Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Несарахь меттигерчу вахархочун машен эккхийтина

0
Несарахь меттигерчу вахархочун машен эккхийтина

Селхана сарахь долара машен эккхийтина ГIалгIайчуьрчу Несарахь меттигерчу вахархочун Халухаев ИбрахIиман. Несар-Коьртан урамехь иккхина машенна буха латийна хилла куьйга йина бомба.

Пассажиран гIента буха йиллина хилла оьккхург, амма иккхина иза машен еса лаьттачу хенахь.

"Халухаев полисхошна а, эскархошна а дуьхьал терроран зулам дарна набахти текхна ву хьалха. Ша мукъаваьлча, таксица напха доккхуш вара иза", - дийцира Кавказ.Реалиига ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь.

Нехан бахам хIаллакбарна а, кхераме коьчал кечъярна а дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдина ГIалгIайчоьнан прокуратуро.

Де хьалха Несаран кIоштарчу Iаьли-Юьртахь амиран Бютукаев Асланан тобанера хила тарлуш волу тIемало ву, аьлла, стаг вийра Iедалан ницкъаша леррина операци дIахьош.

Бютукаев Аслан вина 1974 шарахь Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанахь. Масхадов Асланан куьйга кIел вара иза. Кавказ Имарат кхоьллинчу Умаров Доккица 2010-чу шарахь ийгIира Бютукаев, амма тайра тIаьхьо. Умаров кхелхинчул тIаьхьа (2013-чу шарахь) хIоьттира нохчийн гIаттамхойн коьрте. Дуккха хан яра иза вуьйцу хезаш воцу.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Саснович пробилась во второй раунд турнира WTA-1000 в Риме






Какого числа в 2024 году в России празднуют День матери

Деньги начали "гореть": россиян призывают спасать свои сбережения

«Спартак» обыгрывает «Краснодар» после первого тайма благодаря голу Зобнина

В Пензе стартовали соревнования по спортивному ориентированию