Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Москвара даймахка балийначу харцхьалеллачу кегийрхошкара бехкаш даьхна

0
Москвара даймахка балийначу харцхьалеллачу кегийрхошкара бехкаш даьхна

Москвахь "наркотикан а, психотропан а препараташ лелорна" лецначу кегийрхошца къамелаш дина пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а, вице-премьеро Висмурадов Абузайда а. "Чечня Сегодня" меттигерчу хаамийн агенталло бина цунах лаьцна хаам.

Видео тIехь гойтуш бу, Москвахь а, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а къепе йохийна кегийрхой (60 гергга стаг) Нохчийчу балийна, полисхошка а, муфтиятан векалшка а цаьрца профилактикан къамел дойтуш.

"Нохчийн гIиллакхаш цхьаьнга а дохадойтур дац" шаьш боху, видео тIехь бистхуьлучу хьаькамаша. Цара дIахьедарехь, низам ца лардийраш даймахка юха а балош, цаьрга кеп-кепара беза белхаш бойтур бу.

Кху шеран Зазадокху-баттахь хааме даьккхира, Москвара а, луларчу регионашкара а цIабалийначу кегийчу нахера бехкаш дахарх Делимхановс а, Алхановс а, Висмурадовс а, цара "наркотикаш лелийна, къаьркъанаш мийлина, къепе йохийна аьлла.

Куьршала кIоштарчу полицин декъан куьйгалхочо Агуев Рустама кхетош-кхиоран къамелаш дира изза бахьанашца лецна балийначу кегийрхошца.

Корта бахон молханаш лелийна аьлла, массарна а хьалха дIахIиттийна, жоп дийхира Хьалха-МартантIерачу бахархошкара а.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Свентек выиграла титул WTA в Мадриде






«Большая часть израильских поселенцев — маргиналитет из США и Европы»

Туляки завоевали медали Кубка России и Всероссийских соревнований по судомодельному спорту

Ежемесячную денежную выплату получают более 1,6 млн пострадавших от радиации

Трек группы "Моя Мишель" для Москвы и Благовещенска презентовали в Сети