Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 04.08.2020

Нохчийчуьрчу тутмакхо дийцина экстремистийн могIарш муха дузу

Radiomarsho.com 

Шогачу хьелашкахь бархI шо даккхар тIедожийначу Нохчийчуьрчу вахархочо Исрапилов Ахьмада видео дIаязйина, террорхойн организацийн могIаршка ийзорах лаьцна дуьйцуш. 2014-чу шарахь болх бан дагахь Туркойчу дехьаваьлча, шена цигахь бевзачара Iеха а вина, герзах боьттинчу нахах лаьтташ тоба вовшахтоха гIоьртира ша боху Исрапиловс. "Роликаш гойту цара, хьуна и гIуллакх хаздеш. Миччахь а хьуна тIеIаткъам бан тарло цара, хьо цIахь велахь социалан машанашкахула а цхьана", - дуьйцу тутмакхо, хетарехь... Читать дальше...

Харцхьа лелла нохчий Оьрсийчуьра даймахка дIакхайкхина юьхъяха

Radiomarsho.com 

Москвахь наркотикаш лелош хаабелла нохчий даймахка кхачийна Кадыровн Iедало; коронавирус юхайолуш яц Къилбаседа Кавказехь; ОвхIанистанерчу набахтина тIе а летта, шен накъостий мукъабаьхна ДАIИШ-ан тобано

Красноярскерчу набахтехь коронавирусан ун даржарх дIахьедо тутмакхийн гергарчара

Radiomarsho.com 

Красноярскерчу номер 6 йолчу колонехь хан токхучу тутмакхийн гергарчара дIахьедина, 30 сов коронавирусан инфекци токхуш болчу нахана лелош дарба дац, ткъа цхьаболчу COVID-19 вирусан симптомаш йолчу нахана тесташ ян дуьхьал бевлла аьлла. "ТВК Красноярск" телехьожийло бина цунах лаьцна хаам, тутмакхийн гергарчарна тIетевжина. Чохь латточу цхьаннан гергарчо бахарехь, 30 сов ун даьржинчу нахалахь цхьаъ велла хIинцале а. Оцу юкъанна, уьнца болу нах дIакъастош бац могаш болчу нахах, ткъа цаьрца контакт хиллачеран тесташ еш яц. Читать дальше...

Дийнахь а, буса а коронавирусах 7 стаг велла, 358 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а динчу зерашца, ворхI пациент велла коронавирусан уьнах, цомгашчарна тIекхетта кхин а 358 стаг. Эпидеми дIаса ца яржийта вовшахтоьхначу Оперативан штабо хаамбарца, Ставрополан кIоштахь а, Краснодаран махкахь а шишша велла,  Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а цхьацца кхелхина. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Краснодаран кIоштахь - 119 стаг: Краснодаран махкахь + 119 (8 704 ву эпидеми чуеачхьана) Ставрополаг кIоштахь + 98 (8 658) Дагестанехь... Читать дальше...

Трамп дуьхьал вац школаш схьаеллийта, ткъа Германехь бераш деша дуьйладелла

Radiomarsho.com 

Пандемин муьрехь берийн дешарх дийцаредо дуьненчуьрчу мехкашкахь. Цхьайолчу пачхьалкхашкахь ун кхин тIе а даьржаш лаьтта, ткъа кхечу мехкашкахь, эпидеми лахъелла го, амма саготта бу шолгIа тулгIе хьовзарна. Къаьсттина коронавирусо зен динчу 4,7 миллион стаг ун даьлла хиларца билгалваьллачу Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь, дешарца доьзна масех кеп ю билгалъяьккхина. Американ коьртачу инфекционисто Фаучи Энтонис оршотан дийнахь еллачу интервьюхь дIахьедина, бераш школашка дерзон ша реза ву, амма... Читать дальше...

Таьххьара некъ. Мел генахь велларг а Даймахкахь дIаверзаво нохчаша

Radiomarsho.com 

Дуьне мел доккха делахь а, дахар Iожалле дирзича, шен чаккхе Нохчийчохь бен ца го нохчочунна. Иштта ю къоман яхчаелла яьлла амал. Малхбалехь я Малхбузехь велла стаг, дуккха ахча луш, даймахка дIахьажавойту гергарчара тахана а. Муха бу веллачун Нохчийчу кхочу некъаш? Даймахка иза кхачо аьтто ца нисбелча, стенгахь бIабухку шайн махкахой диаспораша? Цунах лаьцна ю Маршо Радион документалан фильм.

Афганистанерчу набахтена динчу тIелатарехь нах байъина, бIеннашкахь тутмакхаш бевдда

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанхоша Афганистанан  малхбалерчу Нангархар провинцерчу набахтена динчу тIелатарехь мел лахара а 39 стаг вийна кIиран буса. Пачхьалкхан Iедалхоша оршотан дийнахь бинчу хаамца, беллачарлахь могIарера нах а, ницкъаллийн структурийн белхахой а, тутмакхаш а бу. Церан зерашца, вийна 10 тIемало гергга. Шайна гергарчу Amaq сайте дIахьедина даIишхоша, тIелатарх жоьпалла шайна тIелоцуш. Дуьххьара "Исламан пачхьалкхан" тIемалоша, Нангархаран провинцин административан центрехь... Читать дальше...

Москвара даймахка балийначу харцхьалеллачу кегийрхошкара бехкаш даьхна

Radiomarsho.com 

Москвахь "наркотикан а, психотропан а препараташ лелорна" лецначу кегийрхошца къамелаш дина пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а, вице-премьеро Висмурадов Абузайда а. "Чечня Сегодня" меттигерчу хаамийн агенталло бина цунах лаьцна хаам. Видео тIехь гойтуш бу, Москвахь а, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а къепе йохийна кегийрхой (60 гергга стаг) Нохчийчу балийна, полисхошка а, муфтиятан векалшка а цаьрца профилактикан къамел дойтуш. "Нохчийн... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова проиграла Фернандес во втором круге турнира WTA в Мадриде






Обвиняемый в даче взятки замминистру обороны Иванову Фомин обжаловал свой арест

В ФФКР расскзаали об опоздании Путина на открытие ЧМ по фигурному катанию — 2011

Понедельник начинается в субботу. Выпуск 2

В Люберцах поздравили работников скорой помощи Люберец