Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Ца хеддаш тIемалой лоьху ГIалгIайчохь, ехха лаьтта леррина операцеш

0
Ца хеддаш тIемалой лоьху ГIалгIайчохь, ехха лаьтта леррина операцеш

ГIалгIайчохь тIаьххьарчу баттахь тIемалой лоху операцеш лаьттина дерриг шарахьчул а дукха. 2019-чу шеран Марсхьокху-баттера кхушеран  оцу батте кхаччалц дIаяьхьинарг яра 4 операци, ткъа беккъа цхьана тIаьххьарчу баттахь уьш хилла 5. Иштта ю бакъоларъяран "Мемориал" центро гойту статистика.

"Суна цигахь гург цхьаъ ду – кхо бутт хьалха дIахьедира, тIемалочун Бютукаев Асланан тоба ю Соьлжан кIоштарчу хьаннашкахь, аьлла. Бутт хьалха вийра Рогвардин белхахо. Иза вер тIехьарчийра БютукаевгIарна, уьш лоху операцеш дIайолийра. Амма стенна бацара ницкъхой стохка оццул жигара, ца кхета со", - дуьйцу ГIалгIайчуьрчу «Мемориал» центран декъан куьйгалхочо Акиев Тимура.

Акиев кIезиг теша кху муьрехь байъина нах билггал тIемалой хиларх.

"Вайга къасттийна алалур дац иза, хIунда аьлча, гергарчу нахах цхьаммо а ца хаийтина тхуна шайн нахах дерг. Ткъа йохуш яц байъинчийн цIерш. Со ца кхета, стенна бац хезаш церан гергарнаш", - боху бакъоларъярхочо.

Байъинчех цхьаъ Гадамаури Хьусайн ву, бохура, амма дац тоьшаллаш, цецвуьйлу Акиев.

ГIалгIайчохь дIаяьхьначу 5 лерринчу операцехь вийна 8 стаг, уьш тIемалой бу аьлла ницкъхойн урхаллаша. Кхо стаг лаьцна. Iедалхойх шиъ лазийна.

Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, тIемалой бу бохучу нахера талламо тоьшаллаш ницкъаша дохуш хилар.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Азаренко вышла в 1/16 финала турнира WTA-1000 в Риме






Если «Динамо» наберет 4 очка в двух последних турах, это гарантирует ему чемпионский титул

Непобедимый "Спартак" Слишковича обыграл "Краснодар"

Hi-Tech Mail.ru: цена на iPhone 14 опустилась в России до 63 тысяч рублей

Московская ночь