Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 06.08.2020

Батукаев Iазиз набахтера арахецар ду доькхуш ГIиргIазойчохь хьаькамаш лаьттинчарна

Radiomarsho.com 

Шо доладелчхьана схьа шаьш Къилбаседа Кавказехь 8 террорхо вийна боху Росгвардино; криминалан авторитет Батукаев Iазиз набахтера мукъаваккхар баледаьлла ГIиргIазойчоьнна; къоладан лелий-те нах Москва?

Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 дархо, цомгаш хилла 424 стаг

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь 9 дархо велла коронавирусах, кхин а 424 стагаца ун къаьстина. Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу штабан информацица, Дагестанехь а, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь шишша велла,  ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а цхьацца кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 1 035 пациент. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Краснодаран кIоштахь - 125: Краснодаран кIоштахь̆ + 125 (8 946 ву эпидеми яьржичхьана)... Читать дальше...

Масканаш йоцчу нахаца йохка-эцар леладахь, туьканаш дIакъовлур ю аьлла нохчийн Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Нагахь санна, масканаш а йоцуш, туьканчу оьхучу эцархошна хIума йохкахь, 30 эзар сом гIуданаш деттар ду аьлла, кхерамаш тесна Нохчийчуьрчу долахошна. "Полисхо Зелим" ву ша бохуш, цхьана жимачу стеган цIарах яржйина оцу дIахьедарца социалан машанашкахула аудио. Хьалха гIуда тухур ду, шолгIа ледарло ялийтахь, туька дIакъовлур ю боху хаамбечо. Ерриг республикехь масканий раж чIагIъяр дIакхайкхийначу юкъаралан а, экономикан а кхерамзаллан кхеташонан секретарна Кадыров Хас-Мохьмадна тIетевжаш деш ду Зелима шен дIахьедар. Читать дальше...

Террорхой хиларна Къилбаседа Кавказехь бархI стаг вийна шаьш, боху Росгвардино

Radiomarsho.com 

Шо карадеачхьана Дечкен-баттара Мангал-батте кхаччалц йолчу заманчохь ницкъахоша террорхой бу аьлла, бархI стаг вийна Къилбаседа Кавказехь. Иштта Росгвардин эскархоша дIахьедина, оцу билгалъяьккхинчу юкъанна террорхойн 31 инфраструктурин объект хIаллакъйина хиларх а, 2 эзар гергга тIеман гIирс а, 35 граната а, 632 мина а, 18 куьйгайина оккхуьйтург а, таллархойн герз а шаьш зеназа схьадаьккхина хиларх а. "РБК Кавказ" портало бина иштта хаам, Росгвардин пресс-гIуллакхойн информацех пайдаэцна. ... Читать дальше...

Шен цIийнах талламаш бинчул тIаьхьа ГIалгIайчуьрчу юьртдас дарж дитина шегара

Radiomarsho.com 

ЦIийнах хьоьвсинчу ГIалгIайчуьрчу Гӏажарий-Юьртан администрацин куьйгалхочо Гулиев Iабдусаламан шегара дарж дитина. Цуьнан метта депутаташа къобалвина Чакиев Осман, хаамбина муниципалитетерчу хьостано "Кавказский узел" агенталле.  ЦIеххьана кхайкхийначу кхеташонехь дийцаре даьккхина хилла керлачу юьртдех хаттар. Гуливн цIийнах талламбаран бахьанаш дуьйцуш дац меттигерчу Iедалхоша. "Интерфаксо"бахарехь, хьарамлонаш лелорца доьзна дIабаьхьна полисхоша цуьнан кертахь барамаш. "Фортнагас" байначу баттахь яздора... Читать дальше...

Москварчу дарбан цIийнан хьалха харцхьалелла Нохчийчуьра жимастаг лаьцна

Radiomarsho.com 

Москварчу Склифосовскийн цIарахчу дарбан хIусаман (НИИ им. Склифосовского) медицинан сихаллин гIо кхачочу дозана чувуллучохь вевзашвоцучу стага шлагбаум кагйина аьлла, дIахьедина полицин декъерчу хьостано"Москва" хаамийн агенталле. Хадархойн коьртачу хьаькамо арз дина хиллачу инцидентах полицига. Цо бахарехь, дахначу шинарин дийнахь НИИ-н кевнашка хIоттийна шлагбаум а бохош, кхеран белхан телефон а лачкъийна, къайлаваьлла хилла зуламхо. Талламаш дIахьочу юкъанна Машаран проспектехь ницкъахоша лаьцна 33 шо долу Нохчийчуьра веана жимастаг. Читать дальше...

Адвокат: Батукаевн гIуллакх луьстучу процессе Атамбаев валон сацамбина кхело

Radiomarsho.com 

Криминалан авторитет Батукаев Iазиз бакъо йоцуш хенал а хьалха набахтера маьршаваккхаран хьокъехь долийна гIуллакх тахана кхин дIа а луьстур долуш ду Бишкек гIалин кхелехь. Пачхьалкхан президент лаьттина Атамбаев Алмазбек кхеле кхачон Iалашо ю аьлла, дийцина Свобода Радион гIиргIизойн сервисе "Азаттыке" адвокато Жоошев Замира. "Кхул а хьалха хиллачу кхеташонехь вацара Атамбаев Алмазбек. Иза латточу СИЗО-хь видеозIе ян аьтто бацара, кхело шен сацамца тахана, Марсхьокху-беттан 6-чохь кхелан процессе валор волуш ву иза , - аьлла Жоошевс. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублёв победил Давидович-Фокину в 3-м круге «Мастерса» в Мадриде, отыгравшись с 0:5 на тай-брейке






Москва. Народная приемная КПРФ в ВАО. Сухо в доме будет, но в 2035 году

Младенец в Башкирии выжил после падения из окна десятиэтажки

Корпорация развития представила нижегородский опыт по формированию муниципального инвестпрофиля на Всероссийском форуме

Когда в 2024 году Страстная неделя, церковные и народные традиции на этот период