Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 10.08.2020

Белхаш дац Кавказехь, амма кхаьънаш оьцу хьалха а санна

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказ йиллина ю белхазаллин лидер, рицкъ ца карош беха доьзалийн дай эзарнашкахь; кхаъ эцарна лаьцна Нохчийчуьрчу Харьковское юьртан депутат Оздамиров; юха а хих ун даьлла Дагестанехь

Къилбаседа Кавказан мехкашкахь лакхара ю белхазалла

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан мехкашлахь болх каро уггаре хала меттигаш ю ГIалгIайчоь, Нохчийчоь, Дагестан, Къилбаседа ХIирийчоь, Тыва. Иштта хаам бо РБК агенталло, дуьненаюкъарчу аудитан-консалтинган FinExpertiza тобан информацина тIе а тевжаш. Оьрсийчоьнан статистикан Росстат урхаллин терахьаша дийцарехь, Зазадоккху-баттахь 4,7% хилла Оьрсийчохь белхазалла (аьлча а, болх боцуш Iийна 3,5 миллион вахархо). Охан-баттахь белхазалла кхаьчна 5,8 проценте (4,3 миллон стаг). Ши бутт хьалха хилла белхазалла 6,2% (4,6 млн. Читать дальше...

Кхаъ эцарна юьртан депутат лаьцна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

ФСБ-но (къайлахчу сервисо) Нохчийчуьрчу Шелковскан кIоштан Харьковское юьртан депутат Оздамиров Элашби лаьцна кхаъ эцарна. Талламан комитетан махкарчу урхалло дов айдина Оздамировна дуьхьал бехктакхаман кодексан 291-чу декъехь ("даржахочунна низамехь доцу гIуллакх дарна кхаъ балар"). Карарчу муьрехь таллам бу дIахьош, хаам бо махкарчу ФСБ-н урхалло. Кхушеран Iай бехктакхаман дов гIаттийра Ставропол-махкарчу Минеральные Воды гIалин кхелехь болх бинчу Кайшев Николайна дуьхьал. Талламо бахарехь... Читать дальше...

4 стаг велла уьнах, 387 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 4 стаг кхелхина коронавирусах, кхин а 387 цомгуш хилла. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкарчу дарбан х1усамашкахь велла 2 стаг, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а – цхьацца. Падемин муьрехь верриг а коронавирусах официалехь велларг ву Къилбаседа Кавказехь 1063 вахархо. Дийнахь-бусий, юхьанца дуьйна схьай беллачийн терахьаш иштта ду: Ставропол-мохк +125 (9388)​ Краснодар-мохк + 97 (9375)​ Дагестан +49 (9714)​ ГIалмакхойчоь... Читать дальше...

ГIалгIайчоь коронавирусца доьзна кхайкхийначу бехкамех мукъайолуш ю 

Radiomarsho.com 

Тахана ГIалгIайчохь болало коронавирусан карантинах нах мукъабоху кхоалгIа мур. ХIинца дуьйна республикехь болх бан йиш ю массо а туьканийн, базарийн, алссам адамаш гуллучу кхечу меттигийн, боху мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелин омрано. Бакъду, ресторанашкахь а, кафешкахь а адамаш хийша деза юкъахь 1,5 метр а юьтуш. Цул сов, болало болх дешаран меттигийн а, музейн а, паркийн а, хьешан хIусамийн а, санаторийн а. Амма къаной декхаребина изоляцин хьелаш лардан, ткъа массо а бахархошна... Читать дальше...

Молучу хих ун даьлла Дагестанехь

Radiomarsho.com 

50 гергга стагана молучу хих чоьнан ун даьлла Дагестанерчу Дербентан кIоштарчу Геджух юьртахь. Цомгушчех 39 бер ду. "Пациентийн могашалла дика яц. Виъ стаг Дербентерчу гIалин дарбан цIийне кхачийна. Бисинчаьрга амбулатори ю хьожуш", - хаам бо Могашаллин министраллин пресс-векалто.   Медикаш толлуш бу ун даржаран бахьана, молчу хих даьлла хила тарло иза, боху цара. Лазар эккхарца доьзна зераш деш ю Дагестанера Талламан комитетан урхалла. Кхушеран Iай чоьнан ун даьржира Дагестанерчу ГIизларахь. Читать дальше...

Бакъоларъярхойн хаамаш: Белоруссерчу акцешкахь 140 стаг лаьцна

Radiomarsho.com 

Президентан харжамийн каппаш дIакъевлича довзийта долийначу харжамийн жамIашна резабоцу нах гуламашка бийла боьлла Беларуссехь Белоруссера президентан харжамаш чекхбовлучу кIирандийнан сарахь хIиттинчу протестан гуламашкара милицино лаьцна лаххара а 140 стаг. Оцу хьокъехь Фейсбукехула хаам баржийна "БIаьсте" центрерчу бакъоларъярхоша. Цаьргара йолчу информацица, кхин а дукха хила тарло лецначу нехан барам. Протестхой а, милици а дуьхь-дуьхьал лаьттина яхначу буса 3 сахьт даллалц. Чоьхьарчу... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Виктория Азаренко

Азаренко не смогла пробиться в 1/8 финала турнира в Мадриде, уступив Соррибес-Тормо






Более 300 многодетных семей Сергиева Посада получили электронное удостоверение

Ольга Любимова прибыла с рабочим визитом в Королевство Таиланд

США впервые за 40 лет возобновили производство ядерных боеголовок

Участнику СВО из Киргизии дадут временное убежище в России