Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Белоруссехь лелачу харцонашна реза яц Европа

0
Белоруссехь лелачу харцонашна реза яц Европа

Европан Барто санкцеш яха тарло Белоруссехь чекхбевллачу харжамашкахь харцо лелорна резабоцу бахархой таIзарна кIел латточу куьйгалхошна дуьхьал, аьлла ша динчу дIахьедарехь Евробартан арахьарчу политикан урхаллин куьйгалхочо Боррель Жозепа.

ТIаьххьарчу кIиранан дийнахь Белоруссехь бирзинчу президентан харжамашкахь, официало бахарехь, тоьлла 1994-чу шарера дуьйна схьа президентан дарж шегахь латтош волу Лукашенко Александр. Амма и харжамаш бацара я нийса дIабаьхьина а, я маьрша а, я пачхьалкхаша ларъян езачу стандартаца богIуш а, цул сов, уьш дIабирзича лилхинчу гуламашна дуьхьал тIех боккха ницкъ а бохуш, Iедало хьийзабо нах, лаххара а вийна цхьа демонстрант, лазийна дуккха а бахархой, билгалдоккху дIахьедаро.

Европан Барто Белоруссин Iедал кхойккху ша лецна латтош болу нах сихонца дIахецаре.

Оццу маьIнехь юкъара дIахьедар дина Белоруссин Iедале Польшин а, Литуван а, Украинин а куьйгалхоша. Цара хьоьху Минскерчу Iедалшна Белоруссерчу юкъараллашца барт-машар лахар.

Хьалхо Белоруссин арахьарчу гIуллакхийн министралло бехкбиллира Европан Бартанна, цо шайн махкахь "хилларг билггал хIун ду а ца хьожуш, мах хадорна", бохура, Минск "кийча ю тахана лелачух долу бакъ факташ дIагайта а, арахьара юкъагIерта ницкъаш буйла хаийта а".

Белоруссин харжамийн коьртачу комиссино дIахьедина, юьхьанца динчу жамIаша Лукашенко тоьлла гойту, аьлла. Оцу хаамо протесташка баьхна харжамаш харцонца дIабаьхьина аьлла хета бахархой. Протест хьошуш, эзарнашкахь нах лецна Белоруссин ницкъхоша.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Александрова не смогла обыграть Саснович и покинула турнир WTA-1000 в Риме






Леденящее душу преступление в Приморье стало явным после 11-летней давности

Дата Антипасхи, или Красной горки в 2024 году, чем отличаются эти праздники

В Москве на МКАД произошло массовое ДТП

Гвинейские военные попросили 16-летнего сына Кадырова обучить их стрельбе