Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 13.01.2022

"Шу адамаш а ца хета тхуна ". Шена резабоцчу гIалгIашца къийсало Кадыров

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шогга вистхилла ГIалгIайчоьнан бахархошка. Бахьана ду гIалгIайн делегаци, юхьанца Нохчийчу а яхна, куьйгалхошца а Iийна, юха цигара цIаяхча, махкахой шена къинтIербаха хIоттар. ОьгIазвахначу Кадыровс кхерам тесна лулахошкара "нохчийн ярташ" дIаяха, декхаребина гIалгIайн къаной шайн къоман векалех жоп дала. Регионалан куьйгалхочо кхо де делла шега йолу претензеш охьаяхка, аьлла, ша муьлхха а гIулч яккха кийча ву, шена дуьхьал ден сийсаза къамелаш совцорхьама. Читать дальше...

ХIолламна "еттарна" чубохка тарло Нохчийчуьра а, Дагестанера а эскаре баханарш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь гIеххьа гIовгIа а оьккхуьйтуш, бехктакхаман гIуллакх а гIаттош дирзина эскаре гIуллакхдан вахначу Къилбаседа Кавказерчу къаьмнех волчу цхьана салтичо Краснодарна гергахь ТIеман Талламийн Коьртачу урхаллин (ГРУ) шакъаьстинчу 10-чу бригадин бIаьхошна биллинчу хIолламна тIехь оьзда боцу бегаш бар. Турпалхой ша аьшнашбеш яьккхина видео бахьана долуш, цунна тоха тарло доккха гIуда, мега набахте хьажо а. Амма салтичо динарг доккха зулам дац, къаьмнаш сийсаздеш вац иза, гушдерг цхьаъ ду - тоьлла... Читать дальше...

ГIалгIайн векалш Москвахь цхьаьнакхета лууш бу нохчашца

Radiomarsho.com 

"ГIалгIайчоьнан къоман кхеташо" цIе йолчу тобано дIахьедина гIалгIайн а, нохчийн а халкъийн векалша цхьаьнакхета безара, шина республикана юкъарчу дозанца доьзна хаттар дийцаре дан нейтралан территори тIехь аьлла. Цунах лаьцна шен видеокхайкхамехь дIахьедина оцу вовшахтохараллан декъашхочо Албогачиев Мусас, хаам бо Кавказ.Реалии сайто. "Тхо вовшашца дагадевр ду, гIалгIашца а, нохчашца а, цхьаьнакхетар ду нейтралан территори тIехь – Москвахь, къастор ду хьал. Ткъа нагахь иза [Кадыров] мостагI велахь... Читать дальше...

Ичкерин символика лоьхуш рейдаш ю дIахьуш Нохчийчохь  

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу бахархоша хаамаш бо, республикехь ницкъаллин структурийн белхахой рейдаш еш хиларх лаьцна, бахархойн бедаршна тIехь а, церан хIуманашна тIехь а берзан символика лоьхуш. Борз ша тайпа меттиг дIалоцуш ю нохчийн культурехь. Майраллан а, доьналлан а симбол йолчу Беттан к1еллахь 1уьллучу ша лелачу берзан силуэт яра йозуш йоцучу Нохчийн республикан Ичкерин герб, борз яра нохчийн байракхна тIехь а. "Рейдаш хиларх лаьцна хаамаш кхочуш бу тайп-тайпанчу кIошташкара, иза тоьшалла ду рейдаш ерриг а республикехь йоьлхуш хиларан. Читать дальше...

Кубанехь диаспорийн векалша бехк цабиллар дехна эскархойн скульптура сийсазъярна

Radiomarsho.com 

Краснодаран махкарчу Нохчийчоьнан а, Дагестанан а диаспорийн векалша бехк цабиллар дехна Молькино поселкехь долчу тIеман декъехь гIуллакх дечу эскархошка, шайн республикашкарчу оццу декъехь эскаран гIуллакх деш болчу салттаа беллачу спецназхойшна хIоттийна скульптура сийзаъярна, хаам бо Кавказ.Реалиино. "Вайн дедай а, церан дай а кхелхина Даймехкан Боккхачу тIамехь. Къамел деш тхо кхийтира, уьш (харцхьалелларш) дика кхетта цахиларх шаьш дечух, цундела бехк цабиллар доьху оху, иза иштта нисдаларна"... Читать дальше...

Песков: Путинна санкцеш кхайкхор юкъаметтигаш хедоран мах болуш ду    

Radiomarsho.com 

Кремлан зорбан-секретара "дозанал тIех гIуллакх" ду аьлла, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна дуьхьал яха мегаш йолу санкцеш. Песковс, дийцарехь цу тайпа гIуллакх юкъаметташ хедорца дуста мегарш долуш ду.  Американ Цхьанатоьхначу Штатийн Сенатехь йовзийтина йолу демократаш кхечйина керлачу санкцех лаьцна низаман проект гучуяларна Песковс мах хадийра "вуно вочу агIор", къаьсттина дIадаханчу кIиранах Оьрсийчоьнна а, Малхбузен пачхьалкхашна а  юкъахь дийцарш хиллачу фонехь. Читать дальше...

Казахстанера арадаха долийна ОДКБ-н миссин эскарш

Radiomarsho.com 

Казахстанан 14-та регионехь юхадьккхина терроран "критикан кхераман" тIегIа хилар. Цунах лаьцна хаам бо республикан къоман кхерамазаллин Комитето. Ша аьлча, юьйцург ю мехкан коьрта гIала Нур-Султан а, ткъа иштта Шымкент а. Кхаа регионехь – Алматыхь а, Алматын а, Жамбылан а кIошташ дуьсуш ду кхераме хьал. Цигахь хIинца а дIахьуш ду "террорхой а, кхидолу къепедацарш хилча зуламаш лелийна нах а". Дечкен-беттан 12-хь Казахстанерчу зорбан гIирсаша хаам бира, талораш дарехь а, тасадаларшкахь а дакъалаьцна... Читать дальше...

Шена реза цахиларш кечдан кхо де делла Кадыровс гIалгIашна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видеокхайкхам дIаязбина, луларчу ГIалгIайчуьрчу бахархошка а, къаношка а хьажийна болу, хаам бо Радио Свобода портала. Оцу кхайкхамехь цо кховдийна кхо де далале шена долу реза цахиларш кечде аьлла. Нагахь ша бехкевар бух болуш дацахь а, сий дойуш а хилахь, аьлла цо, шена цхьана а низамо новкъарло йийр яц, шен а, шен доьзалан а, халкъан а сий лардан аьлла. Иза кхочуш дан хIуъа а дийр ду ша, боху Кадыровс. Инстаграмехь зорбане баьккхинчу кхайкхамехь Кадыровс боху... Читать дальше...

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сената сенкцеш кечйина Оьрсийчоьнан президентана Путинна дуьхьал

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сенатерчу демократаша низаман проект кечйина Оьрсийчуьрчу лаккхарчу даржашкахь болчу Iедалхошна а, шайна юкъахь президент Путин Владмир а волуш, банкан структураш на а дуьхьал санкцеш кхайкхорах лаьцна, нагахь Москвано тIом болабахь Украинина дуьхьал. Цунах лаьцна хаам бо Радио Свобода зорбан гIирсо. КIайн ЦIийно гIортор йинчу низаман проектах лаьцна хьалхо хаам бира The Washington Post газето. Документ кечдина сенаторийн тобано, шайн коьртехь дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса