Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

"Со хIинца а сайн кIанте сатуьйсуш ю". Кхо шо хьалха Нохчийчохь лачкъийна вигира иллиалархо Бакаев Зелимха

0

Нохчийн вевзаш волу иллиалархо Бакаев Зелимха вайра 2017-чу шеран Марсхьокху-беттан 8-чу дийнахь. Цуьнан уллора доттагIий тешна бу: иза полисхоша лачкъийна а вара, къайлахчу набахтехь а латтийра иза аьлла.

Бакаев вайна итт де даьллачул тIаьхьа Зелимхан нанас Маликас полице хаам бира, шен кIант лахар доьхуш, амма цунах а пайда ца белира.

ХIетахь зорбан министр хиллачу Умаров Джамбулата аьллера, Бакаев Зелимха вайна бохуш, хаамашкахь дестийна дийцар «сонта хIума ду» аьлла. "Кеста гучувер ву" бохура цо. Амма, стенгахь латтош ву Бакаев, ца дуьйцура.

Гезгамашин-беттан 24-чохь "Грозный" пачхьалкхан телеканало шайн сайтехь информаци зорбане яьккхира, Бакаев Германехь ву аьлла. И ролик яьккхинчу хIусамехь хилла йийбар а, моьлу энергетикан хиш а Оьрсийчохь арахоьцуш хиларх терго йира журналисташа.

Иштта Еврокомиссера жоп а кхечира бакъонашларъярхошка, Бакаев Европан дозанех чекхваьлла вац аьлла. Кавказ.Реалии портале дийцина иллиалархочун нанас Маликас, шен кIентан гIуллакх муьлхачу тIегIанехь ду. Доцца аьлча - цхьа а дегайовхо лун хаам бац.

- Хьан кIентан хьокъехь цхьана а кепара цхьа мIара дIатаса меттиг а гучуяьллий?

- ХIан-хIа, Зелимхера кхаьчна цхьа а кост дац соьга. Ехха цомгаш лийлира со, цIе ца йоккху лазар хааделлера соьца. Анализаш дIалуш, лоьрех чекхъюьйлуш, терапеш лелош -дукха зама яьхьира ас дарбан хIусамашкахь. Цул тIаьхьа чу-ара яла гIора а доцуш юьсура со. Юха хIара коронавирус гучуели, карантин а хIоттий...

Дехха цомгаш лаьттина, ши бутт юкъа а булуш, Зелимхан дедай, денанийн кхелхира. Сан нана а меттахь ю. Уьш берриш охьабехки-кх Зелимха. Кондитеран цехехь болх беш ю со. Цхьана евзачу зудчо йигинера со цига балха а. Наггахь балха яха а ницкъ ца тоьаш юьссу со, тIаккха оцу зудчо тIаьхьа телефонаш етташ, дIакхуьйкху со. "Нахана юкъахь хилар гIоле ду хьуна", - олу цо соьга. Иштта хене юьйлуш, схьайогIуш ю-кх со.

- Ткъа хIун боху талламчаша?

- Суна хетарехь, хIинца-м гIуллакх а дIакъевлина хир ду цара. ХIара пандеми лахъяллалц Iаш ю со, царна тIе ца йоьдуш. "Са ма гаттаде, Дала мукъалахь, карор ву", - бохуш, сан дог оьцура цара. Бакъдерг аьлча, со цаьрца зIене яланза а ю дуккха а хан.

- Зелимха массарна а вевзаш стаг вара. Цуьнан доттагIий а, фанаташ а бара. ХIокху заманчохь царех цхьанна а иза гина, йа цуьнца къамел дина меттиг бац?

- Зелимхан доттагIий соьца зIене ца буьйлу дуккха а хан ю. Суна чIогIа хала хуьлу, царех цхьаъ дуьхьалкхетча. Юьхьанца, Зелимха вайначу деношкахь, дукхамма яздора соьга, телефонаш еттара, шайн ма-хуьллу сан дог айдан хьийзара. ХIинца ца туху цхьаммо а. Со-м кхета царех, сан чевнаш хьеян ца лууш, суна лазаме ца даккха Iаш бу уьш. Амма Зелимха гина аьлла-м дац соьга цхьаммо а.

Бакъду, дукха нахана новкъахь йоьдуш-йогIуш евза со, суна а тIе а оьхуш, дуьйцу цара, мел дика кIант вара Зелимха. Сайн кIантах лаьцна довха дош аьлча Iаламат йоккхайоь со. Ван а вара иза дика кIант. Соьца яьхьна цо дукха хан. Цкъа а соьга шена сагатдайтина кIант вацара иза. Ойланаш а цIена, сирла хуьлура цуьнан.

