Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Саакашвилис ша Гуьржийчу дIагIур ву боху. Юстицин министралло иза "дозане кхоччушехь" лоцур ву аьлла

0
Саакашвилис ша Гуьржийчу дIагIур ву боху. Юстицин министралло иза

Гуьржийчохь президент лаьттина, карарчу хенахь Украинехь реформаш кхочушъяран кхеташонна коьртехь волу Саакашвили Михаил лерина ву даймахка дIаваха. Оцу хьокъехь яздина цо шен фейсбукехь.

Политика бахарехь, цо ша президент волуш кхоьллина хьал тахана а лелаш ду Гуьржийчохь. Даржехь ша волуш шегара дийлинчу гIалаташна гуьржашка къинтIера бовлар а дехна Саакашвилис.

"Гуьржийчуьра керланаш хезча, со кхета, суна хаьа, хаьл долучул а дика хир дара. ХIора гуьржи вехаш хилалур ву, иза вай цхьана кхочушдийр ду. Со цIавоьрзу", – дIахьедина цо.

Украина шен "шолгIа цIа ду", ша даима а дийр ду гIо шина а къоманна, боху Саакашвилис.

Цунна жоп луш, Гуьржийчоьнан юстицин министра Цулукиани Теяс дIахьедина, "оха къобалдо, нагахь санна Саакашвили Михаил, цIаверза ницкъ а кхаьчна, Гуьржийчу юхавар. Дозане кхоччушехь, иза лоцу процедура а йолор ю, набахте а кхачор ву", аьлла.

2014-чу шарахь Гуьржийчоьно бехкевира Саакашвили, цо 2007-чу шарахь Тбилисера гулам хьашарна а, низамца а доцуш бизнесменан Патаркацишвили Бардин бахам долаберзорна а, 2005-чу шарахь депутатна Гелашвили Валерийна тIелатар дайтарна а, иштта кхечу зуламашна а.

2018-чу шарахь набахтин кхо шо кхайкхийра Саакашвилина Гуьржийчохь. ТIаьхьо цигарчу прокуратуро бехк тIебаьхьира цунна, цо Патаркацишвили вуьйш дакъалаьцна аьлла.

Кхушеран Стигалкъекъа-баттахь Украинин президента Зеленский Владимира пачхьалкхан реформаш кхочушъяран кхеташонна коьрте хIоттийра Саакашвили.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Хачанов победил Шевченко во втором круге турнира ATP в Риме






Порядка 8,5 тыс. семейных ипотек выдали в городе в I квартале 2024 года

В Подмосковье возводят ЖК «Высокие Жаворонки»

МКУ «Центр закупок» Раменского признали нарушившим закон о контрактной системе

Преподаватели Раменского колледжа приняли участие в голосовании «Итоги 2023»