Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

«Аэрофлотан» кеманаш кху шарахь Европе лела дуьйлалур ду аьлла, дегайовхо ю

0
«Аэрофлотан» кеманаш кху шарахь Европе лела дуьйлалур ду аьлла, дегайовхо ю

Карарчу шарахь дуьненаюкъарчу пачхьалкхашка кеманаш гIуьттур ду аьлла, дегайовхо хиларкъадийна "Аэрофлотан" инарла директоро Савельев Виталийс. Евробертан мехкаша дуьхьало йо Оьрсийчу дозанаш даста, пачхьалкхехь коронавирусан тесташа дукха нах цомгаш хилвр къаосторца доьзна.

"Россия 24" телеканалан эфирехь, кеманаш лелар ду аьлла, ладоьгIийла юй, шега хаьттича: "Ю дера. Цкъачунна Евробератн дукхахйолчу пачхьалкхаша чу ца дуьту вай. Шина кIиранчохь Евроберто луьстур ду хьал, цундела дегайовхо юьсу", - аьлла, жоп делла Савельевс.

Карарчу беттахь Оьрсийчуьра кеманаш лелар долийна Туркойчу, Танзане, Британи, Швейцари.

Оьрсийчоьнан бахархой хIинцале а кеманашна билеташ а оьцуш, отелаш лоьцуш, Керла шо Европехь дазда кечлуш бу.  Дукхахболчара хоржу Таиланд, цигара дозанаш маца достур ду хууш доцушшехь.

Коронавирусан эпидемина тIехула Евроберто Зазадокху-бутт юккъе баьллачу хенахь дозанаш дIакъевлира. Товбеца-беттан 1-чу дийнера дуьйна шен-шен муьрехь схьаделла долор ду дозанаш аьлла, дIахьедира цхьа могIа пачхьалкхаша.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Хачанов вышел в третий круг турнира ATP в Риме






В Москве исполнят футуристическую оперу 1913 года с новонайденными эпизодами

Белый дом запретил импорт российского урана

Появилось видео ДТП, где поезд "Воркута-Москва" протаранил легковое авто

Мужчина перепрыгивает лужу у торговых рядов, 2000 год, Москва