Со-м кхета, нанас шен доьзалхо хестош товш дац, делахь а, суна санна юххера цхьанна а ма ца вевзара иза. И кIант бахьанехь сайн дахарехь дуккха а хIума лайна а ю со. Далла хаьа, ас хIун боху. Дукха халонашна садиттина ю со, сайн берех яла ца луш.

- Йа Нохчийчохь а, йа Оьрсийчохь а хьан кIентан гIуллакхах яьлла йист яц. Европерчу адамийн бакъонийн кхелехь нийсо лаха ойла хила а хиллий хьан?

- ХIан-хIа! Цуьнан ойла йина яц ас. Со теша, сан кIентан гIуллакх кхузахь кхачам боллуш толлур ду аьлла.

- Кхин а мел хьежа дагахь ю хьо?

- Массо а хIуман шен-шен зама ю, де кхочур ду-кх сан кIентан а. Меттигерчу органаша цуьнан гIуллакх луьстур а ду, иза карор а ву аьлла, ю сан ойла.

- Зелимха вайначул тIаьхьа, цхьана а кепара дагахьбалламаш, шеконаш, дохкойийларш диссиний хьоьца?

- Со цунах дийца йолалахь, гена ер ю. Шен чуьра дерриг а дийцина а вер вац.

- Зелимхас дуккха а шен иллеш дитина. Цаьрга ладугIий ахь?

- Ца дугIу, ас цкъа а ла ца дугIу цаьрга.

-ХIунда?

- Зелимхан суьрташ сайн бIаьргашна хьалхара дIадохуш а дац ас, амма иллешка ла ца дугIу. Суна чIогIа хала хуьлу, дог лозу сан. Ла ца догIало...

- 2017-чу шарахь нохчийн "Грозный" телеканало информаци яржийра, видео зорбане а йоккхуш, Зелимха Германи дехьаваьлла аьлла. И видео стенгара яьллера, хьаьнга кхачийнера хаа Iалашонца, тIаьхьа елирий хьо?

- ВаллахIи, суна хаа-м ца хаьа. Иза иштта хиллехь а, паргIат хир ма яра со. Телехьожийлехь а хилла со, даим а цара а олура: "са ма гатде, тхуна карор ву. оха къастор ду".

- Ткъа ахь хIун до?

- Со хIинца а сайн кIанте сатуьйсуш ю-кх. Дагчуьра дIа ца кхоссало соьга иза. Цуьнга хьоьжуш еха со.

***

2017-чу шарахь Маликас дехар дира Нохчийчоьнан куьйгалочуьнга Кадыров Рамзане, шен кIант лохуш, гIо дахьара аьлла. ХIетахь цхьана а кепара терго йоцуш дитира Кадыровн администрацино ненан дехар. ТIаьхьо, иллиалархо варах хаамийн гIирсашкахь дуккха а дийца даьккхича, 2018-чу шарахь Дечкен-беттан 28-чохь мехкан куьйгалхочо бехкаш дехкира БакаевгIеран доьзална, цара вийна ву шайн кIант аьлла. Я ша а, я ницкъаллийн структурийн белхахой а юкъара бац бохура цо, кIант варна. КIантах бакъдерг БакаевгIеран доьзалехь лаха деза элира.

"Цуьнан дена а, шичойшна а ма хаьа дерриг а ма-дарра, хIунда ца хоуьйтуш ду кIентан нене, цуьнах хIунда хьулдина? Шайн доьзалехь цакхетамаш, прооблемаш ю церан… Нагахь цхьа доьхнарг а дина, наркоман цIера веддехь, хIун бехк бу сан а, махкарчу Iедалан а? Шайн доьзалан терго ца йина, иза шайн ву ала эхь хеттачу гергарчара хIинца Кадыровс дIавигина боху иза (Зелимха). Церан цIийнах боьрша стаг ван а вац-те, "оха дина и" аьлла, дIахьедан?", - бохуш, хеттаршка вуьйлура мехкан куьйгалхо.

КIентан дац, Бакаев Хьусайна, жоп делира, "цхьаммо а цIа валийна вацара иза, иза хила ма-везза кIант а вара, юкъараллана гергахь цунах ван гIертарг вацара. Тхан цIийнах цхьаммо а цунах пIелг Iоьттина бац, йа Iотта бахьана а дацара" аьлла.

Нохчийчуьра Талламан комитет яра Бакаевн гIуллакх кегориг. Цаьргара комментери эца аьтто ца хилира Кавказ.Реалиин.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Тарпищев: нельзя Медведева назвать главным претендентом на золото Олимпиады






Уехавший из Польши судья Шмидт представил единственный секретный документ

Уличного кота спасли от волков в вольере Московского зоопарка

Без солнца. Эксперт объяснила, почему даже летом не хватает витамина D

Теплоходные прогулки по Амуру стартовали в Благовещенске