Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 17.01.2022

"Iедалца тIом бу сан". Черногори реза ца хилла Орсийчоьне Ростовра безнесхо дIавала

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно Интерполехула лаца кхайкхийна волу Ростовра 46 шо долу бизнесхо Манукин Алексей Орсийчоьнан каравала реза ца хилла Черногорера Iедал. Полицехь шена ницкъ барх лаьцна цо арзнаш дахь а, бехккъасторхоша иза бакъвинехь а, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело цуьнгахьа сацам бинехь а, жоьпе ийзаво иза цIахь. ДоьазлагIа гIоьртича бен ца белира цуьнан аьтто Оьрсийчуьра вада – 2020 шеран гурахь. 2016 шеран ГIуран-баттахь доладелира дерриг а, Ростов-гIалин вахархо Манукин Владимир кхеташ доцчу хьелашкахь велча. Читать дальше...

"Омикрон" штамм хааелла Къилбаседа Кавказехь кхин а

Radiomarsho.com 

"Омикрон" коронавирусан штамм гучуяьлла Къилбаседа ХIирийчохь цхьанна а, Кхарачой Чергазийчохь цхьанна а. "Шина стагаца къаьстина "омикрон" штамм, амма тхо долчахь "дельта" яьржина ю", - хаамбина ТАСС агенталло Къилбаседа ХIирийчуьрчу Роспотребнадзоран урхаллан куьйгалхочунна Тибилов Аланна тIетевжина. Ставрополан лабараторино тIечIагIдина, Кхарачой-Чергазийчохь цхьана вахархочуьнца и ун хилар, хаамбина "Интерфаксо". Коронавирусан керла штамм хьакхаяларх дуьххьара Къилбаседа Кавказехь хаамбинчех ю ГIалгIайчоь. Читать дальше...

Москвахь автобусчуьра нахана кхерамаш тийсина дагестанхо лаьцна

Radiomarsho.com 

Кху деношкахь Москвахь йоьдучу автобусчохь националистийн къамелаш а деш, пассажирашна кхерамаш тийсина 29 шо долу Дагестанера вахархо лаьцна Калуган кIоштахь. Оцу хиллачунна тIехула бехктакхаман гIуллакх долийна къаьмнашна юкъахь гамо гIатторна, хаамбина ТАСС агенталло. Хьалхо социалан машанашкахь видеоролик яржийра, ша дагестанхо ву боху жимстаг Москварчу автобусан пассажирашца девне вуьйлуш, националистийн къамелаш а деш. Соьцийлашна юкъахь автобус сацор тIедожийнера оцу стага. Шена дуьхьало йича... Читать дальше...

"Мекх-Кхелан" YouTube-канал яьстина Кадыровга кхайкхам бинчул тIаьхьа

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн "Мекх-Кхел" юкъараллин организацино дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане кхайкхам шаьш бинчул тIаьхьа шайн YouTube-канал ястарх. Шена дохку бехкаш вовшахтохий, уьш довзийта аьлла, Кадыровс кхо де хан еллачул тIаьхьа, "Мехк-кхелан" куьйгалхочо Султыгов Сараждина кхаа тайпа бехк баьккхира цуьнгара. Султыговс дIаяздинчу къамелан видеона тIекхочийла дац, каналерчу кхечу роликашна а санна. "Соьга телефонаш еттара, каналера видеога хьажа аьтто бац бохуш. Канал яьстина хилла, видеош дIа а йохуш. Читать дальше...

Оспанов Къосам. Йист

Radiomarsho.com 

Оспанов Къосам Йист Са цхьа а йист йоцу некъ бина дели, Бакъонца, малх хене бирзина бели. Дог-пехех дуъзна йоьхь дакъийна вели со. БIешерехь бина мохь текхийна вели со. Вай къеста дезаш дуй ца хууш хилла со. Вай къестар долуш дуй ца хууш хилла со. Нах бууш нах буйла ца хууш хилла со. Нах баа хьакъ буйла ца хууш хилла со. Лергаха хIоз баккха каш даста воллу со, ПIелгаха чIуг яккха каш даста воллу со, Сайн кошан шозлагIа гIат даккха воллу со. Аш сайна даьккхина каш даккха воллу со. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Уимблдон

Российская теннисистка Вероника Кудерметова выиграла Уимблдон в парном разряде, а итальянец Янник Синнер – в одиночном






Москвичка, пострадавшая при ударе молнии на пляже в Алексине, находится в тяжелом состоянии

«Турбозавры» поучаствовали в Дне московского транспорта

Татарстан вошел в число лидеров по количеству заявок на конкурс брендов «Знай наших»

Эту одежду многие уже давно выкинули, а зря: топ-7 стильных в 2025 году вещей, которые и через 100 лет будут в моде