Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

ГIалгIайчохь латархо Евлоев Муслим вер бакъ ца дина ФСБ-но

0
ГIалгIайчохь латархо Евлоев Муслим вер бакъ ца дина ФСБ-но

Цхьа могIа ГIалгIайчуьрчу хаамийн гIирсаша, еарин буса дIахьочу контртерроран операцехь спортхо-латархо Евлоев Муслим вер бакъ дац аьлла, дIахьедо. Байъинчу гIаттамхошлахь иза вац аьлла ду дина дIахьедар.

Спортхо Евлоев Муслим вийна аьлла, баржийна хаам бакъ бац аьлла, дIахьедина иштта, Евлоевс Iамораш дIахьочу "Кушт" клубо а.

"Байъинчарлахь вац Евлоев Муслим. Иза дийна а ву, лаьцна а вац, цул совнах, ала луур дара, оцу кIантана дуьхьал гIуллакх даккха гIерта, амма хууш дац, хьанна оьшуш ду иза. ГIалгIайн ламасташкахь кхиийна, шен дахарехь оьзда Iалашонаш хилла кIант ву иза. Цуьнан дикалла евза республикерчу спортерчу юкъараллана а. Тхо тешна ду, хиллар гIалат хиларх, я цуьнца гамо йолчийн план ю аьлла. Оха цIа варе сатуьйсу Евлоев Муслим, иза цхьана а хIуманна гунахь цахиларх а теша", - аьлла ду инстаграмехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь.

ГIалгIайчоьнан журналисто Евлоева Изабеллас хаамбо, Евлоев Муслим Соагӏапчехь дIалацарх а, иза дийна хиларх а.

"Сан хьостано соьга дийцарехь, цуьнан дас-нанас чIагIонаш йо, селхана сарахь ницкъахоша иза дIавигина хиларх. Ткъа полисхоша иза къайлаваьлла боху", - яздина Евлоевас шен Фейсбукерчу пена тIехь селхана, Марсхьокху-беттан 7-чохь.

ГIалгIайчуьрчу Талламан комитето хаамбарца, оперативан барамаш дIахьочу заманчохь шиммо дуьхьало йинера герзашца ФСБ-н белхахошна. Дуьхьал герз диттина, вийра и шиъ. Тасадаларш хиллачу меттигехь карийна герз а, патармаш а, куьйгайина лоьлхуьйтурш а. Бехкзуламан гIуллакх долийна, "ницкъаллийн структурийн белхахошна тIелатар" аьллачу артиклехь.

Еарин буса ГIалгIайчуьрчу Несарахь дIахьочу лерринчу операцехь вийна вевзаш волу маьршачу кепехь латархо, 25 шо долу Евлоев Муслим аьлла, даьржина зорбанашкахь. Ницкъахойн версица, гIаттамхойн агIончаш лачкъийтина хилла цо хIусамехь.

Оьрсийчоьнан Къоман антитерроран комитето хаам барца, де хьалха полисхошка информаци кхаьчна хилла, терроран кепехь зуламаш дан кечлуш хилла уьш аьлла. Несарахь а, Малгобекан кIоштарчу Соагӏапчехь а, Московская, Борзоевн, Газгиевн, Пачиевн, Сергон, Насыр-Кортан а урамашкахь ГIалгIайчоьнан оперативан штабо контртерроран раж кхайкхийра еарин буса 22:25 хан яьллачу заманчохь. Къоман антитерроран комитето (НАК) дIахьедарехь, йоьдучу операцехь ши стаг вийна, цхьаъ лаьцна.

Маьршачу кепехь латархо вара Евлоев Муслим.

2015-чу шарера схьа дуьйна ГIиргIизойчоьнехьа леташ вара иза. 2018-чу шарахь Азин чемпионатехь толам баьккхира цо, цул хьалха туьйлира Бакухь хIоттийначу Исламиадехь а, Стамбулерчу дуьненаюкъарчу турнирехь а.

Кху беттан 5-чохь ГIалгIайчохь лецира, Росгвардин 32 шо долу эскархо Алиев Увайс герзаш диттина верца шеконаш кхоллаелла ши стаг. Лецнарш Бютукаев Асланан тобанера хила тарло бохуш, верси а ю лелаш.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Уимблдон

Медведев рассказал, как ударился головой перед матчем с Уиллисом на Уимблдоне в 2016 году






Нижегородская область присоединится к всероссийскому конкурсу профмастерства «Строймастер»

Нам не страшен майский жук: как организовать приствольные круги для садовых деревьев

Театр, раскол и русская идея: как Александр III пробуждал национальное самосознание

В Главном храме ВС РФ пошел Третий Пасхальный Хоровой собор