Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 26.01.2022

ЦIера суьрташ кхоьхьуьйтуш шантаж еш ю нохчийн блогерна

Radiomarsho.com 

Нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана дIахьедина, Нохчийчоьнан Iедало шен жимах йолу йиша Хасима, лачкъа а йина, шантаж еш ю шена аьлла. Цо бахарехь, тIехь бедарш йоцуш даьккхина йишин сурт даийтина цуьнга, республикан куьйгаллина критика яр сацадар тIе а дожош. Шаьш бохург цадахь цуьнан сурт интернетехула даржор ду шаьш аьлла кхерам тесна шантажхоша

Украина бахьанехь Байдена дийриг къобалдина Сенатерчу республикахойн лидера

Radiomarsho.com 

Президентана Джо Байденна сих-сиха критика ечу Сенатерчу республикахойн лидера Макконнелл Митча, дIахьдина шена "дог тешоран" билгалонаш го администрацера Украинина дуьхьал Оьрсийчоьнан агресси юхатохарца доьзна цо юьхьарлаьцначух аьлла. Макконнеллна хетарехь, Байдена хIинца, гуш ма хиллара, нийса кеп хаьржина Украинина гонаха хIоьттина хьал бахьана долуш, шен къоман кхерамазаллехула йолчу тобанца дIадаханчу мукъачу деношнкахь Кэмп-Дэвиде кхеташо дIаяьхьначул тIаьхьа.  "Оцу хенахь дуьйна суна хезаш долчу доллучо а дог тешадо. Читать дальше...

ПАСЕ-но таIзар даре кхайкхина Нохчийчохь ЛГБТИ-юкъарлонна дуьхьал зуламаш диначарна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалш тӀетаьӀина каро а, таIзар дан а  гӀорта деза Нохчийчоьнан республикехь ЛГБТИ-юкъарлан векалшна дуьхьал зуламаш диначарна, ткъа иштта зулам даьллачу нахана компенсацеш яла еза. Цунах лаьцна дуьйцуш ду де хьалха Страсбургехь Европан Кхеташонан парламентан ассамблейно (ПАСЕ) тIеэцначу резолюцехь, хаам бо Deutsche Welle зорбан гIирсо. Резолюци кечйина ПАСЕ-н нийсаллан а, дескриминаци ца яйтаран а комитетан докладхочо Бельгерчу социалистийн цIарах волчу депутата Фурат Бен Шикха. Оцу документан текстехь дуьйцуш ду... Читать дальше...

Нохчийн блогера шена шантаж ярна бехке вина парламентан гIантден гIоьнча

Radiomarsho.com 

Нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана бехке вина Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхочун гIоьнча Кудузов Ризван шена шантаж ярна, республикан куьйгаллина критика яр шега сацадайта. Iедалхо кхерамаш туьйсуш ву, ша бохург цадахь, интернетехь йишин суьрташ даржор ду ша бохуш, хаам бина блогера. Туркойчохь вехачу Халитовс шен телеграм-кналехь дийцина дIадаханчу кIиранан дийнахь ватсапехула шега йишин суьрташ а даийтина, "цул тIаьхьа кхерамаш а тийсина, сий доцу хIуманаш а яздина хиларх лаьна. Авторо ша мила ву цахаийтина. Читать дальше...

Псаки: Украине эскарш хьажо дагахь вац президент Байден

Radiomarsho.com 

Президентан Джо Байденан "Iалашо а, лаам а бац Украине эскарш" хьажо, дIахьедина шинарин дийнахь КIайн цIинан пресс-секретара Псаки Джена, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. Журналиста деллачу хаттарна жоп луш, Псакис элира, Цхьаьнатоьхна Штаташ "болх беш ю НАТО-ца цхьаьна малхбалерчу флангера пачхьалкхашкахь гIортор яр чIагIдеш. Цунна кхоьллина а ю НАТО", билгалдаьккхира КIайн цIинан зорбан секретара. "Цхьа хIума билгалдаккхийта соьга: президент я дагахь а вац, я лаам болуш а вац Украине эскарш хьажо. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Арина Соболенко

Арина Соболенко призналась в том, что не любит женский теннис






Аршавин считает, что «Спартак» был ближе к победе, чем ЦСКА

Baltnews: эстонская власть вмешивается в дела церкви, сея раскол

Омбудсмен Подмосковья Фаевская встретилась с жителями Белгородской области

Гуцул заявила, что ее час держали в аэропорту Кишинева по возвращении из России