Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 28.08.2020

Вирусца долчу хьоле хьаьжжина къестор ю школаша шайн белхан раж

Radiomarsho.com 

Школашкахь цIеххьана коронавирус яьржина хааделча, шайггара карантин кхайкхо бакъо хир ю школийн куьйгалхойн, аьлла Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин кхеташонехь Дешаран министраллин балханна тIехьажаран департаментан директора Романова Тамарас, хаам баржийна ТАСС агенталло. Школаша болх, даим а санна, Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь дIаболор бу, бераш деша лелар ду, билгалдаьккхина Романовас. Амма вирусах дешархой ларбеш, хир бац бекош школашкахь горгали. Дешар шайн-шайн ражехь долош хир ду классашкахь... Читать дальше...

ФСБ-но шена йиттина, боху гIалгIачо Евлоевc, ткъа ша даймахка дIаваха дагахь ву, аьлла гуьржийчо Саакашвилис

Radiomarsho.com 

Коронавирусах дийнахь-буса велла Къилбаседа Кавказехь 14 стаг; шена ФСБ-но йиттина аьлла, изоляторера арздина Евлоев Бахьавдина; Саакашвилис ша Гуьржийчу дIагIур ву аьлча, ша иза сихха набахте кхачор ву, жоп делла даймахкарчу Iедало

"Басаев Шемал – Бесланах долу бакъдерг" видео бахьанехь гIуда тоьхна хIиричунна

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчохь экстремизман материалаш яржорна 1000 сом гIуда тоьхна 30 шо долчу Михайловское юьртан вахархочунна. Цо шен социалан машанерчу агIоне хIоттийна хилла "Басаев Шемал – Бесланах долу бакъдерг" цIе йолу видео (шо ду и видео хьажа дихкина). Ша динчу зуламна иза дохковаларна, витина таIзар сов ца доккхуш, элира Кавказ.Реалиига Iедалерчу хьостанаша. "КхоалгIачу рейхехь гIуллакхдина хIирий" книгица экстремизм ю аьлла, иза яржор дихкира БуритIерачу кхело хьалхо. Экстремизм шайца... Читать дальше...

МаьлгIабекан вахархочунна 9 шо хан тоьхна тIемалойн тобанах хиларна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу МаьлгIабекан вахархочунна Богатырев Бахьавдинна набахтехь даккха 9 шо кхайкхийна Къилба федералан тIеман кхело. Иза бехкевина тIеман тобанехь Iийна хиларна а, нах Шема тIаме баха вовшахбеттарна а. Талламан версица, 2013-чу шеран Iай "Кавказ Имаратерчу" "ГIалгIайчоьнан виллаятах" дIакхетта Богатырев. ТIахьо дIавахана Туркойчу, цигара – Шема. Цигахь 2018-гIа шо тIекхаччалц лелла тIаме нах гулбеш, ткъа ГIалгIайчу юхавеъча, цуьнгахь карийна оьккху коьчал, боху талламо. Къилба федералан... Читать дальше...

ФСБ-но шена гIелоярх лаьцна арздина ГIалгIайчуьрчу вахархочо

Radiomarsho.com 

Террористашна гIодарх шеко йолуш лаьцначу гIалгIайн СагIопче юьртарчу Евлоев Бахьавдина шен адвокатехула арздина Магасерчу а, БуьритIерачу а ФСБ-н дакъойн белхахоша шена гIелойина, аьлла. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига дийцира бакъоларъяран "Мемориал" центран ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхочо Акиев Тимура. Акиевс дийцарехь, Евлоевга ницкъаша даредайтина, цо а, цуьнан шичас, охьатохархлатархошлахь Азин чемпион волчу Евлоев Муслима а бевзаш боцчу цхьана наханна хIусам лаьцнера, ткъа уьш леррина операци дIахьош Iедалхоша байъина, аьлла. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь 14 стаг кхелхина уьнах дийнахь-буса, 482 цомгуш хилла

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла 14 стаг, цомгуш хилла кхин а 482. Дагестанехь велла пхи дархо, Ставропол-махкахь а, ГIалмакхойчохь а – кхоккха, Краснодар-махкахь – шиъ, Адыгейхь – цхьаъ. Пандеми йолаелчхьана схьа коронавирусах велла Къилбаседа Кавказехь, официалан ститистико бахарехь, 1161 стаг. Дийнахь-буса а, ун даржинчу ерриг а хенахь а цомгуш хилларш: Ставропол-мохк +125... Читать дальше...

