Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Словакино махкахбохуш бу Хангошвили вуьйш дакъалаьцна хила тарлуш болу Оьрсийчоьнан дипломаташ

0
Словакино махкахбохуш бу Хангошвили вуьйш дакъалаьцна хила тарлуш болу Оьрсийчоьнан дипломаташ

Гуьржийчуьра схьаваьлла нохчо Хангошвили Зеламха 2019 шарахь Германехь вуьйш дакъалаьцна хиларх йолчу шеконца Словакино махкахваьккха сацам бина Оьрсийчоьнан кхо дипломат.

Цуьнца доьзна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан векала Ортагус Моргана Твиттерехь билгалдаьккхина, и сацам нийса бу, цо гойту Братислава "я шен лаьтта тIехь а, я Европехь а лан лерина йоцийла Оьрсийчоьно политикан буха тIехь ден зуламаш", аьлла. Ортагусан дIахьедар тидаме эцнарг ю РБК агенталла.

Марсхьокху-беттан 13-чу дийнале Словакера аравала декхаре ву Оьрсийчоьнан кхо дипломат. И нах къайлахчу сервисашна болхбеш хилар гучудаьлла, хаам баржийра Словакерчу Acktuality портало оршоьтан дийнахь. Москвано хаам бина, ша гIулчаш йохур ю Братиславехь бинчу сацамна дуьхьал, аьлла.

Хангошвили Зеламха герз тоьхна вийра стохка Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь Берлинехь. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза.

Оьрсийчоьно тIе ца оьцу ша Хангошвили вейтина хилар. "Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, аьлла президента Путин Владимира. Карарчу хенахь Германино толлуш ду Хангошвили вер.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Тарпищев: нельзя Медведева назвать главным претендентом на золото Олимпиады






Стоимость аренды квартир в России за год выросла на 32%

Губернатор Подмосковья Воробьев: еще рано говорить, что будет на месте "Крокуса"

Экономист Норфилд: РФ и КНР строят ослабляющий Запад альтернативный мир

Рэпер Xzibit анонсировал возвращение знаменитого шоу «Тачку на прокачку»