Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Иваново-махкара Нохчийчоьнан векал лаьцна

0
Иваново-махкара Нохчийчоьнан векал лаьцна

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Иваново-махкара векал Эдильсултанов Iиса лаьцна, меттигерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, "хьарамлонаш лелорна а, тоьшаллаш харцхьадахарна а".

Эдильсултановца цхьаьна лаьцна кхин а пхи стаг: цуьнан ши ваша а, юрист а, цуьнан бухгалтераш а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Иваново-мехкан урхаллерчу пресс-векалто, Талламан комитетан белхахошкара хаа тарло хилларг, элира Кавказ.Реалиига. Ткъа оцу мехкан талламан урхаллин векала Котова Иринас дош делира, материалаш Iораяха йиш ма-хилла, йовзийта редакцина.

Ивановорчу Къаьмнийн ХIусамехь хууш дацара лецарех дерг, "нохчийн векалш юкъарчу барамашкахь наггахь а хуьлуш бацарна".  Нохчийчоьнан векалтан белхан меттиг стенгахь ю а ца хаьа шайна, элира оцу юкъараллерчу белхахоша.

Хьалхо баьржинчу хаамца, аннекси йинчу ГIирмера Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIовс Саидов Мурад полицино тергоне ийцира, махкара дIасавалар а доьхкуш. Иза декъахь а волуш, бизнесца доьзна дов иккхира ГIирмехь.

Москвахь талламо ши шо хьалха бехктакхаман гIуллакх гIаттийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан векална Цицулаев Рамзанна дуьхьал. Стаг вадорна а, полицин белхахошна тIелатарна а, цхьацца хьарамлонаш лелорна а бехкевора иза.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Рафаэль Надаль первым в истории тенниса выиграл 200 матчей на грунтовых «Мастерсах»






Фридзон сообщил, что Овечкин прилетел в Москву

ИПГ: мощность магнитной бури снизилась с экстремального до сильного уровня

12 мая на выставке "Россия" начнется Всероссийский свадебный фестиваль

Киберспорт налаживает бизнес // Во сколько обойдется открытие компьютерного клуба