ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 04.01.2022

"Хьал тодар дац иза - кеп ю". Хинйолу муниципалан реформа а, Кавказан дахар а

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан Думин Кхеташоно юьхьанцара ладегIарш дIадаьхьна "Меттигера урхалла вовшахтохаран юкъарчу принципех, халкъан Iедалан системин цхьааллах" низаман проект йийцарееш. Документ тIеэцахь, бахархойн карахь гIеххьачул тIехьажа а, терго ян а аьтто лаьттинчу ярташкарчу а, кIошташкарчу а Iедалера дIадер ду куьйгалла. Кечъечу реформин авторш бу пачхьалкхан хIоттаман а, низамашкхоллран а комитетан куьйгалхо Крашенинников Павел а, конституцин низамийн комитетан кьуйгалхо Клишас Андрей а – ший а ву "Цхьааллин Оьрсийчоь" партера. Читать дальше...

Иркутскерчу СИЗО-хь гIело латтийна 17 гIуллакх схьадиллина. Ницкъбинчех цхьаъ нохчо ву

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Талламан комитето 17 бехктакхаман гIуллакх схьадиллина Иркутскерчу номер 1 йолчу изоляторехь латтон тутмакхаш хьийзорна а, Iазап хьегийтарна а тIехула, хаамбина Gulagu.net бакъонашларъяран проекто. 2020-чу шеран бIаьста Ангарскерчу ИК-15 колонехь бунт гIаттийначул тIаьхьа а цхьа могIа аьрзнаш кхочура Иркутскан колонера а, СИЗО-ра а. БIе гергга тутмакх ИК-15 колонера Иркутскерчу номер 1 йолчу СИЗО а, Ангарскерчу номер 5 йолчу СИЗО а дIа а вигина, царна тIехь къизаллица гIело латтийна... Читать дальше...

Кадыровхочо оьрсийн эскархойх “оккупанташ” аьлла

Radiomarsho.com 

Кадыров Ахьмадан цIарахчу нохчийн спецназан командиран гIоьнчас, оьрсийн эскархойх "оккупанташ" аьлла. Оцу кепара йоза тIехь долу сториз гучуелира капитанан Солтаев Илесан инстаграм агIонехь, 1995-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь Соьлжа-ГIалина штурм ярх лаьцна инстаграмехь комментарий еш

Ставрополехь а, Нохчийчохь а дукха хуьлу машенаш йигар

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу къилбан регионашлахь Ставрполан кIоштахь а, Нохчийчохь а къаьсттина дукха хуьлу машенаш йигар. Машенийн онлайн-таллам бечу "Авотека" сервисо довзийтина оцу кепара зераш. 2021-чу шеран жамIашца а догIуш, къилба Оьрсийчоьнан массо а субъекташлахь машенаш лечкъор наггахь бен цахиларца билгалъяьлла Къилбаседа ХIирийчоь, хаамбина ТАСС агенталло бакъоларъяран органийн хаамашна тIетевжина. Къаьсттина дахначу шарахь кеста-кеста идийна Корейн Hyundai Solaris а, Kia Rio а машенаш. ДIоггара... Читать дальше...

IADAT: ГIуран-баттахь мел кIезиг а 74 стаг лачкъийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь лаьттачу IАДАТ боламо зорбане яьккхина махкахь лечкъийначу нахах хIора беттан шаьш вовщатуху статистика. Жигархоша чIагIдарехь, байначу баттахь 74 стаг лачкъийна. Бара царлахь Швецехь вехачу блогеран Абдурахманов Тумсон а, цуьнан хIусамненан а 11 гергара стаг, бакъоларъяран "Вайфонд" организацин куьйгалхочун Садулаев Мансуран кхоъ, да а, вежарий ца лерича, Туркойчохь вехачу блогеран Халитов Хьасанан виъ цIийнах стаг а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристан Янгулбаев Абубакаран гергара 37 стаг а. Читать дальше...

ДаIишан байракхна тIехула гIуда тоьхна дагестанхочунна

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Табасаран кIоштан кхело бехк тIехь битина меттигерчу вахархочунна Маллалиев Русланна экстремистийн символика социалан машанашкахь яржорна. "Исламан пачхьалкх" шех олучу дуьненаюкъарчу террорхойн организацин Iаьржа байракх зорбане яьккхинера цо инстаграмехь, яздо Кавказ.Реалиино. Кхелехь бехкевечо кхетийра, байракх тIехь долчу Iаьрбойн йозанан чулацамах а, флаган террорхошца уьйр хиларх а хууш вацара ша, дош делла тIейогIучу заманчохь оцу тайпа низам ца дохон.  "Нацистийн йа экстремистийн атрибутикана... Читать дальше...

Оьрсийчоьнан эскархойх "оккупанташ" аьллачу нохчийн эпсаро шена доцург кхоьллина аьлла

Radiomarsho.com 

1994-чу шеран ГIуран-беттан 31-чу буса Соьлжа-ГIалахь хиллачу штурмах лаьцна ша динчу дIахьедарна йинчу критикана дуьхьал жоп делла Кадыров Ахьмадан полкан эпсаро, полицин капитана Солтаев Ильяса. "Интернет-провокаторша" доцург кхоьллина шена, шен дешнаш харцахьа а даьхна аьлла, дIахьедина цо. "Инзаре Ельцинан политико а, зуламечу Ичкерин куьйгаллин политико а цIий Iанийра. Мискачу нахана зенаш хилира оцу тIамехь, нохчийн маьрша бахархой боцурш, оьрсашна а цхьана. Суна террорхой бу тIеман зуламхой, ас постехь бийцинарш цхьаъ бара. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Появилось «закулисное» видео Елены Рыбакиной






Кузнецкий Алатау в зимнем варианте. Там побывала сборная молодежная тургруппа

Утреннее чтиво: мошенники обманывают ветеранов и интернет-магазины, самозанятые могут болеть спокойно

Лазарева суббота: дата, история, суть праздника и как его правильно провести

Как провести выходные в Москве и не разориться: гид по бюджетному отдыху в столице