ТIаьххьарлера Хьалхара горгали: 15 шо кхьчна Бесланерчу бохаман

Radiomarsho.com 

1000 сов стаг дIалецира террорхоша 2004-чу шарахь Бесланерчу школехь. Кхелхинчу дешархойн наной тахана а бу терактан дуьхьало ца йинчу Iедалхошна кхел йоьхуш - тIемалойн планаш хьалхе дуьйна хууш яра МВД-на. ХIара филм ю Оьрсийчоьнан исторехь уггар бохаме деанчу школашкахь дIахьочу Хаарийн дийнах лаьца. Автор: Александров Алексей

Ламасташ лардо а бохуш, нах хьийзор? Нохчийчуьрчу зудаберашна тIаьхьабевлла лелларш лецна Австрехь

Radiomarsho.com 

Кху муьрехь Австрин полицино Нохчийчуьра ялх вахархо дIалаьцна.  Талламчийн версица, лелар а, духар нохчийн ламасташца догIуш дац бохуш, шайн махкара баьхкинчу мехкаршна тIаьхьабевлла лелаш хилла уьш. Ву царлахь 19 шарера 37 шаре ваьлла пхи стаг а, иштта зуда а ю бехке еш, кхерамаш а туьйсуш, психологин ницкъ бина ца Iаш, леташ а хилла бохуш. Европехь бехачу нохчийн уггар а йоккхахйолу диаспора ю Австрехь, цундела, цара хьийзо нах а дукха хила тарло. Австрерчу полицин урхаллан векало Дитрих Маркуса ма-дийццара... Читать дальше...

Саакашвилис ша Гуьржийчу дIагIур ву боху. Юстицин министралло иза "дозане кхоччушехь" лоцур ву аьлла

Radiomarsho.com 

Гуьржийчохь президент лаьттина, карарчу хенахь Украинехь реформаш кхочушъяран кхеташонна коьртехь волу Саакашвили Михаил лерина ву даймахка дIаваха. Оцу хьокъехь яздина цо шен фейсбукехь. Политика бахарехь, цо ша президент волуш кхоьллина хьал тахана а лелаш ду Гуьржийчохь. Даржехь ша волуш шегара дийлинчу гIалаташна гуьржашка къинтIера бовлар а дехна Саакашвилис. "Гуьржийчуьра керланаш хезча, со кхета, суна хаьа, хаьл долучул а дика хир дара. ХIора гуьржи вехаш хилалур ву, иза вай цхьана кхочушдийр ду. Читать дальше...

Японин премьер-министра Абэ Синдзос дарж охьадиллина

Radiomarsho.com 

Токиохь пресс-конференци луш, ша шегара дарж охьадуьллу, дIахьедина Японин премьер-министра Абэ Синдзос. Белхан меттера ша дIагIур ву дарже керла стаг хIоттийча, аьлла цо. 65 шо долу политик цомгуш ву, могашалла эшна цуьнан тIаьххьарчу хенахь. Абэ 1982-чу шарахь веара политике, Японин арахьарчу гIуллакхийн министр волчу шен дена гIодан хIоттарца. 1993-чу шарахь Японин парламенте депутат хаьржина иза. Шен 52 шо долуш, 2006-чу шарахь, премьер-министр хилира цунах. РогIерчу шарахь цамгарца доьзна дитира цо и дарж... Читать дальше...

РогIерчу президентан харжамашкахь дарж къовса реза хилла Трамп

Radiomarsho.com 

Трамп Доналда официалехь реза хилла Республикан Партин цIарх Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дарж къовса. Оцу хьокъехь дIахьедина цо еарин дийнахь, Республикан партин гулам берзош ша динчу къамелехь. Трампа кхаа декъехь дира шен къамел: президентан администрацино баьхначу баккхий кхиамех лаьцна а, Американ хиндолчун хьокъехь а, Демократин партин кандидата Байден Джос пачхьалкханна бохьучу кхерамех лаьцна а. Цо дош делира, Китайно, цуьнан дешнашца аьлча, шега сацалушшехь ца сацийначу... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Азаренко проиграла в 1/16 финала турнира WTA-1000 в Мадриде






Эксперты подсчитали число туристов, которые будут путешествовать по России в мае

Сервис проверки графика отключения горячей воды запустили на сайте мэра Москвы

В Йошкар-Оле призёров конкурсов о родном крае наградили поездкой в Москву

Облачность с прояснениями и до 22 градусов тепла ожидаются в Москве 28 апреля