Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь 10 стаг велла коронавирусах, цомгуш хилла кхин а 448

0
Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь 10 стаг велла коронавирусах, цомгуш хилла кхин а 448

10 стаг дарбан хIусамашкахь коронавирусах кхелхина, 448 цомгуш хилла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь, боху Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо.

Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь дарбан хIусамашкахь велла кхоккха пациент, Дагестанехь а, Г1алмакхойчохь а – шишша. 1447 стаг ву пандеми кхайкхийначу берриг а муьрехь Къилбаседа Кавказехь уьнах велларг.

Иштта ду дийнахь буса т1екхиина а, юьхьанца схьа долу а уьнхойн терахьаш:

Ставропол-мохк +120 (11 481)

Краснодар-мохк + 86 (10 857)

Дагестан +65 (10 716)

ГIалмакхойчоь +57 (3913)​

Кхарачой-Чергазийчоь +39 (4937)

ГIалгIайчоь +21 (4277)

ГIебарта-Балкхаройчоь +20 (6417)

Къилбаседа ХIирийчоь +19 (4840)

Адыгей +17 (3308)

Нохчийчоь +4 (2249)

Ерриг а хенахь коронавирусах цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь  62 606 стаг, боху Iедалан статистико.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Открытый чемпионат Италии: Новак Джокович получил сильный удар после выхода в третий раунд после Корантена Муте | Теннисные новости






Калужане выиграли 8 медалей на всероссийских соревнованиях по пауэрлифтингу

Школу и детские сады построят в Царицыне по городской программе

Путин создал пять новых главных управлений в структуре ФСИН

В Московском зоопарке кота спасли из вольера с волками