Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 31.01.2022

Кадыров Рамзанна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар тIедиллина "Новая газето"

Radiomarsho.com 

Президентехула адамийн бакъонаш Iалашъечу Кхеташонан декъашхо, "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" кхоьллина Каляпин Игорь а, "Новая газетан" журналист Милашина Елена а "террорхой" бу аьллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долор тIедожийна "Новая газето". Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран цIарах дIахьедар чуделла. Юьйцург ю Кадыровс шен телеграм-каналехь Дечкен-беттан 24-чохь хIоттийна пост. Цу тIехь, федералан суьдхочун Янгулбаев Сайдин хIусамнана Мусаева Зарема лачкъийначу юкъанна... Читать дальше...

Бакъоларъярхочун вешина а, Нохчийчохь лаьцна латточу цуьнан нанна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна

Radiomarsho.com 

Нуьцкъаша Нохчийчу дIайигина, цул тIаьхьа 15 дей-буьйсий тоьхна латточу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нанна Мусаева Заремина а, вешина ИбрахIимна а дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш даьхна. Террораш дан кхайкхамаш барна бехкево Янгулбаев ИбрахIим, хаамбина Baza телеграм-канало. Каналан хаамашца, гIуллакх хьакхаделла IАДАТ телеграм-каналан ширачу постех. Экспертизано чIагIдарца, Янгулбаев администратор волчу IАДАТ-н тексташкахь Умаровс, Басаевс, Масхадовс, кхинболчу террорхоша а лелийнарг къобалдеш билгалонаш ю. Читать дальше...

Авторитаран режимийн уьйр? Стенна баьхкинера Сербера латархой Нохчийчу

Radiomarsho.com 

"Боксан сферехула Сербица юкъарлонна тIетайначу нохчийн лидеро Кадыров Рамзана маршалла хоттуш кехат дахьийтина пачхьалкхан президенте", - оцу тайпа дIахьедар дина Сербин боксан Федерацехь Дечкен-беттан 24-чохь делегаци Соьлжа-ГIала еанчул тIаьхьа. Дуьненан юкъаралло шерашкахь бехкевора Нохчийчоьнан куьйгалхо адамийн бакъонаш хьешарна а, ЛГБТ-н векалшна дуьхьал зуламаш лелорна а, яздо Свобода Радион Балканан сервисо. Сербин Ассоциацин делегацин урхалла деш вара цуьнан президент Боровчанин Ненад... Читать дальше...

Зударшна тIехь Нохчийчоьнан Iедалхоша ницкъбарна дуьхьал миттинг дIаяьхьна Ослохь

Radiomarsho.com 

Норвегин Ослохь йолчу парламентан гIишлона хьалха митинг дIаяьхьна Дечкен-беттан 28-чохь Нохчийчоьнан Iедалхоша зударшна тIехь ницкъбарна дуьхьал. Нохчийн диаспоран а, Норвегин а жигархой бара цуьнан декъашхой. Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларна Евробертан пачхьалкхийн тидам тIеозорхьама хIоттийначу акци веанарг вара верриг а 50 гергга стаг. Къобал йина йоцчу Ичкерин байракхаш а, норгийн, оьрсийн нохчийн меттанашкахь плакаташ а дара церан карахь: "Бакъо толийта, нийса кхел яйта", "Совцаде нах лечкъор"... Читать дальше...

Шен ненан петаран неIарна тIера сийсазе плакаташ Нохчийчоьнца доьзна бакъоларъярхочо Каляпина

Radiomarsho.com 

Лахарчу Новгородехь бакъоларъярхочун Каляпин Игоран 84 шо долчу ненан петаран а, цIа чу воьдучу а неIаршна тIехь бевзаш боцчу наха провокацин йозанаш тIехь долу плакаташ дитина. "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" кхоьллинчу, адамийн бакъонашкахула йолчу президентан кхеташонан декъашхочо Каляпин Игоря Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь хилларг доьзна нохчийн ницкъхоша бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема лацарх лаьцна ша динчу дIахьедаршца. "ЦхьамаьIна долуш оцу историца бен доза йиш яц. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Мария стала соперницей Азаренко на турнире WTA в Мадриде






Военная техника приехала на репетицию парада Победы на Красной площади

Армия в СВО бьется за ментальную независимость России

Кудряшов победил Робутти в бою новой суперсерии «Бойцовского клуба РЕН ТВ»

Тройник без Пересильд, Летучая на костылях. Кто прошел по дорожке ММКФ