Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 26.08.2020

«Навальный – Оьрсийчоь – санкцеш, ...ткъа стенна бехке бу нохчий?

Radiomarsho.com 

Цхьанатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхо мега Оьрсийчоьнна Навальный бахьанехь; кавказхоша атта ца буьту шаьш балийна зударий, боху Росстато; Европерчу нохчех лаьтта «террорхойн маша» стенгахь карийна Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн организацерчу хьаькамна Воронковна?

ТIемало хила тарлуш волу стаг вийна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Несаран кIоштарчу Iаьли-Юьртахь лерина операци дIахьош бу Iедалан ницкъаш – эскархоша лоьху тIемалой. Иштта бу ницкъхойн урхаллерчу хьостанаша Кавказ.Реалиига бина хаам. "Ши тIемало хаавелла цхьана урамехь ФСБ-на, тIематасадалар иккхина. Герзаш кхуьйсучу юкъанна вийна цхьа тIемало. Ша лазийначул тIаьхьа цо эккхийтина шех йоллу бомба, аьлла ю цхьа верси", - дуьйцу хьостано. Карарчу муьрехь шолгIа тIемало лохуш бу ницкъхой. Марсхьокху-беттан 23-чохь ГIалгIайчуьрчу Обарг-Юьртахь... Читать дальше...

Коронавирусах дийнахь-буса 10 стаг велла, 463 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь уьнах велла 10 дархо, мехкашкахь цомгуш хилла а кхин а 463, боху Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабан статистико. Ставропол-махкахь а, Краснодар-махкахь а кхелхина кхоккха пациент, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а – шишша. Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана схьа велла коронавирусах 1137 стаг. Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а цомгуш хиллачийн терахьаш: Ставропол-мохк +114 (11 361) Краснодар-мохк + 90 (10 771)... Читать дальше...

Навальный бахьанехь Оьрсийчоьнна сакцеш кхайкхо мега Америко

Radiomarsho.com 

Шинарин дийнахь Москвахь цхьаьнакхетта Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаран хьалхара гIовс Биган Стивен а, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а Оьрсийчоьнан оппозицин жигархочунна Навальный Алексейна дIовш делла аьлла, Германерчу медикаша-эксперташа бинчу юьхьанцарчу къастамаша сагатдойту Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка. Нагахь санна и хаамаш бакъ нислахь, Цхьаьнатоьхна Штаташ кийча ю Европан Берто кIоргга талламаш барехьа бина кхайкхам тIеэца а, таллам беш дакъалаца а. Читать дальше...

"Кадыровc сардамаш духку Сталинна, амма ша иза къаьсташ вац цунах". "IADAT" болам - Нохчийчохь къайлаха кхин ойланаш хиларх

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь гӀарайолуш ю IADAT цIе йолу телеграм-канал – беа баттахь цо гулвина 5 эзар сов язвалархо. Авторша олу шайн пабликах болам. Ткъа шаьш а, шайн ешархой а "Кадыров Рамзанан режимца къийсам дIахьош ду боху цара. Меттигерчу Iедалшна реза боцчу церан агIончийн доккхаха долу дакъа ду Нохчийчохь. Цара хаамаш бо республикан территорина тIехь адамаш лечкъорах а, къайлаха дIалецарх а, ца дийцарехь, ницкъаллин структурашкарчу а, Iедалерчу а хьстанашна тIе а тевжаш. Канал яьржаш ю респпубликехь информацица йоьзна йолитика чIагIйеш а йолуш... Читать дальше...

Массанхьачул кIезиг буху доьзалш Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан статистикан Росстат урхалло доьзалш дIасакъестарх долу пачхьалкхера хьал довзуьйтуш хIоттийначу рейтингехь тоьлла сурт гойту Къилбаседа Кавказерчу беа махко – 2020-чу шеран ялх баттахь массанхьачул а кIезиг доьзалш дIасакъаьстина цигахь. Росстатан терахьаша бахарехь, 1000 вахархочунна кхочу дIасакъестарш иштта ду: Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь - 0,6%, Дагестанехь – 1,1%, Тувахь – 1,6%, Къилбаседа ХIирийчохь – 1,7%. Статистикан урхалло дечу тоьшаллица, уьнна дуьхалоеш хIоттийна хилла... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Камбэком обернулся матч вундеркинда из России перед стартом Еленой Рыбакиной в Мадриде






Нижегородка скончалась на платформе Московского вокзала

Техобслуживание котельных провели в Истре

1 500 человек посетили молодежную программу Подмосковья на форуме на ВДНХ

В клинике звездного хирурга Хайдарова работали врачи без образования