Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 20.08.2020

Реанимацехь Навальный, Нохчийчохь кхерамаш, Гуьмсехь хилла маслаIат

Radiomarsho.com 

Навальный Алексей кхетамчохь а воцуш, Омскерчу дарбан хIусаме кхачийна. Цунна дIовш делла аьлла, шеконаш ю лоьрийн; масканаш ца лелочу нахаца къамел доцца де аьлла спикеро Даудовс; Гуьмсехь куьйгебахийтина чIирхой

Оппозиционер Навальный реанимаци кхачийна

Radiomarsho.com 

Коррупцица къийсам латточу Фондан куьйгалхо Навальный Алексей кхетамчохь а воцуш, Омскерчу дарбан хIусаме кхачийна. Еарин Iуьйранна Томскера Москва юхавогIуш хиллера Навальный. Кеман чохь вон хилла цунна. Оцу бахьанаца лайнер сихонца Омскехь охьа а хаийна, лоьраш тIекхайкхинера цунна.

ГIалгIайчуьрчу финансийн министраллех а, онкодиспансерех а хьовсуш бу полисхой

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу финансийн министраллехь а, онкологин диспансерехь а талламш бу дIахьош республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана чуйогIучу экономикан кхерамзаллан, коррупцина дуьхьало латточу урхаллан белхахоша. Белхан документаци дIалахьийна цара. Хоуьйтуш дац, стенца доьзна болийна талламан барамаш. Цхьана гIуллакхан гурашкахь хьовсуш бу шина а меттигах аьлла Кавказ.Реалиига пресс-секретаро Аушев Арсамака. Ахчанаш диина аьлла, набахтехь даккха пхи шо тоьхначу, финансийн министр лаьттинчу... Читать дальше...

Масканаш йоцучаьрца доцца къамел де аьлла Даудовс

Radiomarsho.com 

Масканаш йоцучу нахера машенаш схьаяха аьлла, тIедожийна Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада, эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан кхеташонехь. "ЧП-Чечня" пабликан инстаграмерчу аккаунтехь зорбане яьккхина видео. Ролик дIаязйина де билгалдаьккхина дац.  "Масканаш хила еза. Машенахь боьлхучу цхьаболучаьргахь бетах йоьхкина масканаш хуьлу, вукхаьргахь ца хуьлу. Дукха баьхна, дийцина. Кхин дIа къамел кIезиг дан деза. Нагахь санна, 3-4 дийнахь цу тIехь вай жигара болх бой... Читать дальше...

Говза пхьераш - къоман хазна

Radiomarsho.com 

Нохчийн кIошташкарчу пхьераша а, говзанчаша а шаьш дина истангаш, тегна къоман духарш, куьйгадехкина суьрташ гойтуш, цхьанакхетар хилира Соьлж-ГIалахь. Шайн коьртачу Iалашонех лерира цара иштта, махкахь туризм яржор а, къоман синбахамалла Iалашъяр а. Маршо Радион корреспонденто довзийтира цигара хьал.

"Ингушрегионводоканалан" директор бехкеозийна 400 белхалочун алапаш сецорна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу "Ингушрегионводоканалан" директор Костоев Абукар шеконашка эцна, шен 400 белхахочунна алапа дIа ца делла аьлла. 13 миллион соьмал сов ду цо тIехьарчийна декхар. ГIалгIайчуьрчу прокуратуро бина и хаам. "Бинчу талламо гучудаьккхина, белхахошна алапа дIадала директоран чот хилар, амма шен интерес бахьана долуш дIакхачош ца хиллийла", - аьлла, дийцина прокуратуран векало. Шина баттахь алапа оьцуш ца хилла белхахоша, амма карарчу хенахь белхан алапа массарна а дIасаделла, прокуратуран гIоьнца. Читать дальше...

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 13 дархо. Вирус кхетта ву – 405

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а динчу зерашца, коронавирусан уьнах велла 13 пациент, ун даьржина кхин а 405 стагана. Эпидем ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан статистикаца, Дагестанехь а,  Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь а кхоккха велла, ГIалмакхойчохь шиъ велла, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах хьалха ца ваьлла 1 137 пациент. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, къаьсттина дукха нах бу ун даьлла Ставрополан кIоштахь - 129 стаг... Читать дальше...

Нохчийчохь чIирхошна юкъахь маслаIат дина

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Динан урхалло бинчу хаамца, чIир юкъаеанчу шина цIенна юкъахь маслаIат дан аьтто кхаьчна кху деношкахь. Гуьмсан кIоштарчу Керла ГIоьрдалара  ДудаевгIеран а, Гуьмсерчу ЭльдербаевгIеран а доьзалашна юкъахь мостагIалла оьккхуьйтуш сингаттам хилира дахначу кIиран дийнахь. Некъан бохамехь ЭльдербаевгIеран цIийнах волчу стеган карах велира Дудаев Асхьаб. ЦIий ца Iанийта юкъагIоьртинчу къаноша къахьийгира шина цIийнан барт беш. Гуьмса кIоштара къеда Абдулмуслимов Iамир хьалха а ваьлла, ДудаевгIеран а... Читать дальше...

Навальный Алексей реанимацехь ву. ДIовш делла хила тарло цунна

Radiomarsho.com 

Коррупцица къийсам латточу Фондан (ФБК)куьйгалхо Навальный Алексей кхетамчохь а воцуш, Омскерчу дарбан хIусаме кхачийна. Твиттерерчу шен агIонехь бина и хаам Фондан пресс-секретаро Ярмыш Кирас. Цо бахарехь, еарин Iуьйранна Томскера Москва юхавогIуш хиллера Навальный. Кеман чохь вон хилла цунна. Оцу бахьанаца лайнер сихонца Омскехь охьа а хаийна, лоьраш тIекхайкхинера цунна. Навальныйца цхьана хиллачу Ярмыша хаамбина,  дIовш деллачух тера ду бохуш, лоьрийн шеконаш хиларх. Цунна хетарехь, Навальныйс меллачу чайнах цхьаъ тоьхначух тера ду... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Вероника Кудерметова завершила выступление на турнире WTA в Мадриде






Электрокары скоро захватят автомобильный рынок: опубликован прогноз

Известный блогер попал в аварию в центре Москвы

Baza: в Москве подросток сделал огнемет и решил сжечь дачу соседей

Отставка правительства России после 7 мая: Инсайдеры и эксперты поделились своим прогнозом перестановок