Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 07.08.2020

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн хьал 20-зза дебна цхьана шерачохь

Radiomarsho.com 

Цхьана шерачохь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хуьлу пайда хаъал алсамбаьлла. ПIераскан дийнахь шен официалан сайтехь цо зорбане яьккхинчу декларацица а догIуш, стохка Дечкен-беттан 1-чу дийнера ГIуран-беттан 31-чу дийне къаччалц лаьрча, 147 997 849,29 сом даьккхина цо. Оцу юкъанна, 2018-чу шарахь цунна тIедеанчу рицкъан барам 7, 78 миллион сом хилла. Тептарехь багар мел бина чу-ара ца баккхалун бахам Оьрсийчоьнан территори тIехь бу. 3668 йиъкIов метар лаьттан дакъа а, 2344,6 йиъкIов метар дакъа дIалаьцна цIа а... Читать дальше...

ГIалгIайчохь ши тIемало вийна, Веданахь бомбанаш карийна

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 10 дархо; Бютукаев Асланан тIемалой лоьхучу эскархоша ГIалгIайчоьнан хьаннакшкахь вийна ши стаг; Веданахь бомбанаш карийна, сапераш кхайкхина уьш дIаяха

20-х шарахь лаьттах Iиллина ши бомба яьккхина Веданан кIоштахь

Radiomarsho.com 

20-х сов шерашкахь лаьтта бухахь Iиллина шиъ кеман бомба яьккхина Веданан кIоштахь орцан министраллан белхахоша, яздо Грозный-Информ агенталло. Дахарна кхераме бомбанаш хааеллачу меттигерчу бахархоша даьккхинчу орцанца баьхкина хиллера говзанчаш, дийцина Нохчийчуьрчу орцан министраллехь. Мичча хенахь а эккхар йолуш, зене карийна лаьтта бухара яьхна бомбанаш. Меттигерчу орцанхошна гIоьнна баьхкинера, дуккха а шерашкахь зеделларг долу Донан орцанхойн центрера белхахой. Леринчу техникаца полигоне дIакхачийна, цигахь хIаллакбина боллу тIеман гIирс.

Паччахь а, цуьнан леш а? Муха дерзадо Кадыровс къоман ламасташ "керлачу кепе"

Radiomarsho.com 

Москвара Нохчийчу валийна ахбIе сов жима стаг, нохчий. ХIиттийна уьш цхьана могIара, дов ду деш, "корта талхош йолу хIуманаш" лелорна. Боху, цара вон леларца "юьхьIаьржа хIиттадо дерриг нохчийн къам а, бусалба дин а". Кест-кеста гойту иштаниг республикехь. Шаьш оцу кепехь адамаш халкъанна хьалха хIитторах Iедалхоша олу "кхетош-кхиор" я "Iадаташ Iалашдайтар". Ткъа юьстахарчу эксперташна гарехь, халкъ къарден керла кеп ю иза, "бехкала баханарш" маьхза бацош, Iедална белхаш бан хIиттор – иза нах лолле эцар ду. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса велла 10 дархо, ун даьлла кхин а 421 стагана

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла итт дархо, вирус къаьстина кхин а 421 стагаца. Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабо динчу зерашца, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь кхелхина кхоккха стаг, Дагестанехь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а цхьацца велла. ХIинцале а верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах хьалха ца ваьлла 1 045 дархо. Краснодаран кIоштахь дукха бу, тIаьххьарчу статистикаца, цомгаш нах - 115: Краснодаран... Читать дальше...

ГIалгIайчохь йоьдучу операцехь вийна гоьваьлла латархо Евлоев Муслим

Radiomarsho.com 

Еарин буса ГIалгIайчуьрчу Несарахь дIахьочу лерринчу операцехь вийна гоьваьлла, маьршачу кепехь латархо, 25 шо долу Евлоев Муслим. Ницкъахойн версица, гIаттамхойн агIончаш лачкъийтина хилла цо хIусамехь. Оьрсийчоьнан Къоман антитерроран комитето хаам барца, де хьалха полисхошка информаци кхаьчна хилла, терроран кепехь зуламаш дан кечлуш хилла уьш аьлла. Несарахь а, Малгобекан кIоштарчу Соагӏапчехь а, Московская, Борзоевн, Газгиевн, Пачиевн, Сергон, Насыр-Кортан а урамашкахь ГIалгIайчоьнан оперативан... Читать дальше...

ГIалгIайчоьнан Несарарчу гIаттамхойн баьчча лоручу Орцхановн гIуллакх листина даьлла

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказан Федералан гонашкарчу Талламан комитетан коьртачу урхалло листина даьлла "Имарат Кавказа" организацин Наьсарарчу секторан эмирна Орцханов Тимурна (Малик) дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх. Оьрсийчоьнан Iедалхой лечкъаш хилла иза, стохка Германино дIавеллера. Цунна бехкаш дехкина къизаллица а, шогаллица  а зуламаш лелорна: экстремистийн юкъараллехь латтар, талорхошца хилар, ницкъаллийн структурийн белхахошна а, эскархошна а тIелетарш дар, полисхошна кIелонаш ян Iамор, бахам хаа а хууш хIаллакбар... Читать дальше...

ГIалгIайчохь ши гIаттамхо вийна, цхьаъ лаьцна

Radiomarsho.com 

Еарин суьйранна кхайкхийна хилла контртерроран операцин раж юхаяьккхина Несарахь а, Малгобекан кIоштарчу Соагӏапчехь а аьлла, хаам бина ГIалгIайчуьрчу оперативан штабо. "Коммерсанто" яздо цунах лаьцна. Къоман антитерроран комитето (НАК) дIахьедарехь, йоьдучу операцехь ши стаг вийна, цхьаъ лаьцна. "Полисхошна дуьхьал герз детта буьйлабеллера зуламхой, дуьхьал тоьхна ши зуламхо вен ка яьлла, цхьаъ дIалаьцна", - аьлла, дийцина НАК-н векало. Комитетехь чIагIдарца, тIемалой теракташ кечъеш хилла.... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Мирра Андреева установила новый рекорд на турнирах WTA-1000






В Мытищах высадили 1 тыс саженцев

Груднички психоневрологического отделения МОЦОМД посетили плавательный бассейн

Нижегородка скончалась на платформе Московского вокзала

Жители Подмосковья смогут зарегистрировать дачи в праздники