Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 21.01.2022

Кадыровхоша нохчийн бакъонашларъярхочун нана дIалаьцна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу МВД-н белхахой ду шаьш аьлла, герзашца болчу наха бакъонашларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана лаьцна дIайигна Лахарчу Новгородера. Дечкен-беттан 20-чу сарахь хилира иза, федералан суьдхо хилла Янгулбаев Сайди вехачу петарна чуиккхинера туьтмIаьжгаш йоьхна масийтта полисхо. Лаьцначу Мусаева Заремин диабет цамгар ю. Гергарчара а, бакъонашларъярхоша а сагатдо Мусаева Заремин дахарна

"Оццул кIезиг адам хилар". Кадыровн ГIалгIайчоьнца ша-шеггара эгIар а, машаре вахар а

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу мукъаденошкахь чекхъелира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана луларчу ГIалгIайчоьнан бахархошна тоьхначу "ультиматуман" хан. Цо кхо де деллера царна шеца церан йолу гамо йовзийта, хаийтинера ша "доллучунна а кийча" вуйла, нагахь санна цигара схьа ша сийсазвен къамелаш кхидIа а хезаш хилахь. ГIалгIайчуьрчу нехан аьрзнашка ла а доьгIна, цхьадерш царех довзуьйтуш, вуьйш гIара даханза дуьтуш, цхьана авторца телефонехула къамел а дина, дIахьедира: дерриг дика ду, "гIалгIашца проблемаш яц". Читать дальше...

"Iазапашна дуьхьалояран Комитето" ЕСПЧ-кхеле арз дина юристан Янгулбаевн нана лачкъорах

Radiomarsho.com 

Бакъонашларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахоша арз хьажийна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ЕСПЧ) 39-чу бакъонца, нохчийн ницкъхоша Нижний Новгородерчу шен хIусамера юристан Янгулбаев Абубакаран нана дIайигарна. Шайн телеграм-каналехь бина цунах лаьцна хаам бакъоларъярхоша. 39-чу бакъонех пайдаоьцу, нагахь санна, валаран кхерам белахь а, кхачо йоллуш тоьшаллаш делахь а, билгалдоккху хаамехь. Дечкен-беттан 20-чохь суьйранна Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан суьдхочун болх... Читать дальше...

Нохчийн полицино федералан кхелахочун хIусамнана лачкъорах "ца теша" Кремль

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс журналисташца денна хуьлучу брифингехь дахьедина, Кремлехь хууш дац Нижний Новгородехь федералан кхелахочун Янгулбаев Сайдин хусамнана Мусаева Зарема лачкъорах лаьцна. "Федералан суьдхочун зуда Нижний Новгородехь лачкъорах ма-дарра хууш дац Кремлна, цунах йа теша а ца лаьа",- жоп делла Песковс "Эхо Москвы" радиостанцино деллачу хаттарна. Де хьалха суьйранна нохчийн полисхой ду шаьш аьллачу наха Нижний Новогородерчу федералан кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамчу а лилхина... Читать дальше...

Депортаци ян хьийзочу нохчочун кхелехь дакъалацийтар тIедожийна Францин Amnesty International-о

Radiomarsho.com 

ТховкIело лун хеттарш луьстучу Къоман кхелехь (CNDA) Ойсаев Джахаран гIуллакхехь шайна дош ала бакъо ялар тIедожийна Францин Amnesty International организацино. Карарчу хенахь Оьрсийчоьне дIавала кхерам лаьтта Ойсаевна. Amnesty International Францина лаьа CNDA-н кхелахошна дIахаийта, Оьрсийчу дIахьежочу Нохчийчуьра бахархошна лаьттачу кхерамех. Шен доьзалца мухIажаран статус елира Ойсаев Джахарна иза Франци ма кхоччура. 2019-чу шарахь и статус дIаяьккхира цуьнгара, колледжехь доьшучу заманчохь радикализаци лелийна аьллачу шеконашца. Читать дальше...

Юристан Янгулбаевн нана лачкъор тидамеэцар тIедожийна Оьрсийчоьнна Amnesty International организацино

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Amnesty International организацино кхайкхамбина Оьрсийчоьнан федералан Iедалхошка, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" хиллачу юристан Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема Нижний Новгородера лачкъийна йигарна катоххий юкъагIорта аьлла. Бакъоларъярхошна хетарехь, нана лачкъор - жигархочунна тIеIаткъам бар ду. "Оьрсийчоьнан федералан Iедалхоша хIинца а жоп доцуш дуьтур ду-те Нохчийчохь лелориг, шайн критикаш совцорхьама, уьш зуламашца кхерош, церан гергарнаш лечкъош хьийзар шайна ца гуш санна?" ... Читать дальше...

Колонехь даккха ворхI шо хан тоьхна дагестанхочунна терроризмна гIо латторна

Radiomarsho.com 

Ростов-ГIаларчу тIеман кхело таIзар дина Дагестанерчу Коркмасов Рагимна шогачу хьелашкарчу колонехь даккха ворхI шо хан а тухуш, хьалхара кхо шо набахтехь токхуьйтуш. Иза бехкево, низамехь йоцу тоба кхоллийтарна шена вевзачу накъосте, хаамбо "Интерфаксо". Хьалхо хан яьккхина ву иза колонехь оьккхуьйтург дIайиллина латторна. Коркмасовс кхелехь дарединера, билгалдоккху, шен бехк хилар. Дагестанехь Кизляран кхело бехкбиллира меттигерчу вахархочунна Абдусаламов Арсланна, экстремистийн символика... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова обыграла Шнайдер на старте грунтового турнира WTA 1000 в Мадриде






Подмосковные врачи выходили 130 новорожденных детей с начала года

"До допроса дело не дошло": Главу Гагаузии досмотрели после возвращения из Москвы

Московский ветеринар спас зрение кролику, которому грозило удаление глаза

Урсуляк признался, что его дважды не приняли во ВГИК