Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

ГIалгIайчохь лаьцна жигархочунна тIелетта аьлла хета Нохчийчуьра бахархой

0
ГIалгIайчохь лаьцна жигархочунна тIелетта аьлла хета Нохчийчуьра бахархой

"Мехк-Кхел" юкъараллин боламан  куьйгалхо волчу Султыгов Сараждина тIелатарна бехкехетачу кхааннан цIераш билгалъевлла ГIалгIайчуьрчу бакъоларъяран органашна, царех шиъ лаьцна.

Де хьалха суьйранна Султыговс полицига дIахьединера, шена динчу тIелатарх. Цо дийцинера, Назранерчу шен петаран неI тоьхнера вевзаш воцчу шиммо аьлла. Султыговс неI схьайиллича, царех цхьаммо тоьхнера цунна, шолгIачо телефона тIе дIаяздинера хуьлуш дерг. "Фортанга" ресурсо зорбане даьккхина видеокамераша дIаяздинарг, цу тIехь гуш ду, вевзаш воцчу стага неI тухуш, иза чувоьдуш, цо мийра ластош а.

Султыговс тIечIагIдира, нохчийн номерш йолчу машенахь тIелеттарш дIабахара аьлла.

"Интерфаксан" хаамашца, тIелатар дина аьлла, шеконашка эцна ОМОН-н хилла белхахо Идигов Зураб. Цул совнах, талламан изоляторе валийна Идиговца цхьаьна хилла Нохчийчуьра ши вахархо, царех цхьаъ ву телефонаца хуьлуш дерг дIаяздинарг.

ГIалгIайн полисхоша карарчу хенахь лоьхуш ву, талламаш бечу хенахь цIахь ца нисвелла Идигов. Цунна дуьхьал бехк баьккхина "Еттар" аьллачу Iедалан къепехь.

Агенталло билгалдоккху, оцу информацица доьзна цкъачунна официалан комментареш шайгахь яц аьлла.

Хьалхо кху баттахь Султыговс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга кхо бехк кховдийра, нохчийн-гIалгIайн юкъаметтигашца доьзна. ШолгIачу дийнахь "Мехк-Кхел" юкхараллин организацин YouTube-канал яьстира.

2019-чу шеран ГIадужу-батахь талламаш бира Султыговн хIусамехь, ГIалгIайчуьрчу бусулбачийн Ассоциацин куьйгалхочунна  Абадиев Мусана хетарехь, иза доьзна хила тарлора Султыговс Нохчийчоьнан парламентан спикере Даудов Мохьмаде Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу дозанах лаьттачу къовсамах бина кхайкхам бахьана долуш.

2018 шеран Гезгамашин-беттан 26-чохь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех бертан куьйгаш яздира регионийн куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а. Бинчу берто митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь: 2018-чу шеран гурахь а, 2019-чу шеран бIаьста а. Доза шайна эшам а хуьлуш къастийна, бохура протестхоша.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

«У меня больше нет сил бороться». Елена Рыбакина раскритиковала WTA






Что можно отметить в этот день

«Динамо» на 95-й минуте вырвало победу у «Сочи» и вышло на первое место в турнирной таблице

Саша Илич привез в Россию автобус! «Пари» НН с новым тренером добыл нулевую ничью со «Спартаком»

Яд в банках: в популярных марках кофе Росконтроль выявил фальсификаты