадов Асланан кIанта, Масхадов Анзора дIахьедира, Нохчийчохь бехачу шен гергарчу нахана Iедало тIеIаткъамбарх. Цо дийцарехь, кадыровхой баьхкина, цара бехкаш даьхначул тIаьхьа кхелхира цуьнан къена ненаваша. Масхадовс дийцина, меттигерчу телехьожийлехь шайн пропагандийн программашкахь Iедалхоша шен гергарчу нахах пайдаэцарх. Масхадов Асланан йишин кIант, президентан хадархо хилла волу Хаджимурадов Висхан декхаре вира "Грозный" пачхьалкхан телевизионехь дIахьедан... Читать дальше...

Несарахь меттигерчу вахархочун машен эккхийтина

Radiomarsho.com 

Селхана сарахь долара машен эккхийтина ГIалгIайчуьрчу Несарахь меттигерчу вахархочун Халухаев ИбрахIиман. Несар-Коьртан урамехь иккхина машенна буха латийна хилла куьйга йина бомба. Пассажиран гIента буха йиллина хилла оьккхург, амма иккхина иза машен еса лаьттачу хенахь. "Халухаев полисхошна а, эскархошна а дуьхьал терроран зулам дарна набахти текхна ву хьалха. Ша мукъаваьлча, таксица напха доккхуш вара иза", - дийцира Кавказ.Реалиига ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь. Нехан бахам хIаллакбарна а... Читать дальше...

Адвокатан Хасавов Дагиран дов ду хоттуш Москвахь

Radiomarsho.com 

Москварчу Измайлово кIоштарчу кхело Нохчийчуьра (Гуьмсан кIошт, БоргIане) схьаваьллачу адвокатан Хасавов Дагиран дов хоттуш левина эшам хилларг. Адвоката тоьшаллаш лаамза дайтина цуьнга, чIагIдо талламо. Дагестанехь хьаькамаллехь Iийначу Гамидов Iабдусамадан а, Юсуфов Раюдан а дов хоттучу кхелехь теше харц дареш дайтина Хасавовс, аьлла бу цунна тIебаьхьина бехк. Гамидов а, Юсуфов а бехкевора ХIинжа-ГIалахь набахти йилла делла 41 миллион сом доладаккхарна. Эшам хилла лоруш яра махкара гIишлошъяран министралла... Читать дальше...

Иваново-махкара Нохчийчоьнан векал лаьцна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Иваново-махкара векал Эдильсултанов Iиса лаьцна, меттигерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, "хьарамлонаш лелорна а, тоьшаллаш харцхьадахарна а". Эдильсултановца цхьаьна лаьцна кхин а пхи стаг: цуьнан ши ваша а, юрист а, цуьнан бухгалтераш а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Иваново-мехкан урхаллерчу пресс-векалто, Талламан комитетан белхахошкара хаа тарло хилларг, элира Кавказ.Реалиига. Ткъа оцу мехкан талламан урхаллин векала Котова Иринас дош делира, материалаш Iораяха йиш ма-хилла, йовзийта редакцина. Читать дальше...

Оьрсийчоьнера коронавирусан вакцина оьцур ю Казахстано

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно кхоьллина коронавирусан "Спутник V" вакцина шайн пачхьалкханна эца сацамбина Москва веъначу Казахстанан премьер-министра Скляр Романа, боху Казахстанан министрийн кабинетан сайто. "Зийна яьллачул тIаьхьа "Спутник V" вакцина кхачо бертбина Оьрсийчоьнан инвестицийн фондо а, Казахстанерчу "СК-Фармация" компанино а. Казахстанна оьшшучул вакцина кечъян кийча ю Гамалеин цIарах йолу эпидемиологин а, микробиологин а талламан центр", – боху хаамехь. Билгалдаьккхина, "вакцина массо а кепара теллина яьлча"... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова проиграла Фернандес во втором круге турнира WTA в Мадриде






В МИД объяснили задержки на пунктах пропуска через границу

В Трубчевском РДК прошел праздничный концерт «С песней – в кругу друзей»

В Москве арестован активист Сакания, который боролся за «расово чистую Грузию» и организовал в Батуми нападение на бар «леваков и ЛГБТ»

Понедельник начинается в субботу. Выпуск 2