Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Нохчийчуьра 16 стаг лацарх вистхилла Францин министр

0
Нохчийчуьра 16 стаг лацарх вистхилла Францин министр

Кху деношкахь Сен-Дизьехь Нохчийчуьра 16 мухIажир лоцуш хиллачух вистхилла Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Дарманен Жеральд. Маса само ярна полицина баркалла а олуш министро билгалдаьккхина, лецначийн статусех шена кхачам боллуш хууш дац, нагахь санна, тховкIело цара ехна хилахь а, уьш бехкехилар тIечIагIдахь а, ша дехар дийр ду администрацига, цу кепарчу гIуллакхашна бехкеболчу церан дIахьедаре"кхечу агIор листа" аьлла.

"Вайна массарна а хууш ду Нохчийчохь хуьлуш дерг, Францин пачхьалкхехь царна тховкIело стенна луш ю а. Амма цо бакъо ца ло царна францхойн дозана тIера къепе йохо, цхьанна бекхамаш бан, йа шайн низамаш дIахIитто. Нагахь санна, цунах лаьцна цхьанна дицлахь а, ас карладоккху, низам а ду тхан лелаш, кхел а ю", - аьлла Дарманена меттигерчу хаамийн гIирсашна еллачу интервьюхь.

Цо дийцарехь, лаьцначех кхоъ цхьа а бехк ца буьллуш, маьршаваьккхина.

Дахначу мукъаденошкахь дийца даьккхира, Нохчийчуьра схьаваьлла 16 вахархо лацарх Францин хаамийн гIирсашкахь.

Цара бахарехь, хьалхо шайн махкахочунна еттар дIадекъа боьлхуш лецнера нохчий. "КIант чIогIа ца лазийна. Ца эшна иза дарбан хIусаме вилла, еарин сарахь шен цIа вахана иза", - аьлла France Blue газете Лакхарчу Марнин префектурехь.

Ши бутт хьалха Францерчу Дижонехь дов иккхира Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачу наханна юкъахь. Массех дийне делира иза. Бахьана дара цигахь наркотикаш юхкурш I6 шо долчу нохчийн кIантанна тIелатар.

Байначу баттахь нохчаша кхеле дуккха а аьрзнаш чуделира Ниццерчу мэрна дуьхьал, цо шайна наркотикаш юхкучу нехан цIе тIекхоьллина, аьлла.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Новак Джокович низко оценил свою готовность к «Ролан Гаррос» и Олимпиаде-2024






МАК раскрыл, почему упал вертолет на Алтае, где погибли туристы

Производство бумаги и продукции из нее в Москве выросло более чем в 4,7 раза

Реконструкция железнодорожной станции началась в Лобне

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге: «Материнский капитал – эффективная мера поддержки семей с детьми»