Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 17.08.2020

Веданахь бер далар толлу, Кавказехь ун даьржа, Францехь нохчех дIахьедар до

Radiomarsho.com 

Веданан кIоштахь 11 шо кхаьчна йоI ялар талла долийна; яхначу буса а, дийнахь а Къилбаседа Кавказехь 3 пациент велла уьнах, кхин а тIе цомгаш хилла 410 стаг; Францехь лецна нохчий бехке хилахь, церан статусах гIуллакх кхечу агIор дуьйцур ду аьлла министро

«Аэрофлотан» кеманаш кху шарахь Европе лела дуьйлалур ду аьлла, дегайовхо ю

Radiomarsho.com 

Карарчу шарахь дуьненаюкъарчу пачхьалкхашка кеманаш гIуьттур ду аьлла, дегайовхо хиларкъадийна "Аэрофлотан" инарла директоро Савельев Виталийс. Евробертан мехкаша дуьхьало йо Оьрсийчу дозанаш даста, пачхьалкхехь коронавирусан тесташа дукха нах цомгаш хилвр къаосторца доьзна. "Россия 24" телеканалан эфирехь, кеманаш лелар ду аьлла, ладоьгIийла юй, шега хаьттича: "Ю дера. Цкъачунна Евробератн дукхахйолчу пачхьалкхаша чу ца дуьту вай. Шина кIиранчохь Евроберто луьстур ду хьал, цундела дегайовхо юьсу", - аьлла, жоп делла Савельевс. Читать дальше...

Масхадовн воIа дийцина, шен гергара стаг нуьцкъаша "Грозный" каналан сюжетехь вистхилийтарх

Radiomarsho.com 

2005-чу шарахь вийначу Ичкерин президентан Масхадов Асланан хиллачу хадархочо, йишин кIанта Хаджимурадов Висхана интервью елла нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканална. Европехь вехачу Масхадов Асланан кIанта Масхадов Анзора дIахьедо, махкарчу Iедалхоша шен гергарчу нахана тIеIаткъам бо аьлла. Интервьюхь Хаджимурадовс дуьйцу "тIамах Европе бевддачу" Ичкерин лидерийн ямартлонех. "Официалехь царна болх беш вац иза, амма цунах цара пайдаоьцу шайн пропаганда ярхьама. Декхаребо сан дена а, цуьнан гонна а тIе нехаш хьекха" алла... Читать дальше...

Бираьнчикан муш логах хьаьрчина, бер делла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Веданан кIоштахь 11 шо кхаьчна йоI яларх талламаш болийна, хаамбо "Чечня Сегодня" хаамийн агенталло. Дийцарехь, шайн кертахь елла карийна йоI дIадахначу шинарин дийнахь, куьйгабинчу бираьнчикан муьшо садукъийна. "Къастон дезаш ду бохам нисбаларан бахьанаш а, йоI Iалашъяран а, кхиоран а хьелаш а. Мехкан прокуроро леринчу шен тергоне эцна гIуллакх таллар а, цуьнан хиндолу жамIаш а", - аьлла прокуратурехь.

Нохчийчуьра 16 стаг лацарх вистхилла Францин министр

Radiomarsho.com 

Кху деношкахь Сен-Дизьехь Нохчийчуьра 16 мухIажир лоцуш хиллачух вистхилла Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Дарманен Жеральд. Маса само ярна полицина баркалла а олуш министро билгалдаьккхина, лецначийн статусех шена кхачам боллуш хууш дац, нагахь санна, тховкIело цара ехна хилахь а, уьш бехкехилар тIечIагIдахь а, ша дехар дийр ду администрацига, цу кепарчу гIуллакхашна бехкеболчу церан дIахьедаре"кхечу агIор листа" аьлла. "Вайна массарна а хууш ду Нохчийчохь хуьлуш дерг, Францин пачхьалкхехь царна тховкIело стенна луш ю а. Читать дальше...

Ниццерчу салонехь юкъаяьккхина "Нохчийн месаш тояран кеп"

Radiomarsho.com 

Эрмалойчьура веанчу мухIажиро Арарата схьайиллина ши шо хьалха Ниццехь месаш тоеш салон. Дийцарехь, оьрсийн мотт буьйцучу говзанчашна юкъахь дукха бац Арарат санна говза, божарийн месаш тоен говзанчаш. Дукхаболу клиенташ нохчий бу боху цо шен. Цундела шен месаш тояран цхьана кепах "Нохчийн месаш тояр" аьлла, цIе тиллина Арарата. Маршо Радион корреспондент а хилира говзанчан салонехь.

Уьнах 3 стаг велла, кхин а 410 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса

Radiomarsho.com 

Яхначу буса а, дийнахь а Къилбаседа Кавказехь кхо пациент велла коронавирусан инфекцех, кхин а тIе цомгаш хилла 410 стаг. Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Ставрополан кIоштахь велла шиъ, Дагестанехь цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 1 104 пациент. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан махкахь – 132 стаг: Ставрополан кIоштахь +132 (10 217 ву эпидеми ябржичхьана)​ Краснодаран махкхаь + 88 (9 991)​ Дагестанехь +59 (10 091)​... Читать дальше...

Нохчийчохь COVID-19 вирусах 37 пациент кхелхина

Radiomarsho.com 

Оршотан дийнахь Iорадаьхначу зерашца, ерриг а Нохчийчохь коронавирусан тестах чекхваьлла 201 333 вахархо, царех тIаьххьарчу дийнахь а, буса а йина 1 931 тест.  2 194 дархо къаьcтина COVID-19 вирус шайца йолуш. Иштта Роспотребнадзоран информацица, тIаьххьарчу 24 сахьатехь веа cтагаца ун хааделла. Дарба а хилла, лоьрийн тергонера ваьккхина 1 462 пациент. Эпидеми яьржичхьана уьнах кхелхина 37 дархо, яздо махкарчe хаамийн гIирсаша.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Полина Михайлова

Россиянка Полина Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису






Армения начала мириться с Россией?

Терапевт Клищенко: женщинам старше 40 лет важно провериться на раковые опухоли

Игорь Бабушкин встретился с секретарем Генсовета «Единой России» Андреем Турчаком

«Всегда пытается быть впереди телеги». Песков прокомментировал заявление Дуды о ядерном оружии