Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Хасу-Юьртахь хIоллам боьгIна уьнах беллачу лоьрашна. Йиъ цIе бен а яц тIеязйина

0
Хасу-Юьртахь хIоллам боьгIна уьнах беллачу лоьрашна. Йиъ цIе бен а яц тIеязйина

Дагестанерчу Хасу-Юьртахь, ТIеман Сийлаллин Борза тIехь хIоллам хIоттийна кхушара коронавирусах беллачу меттигерчу лоьрашна.

Хасу-Юьртарчу дарбан хIусамехь болх бинчу кхаа медйишин а, цхьана лоьран-инфекционистан а цIерш ю тIеязйина.

Ткъа 60 медик ву гергарчара а, коллегаша а дузуш долчу Дагестанерчу лоьрийн «Иэсан тептарахь».

COVID-19 уьнах белла лоьраш юьхьанца дуьйна лоьруш схьавогIучу «Черновик» газетерчу журналиста Магомедов Мохьмада а элира, шегарчу тептарахь а ву 50 сов стаг, аьлла.

Коронавирус кхетта беллачу медикийн Дагестанан могашаллин министралло ши бутт хьалха Iарадаькххина терахь дара 40 сов.

Карарчу ханна официало ялочу статистикаца а догIуш, Дагестанехь дийнахь-буса коронавирусах цомгуш хилла 65 вахархо. Юьхьанца схьа ун хьакхаделларг ву махкахь 10 718 стаг, велла царех 489. Амма оцу статистика юкъа ца богIу «дарбан хIусамашкахь белла боцу пневмоник хетта нах».




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Карен Хачанов

Теннисист Хачанов вышел в третий круг "Мастерса" в Риме






Какой сегодня, 12 мая 2024 года, отмечают праздник в России и мире

Мишустин предложил переназначить Голикову вице-премьером по соцвопросам и ФАДН

Зобнин открыл счёт в матче «Спартак» — «Краснодар» в 28-м туре РПЛ

В Ростовской области ищут 54-летнего жителя Кубани