Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 05.08.2020

Шойгус алапаш тIетоьхна тIеман гIуллакхдархошна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс цIеххьашха алапаш тIетоьхна тIеман гIуллакх дечийн масех категорешкахь. ХIора баттахь церан алапа совдоккхучу омрана куьйг яздарх дIахьедина министро урхаллехь йоьдучу селекторан кхеташонехь. Алапаш лакхадаьхна эскарерчу авиаторшна а, хIордан а, ракетийн эскаршна а, Инарла штабан коьртачу урхаллан белхахошна а. 45 эзар тIеман гIуллакхдархочо оьцур ду лакхарчу барамехь алапаш тIейогIучу хенахь. Шойгус бахарехь, баттахь 23 эзар сом ду тIекхеттарг. И бохург ду... Читать дальше...

"ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташо" дIакъовлар низамашкахь ду аьлла кхело

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Лакхарчу кхело "ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташо" дIакъовлар низаман гурашкахь бина сацам бу аьлла. тIечIагIдина Сочерчу апелляцин кхело. Юкъараллан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Даскиев Мурада бина и хаам. Кавказ.Реалиига цо дийцарехь, хIара кхелан дуьхьало - рогIера дуьненаюкъарчу инстанцига довлучу процессан этап ю. Цкъачунна Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле бовла дагахь бу уьш. "Хууш дара, жоп иштта хир дуйла. Тхан Кхеташо харцонца дIакъевлина, цхьа могIа кхачамбацарш дитина цара. Читать дальше...

Устрада-ГIалин керла мэр хIоттийна

Radiomarsho.com 

Устрада-гIалин мэран даржехь цхьабосса къобалвина депутатийн кхеташоно Масаев Илес, яздо республикерчу хаамийн гIирсаша. ГIалин администрацин урхалхочун декхарш кхочушдеш вара Масаев байначу беттан 13-хь дуьйна. 2012-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц Шелан кIоштан администрацин куьйгалхочун гIовс лаьттира иза.

Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а дукха нах леш бу, Нохчийчохь бахархойн терахь кхуьуш ду

Radiomarsho.com 

Карарчу шеран хьалхарчу пхеа баттахь Оьрсийчоьнан регионашкахь бахархойн баларх а, тIекхиарх а лаьцна шаьш дина зераш зорбане даьхна Росстато. Дукхахйолчу Къилбаседа Кавказерчу регионашкахь баларш лахара хилла, стохка ялийначу статистикица дуьстича. Бакъду, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а 10 проценте лакхадаьлла церан терахь. Цхьаболчу жигархоша чIагIонаш йо, COVID-19 пандеми бахьана долуш Оьрсийчохь баларш алсам хуьлу, амма Iедалхоша ма-дарра хьал довзуьйтуш дац бохуш. Къилбаседа Кавказан мехкашлахь цхьана Нохчийчохь а... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Кто отец Дианы Джокович?






Герои России, меры поддержки многодетных семей и показ «Карины» в стране: топ-10 новостей недели

Бойся фазы. Эксперт обнаружил экологическую опасность от электромобилей

Андрей Воробьев поздравил работников скорой помощи с профессиональным праздником

«Автомобили-утопленники» из зон паводков начинают «всплывать» в регионах России