Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Нохчийчохь хьалхара тIом сацош барт хилла 24 шо кхаьчна

0
Нохчийчохь хьалхара тIом сацош барт хилла 24 шо кхаьчна

Тахана, Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь 24 шо кхечи Дагестанерчу Хасу-Юьртахь Нохчийчуьра хьалхара тIом сацош барт хилла. ХIетахь президентан декхарш кхочушдеш хиллачу Яндарбиев Зеламхан пурбанца, эскарийн баьччас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а машаран кехат тIечIагIдира. Иштта, куьйгаш теIийра бертан кехатна Оьрсийчоьнан кхерамзаллан Кхеташонан секретаран гIовсо Харламов Сергейс а, Ичкерин вице-президенто Абумуслимов Сайд-Хьасана а. Цул тIаьхьа официалехь дIакхайкхийра Нохчийчохь хьалхара тIом бирзина хиларх.

Республикера арадехира Оьрсийчоьнан федералан эскарш, ткъа Нохчийчоьнна статус яларх хаттар дIатеттира 2001-чу шеран ГIуран-беттан 31-чу дийне.

2002-чу шеран Охан-баттахь вертолет духуш, хиллачу катастрофехь велира инарла Лебедь Александр. Ткъа цул тIаьхьа ши шо даьлча Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша Девкар-Эвлахь вийра Масхадов Аслан.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Азаренко вышла в 1/16 финала турнира WTA-1000 в Риме






Mercury засмотрелась на молодежь // Ритейлер пытается привлечь к люксу новое поколение

Начало мая в европейской части РФ стало самым холодным за всю историю наблюдений

«Утопить в нечистотах!» Маньяк «Златоустовский паук» появился спустя 16 лет

Названы пять самых сложных женщин по знаку зодиака