Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 25.01.2022

Хьийзош бу Нохчийчохь хиллачу федералан суьдхочун доьзал

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь Нохчийчуьрчу лаккхарчу кхелан суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамнана Мусаева Зарема дIалаьцна. Иза лачкъа а йина, ннуьцкъала республике ялор дузу, цуьнан доьзалло бакъонашларъярехь бечу балхаца

"Массо а хIаллакбалур бац кадыровхошка". Блогер Белокиев Ислам – Нохчийчуьрчу репрессех

Radiomarsho.com 

Ницкъхошца юкъарлонехь лоручу "Лехамаш ГIалгIайчоь" телеграм-канало деношкахь  хаам баржийра, Нохчийчуьрчу Iедална критика ярца девза " Исламан ойланаш" ютуб-канал лелочу Белокиев Исламна дуьхьал терроризм къобалъярца доьзна бехктакхаман гIуллакх схьадиллина, аьлла. Хаамехь билгалдоккхура: иза "жигара дакъалоцуш ву дозанал арахьа Оьрсийчоьнна дуьхьал хIиттаечу митингашкахь, вониг дьуйцу Нохчийчоьнан куьйгалхойн лаьцна". Белокиев ночхо ву дегахьахула, цундела йо цо критика шен даймахкахь лелацчу харцонийн хьокъехь. Читать дальше...

Песковс дагадаийтина Кадыровна махкана куьйгалла деш мила ву

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь юкъахь йолчу Оьрсийчоьнан арахьарчу политикан коьрта хаттарш билгалдохург мехкан президент ву. Цунах лаьцна дIахьедина Кремлан векло Песков Дмитрийс, Украина ша Оьрсийчоьнах дIатухур яра аьлла, Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу дIахьедарна комментари еш, хаам бо РИА "Новости" агенталло. Песковс билгалдаьккхира Кадыровн бакъо хилар Оьрсийчоьнан кхечу гражданийн санна шен кандидатура рогIерчу президентан харжамашкахь дакъалаца хьалхататта. "Амма, вьшта, суна дагадаийта... Читать дальше...

Бакъонашларъярхо Янгулбаев суьде вала дагахь ву Кадыров

Radiomarsho.com 

Нохчийн бакъонашларъярхо Янгулбаев Абубакар дагахь ву Кадыров Рамзан суьде вала, цо шайн доьзал террорхой бу аларна. Цунах лаьцна ша Янгулбаевс дIахьедина Кавказ.Реалиига, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дуьйцучунна Кремло йинчу реакцина комментари еш. Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан зорбан-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, журналисташ, къаьсттина СПЧ-н декъашхоша, террорхошна гIо дарх лаьцна аьлла Кадыровн дешнаш, цунна шена хетарг ду аьлла. "Цу тайпа реакци хиларо чусадаийтира суна, хIунда аьлча Кремлна цахета Кадыровна хетарг. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан бахархошна ламастан мехаллаш билгалйохуш тептар кечдина культуран министралло

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан культуран министралло проект кечйина, Оьрсийчохь "ламастан мехаллаш ларъян а, чIагIъян" Iалашо йолуш. Цигахь хьехош ю нехан идейш а, махкара бахархой синкхетам кхиарна болу кхерамаш а. Иза гойтуш ду низамийн актийн нормативан акташ тIехь долчу федералан порталехь зорбане даьккхинчу документа тIехь,хаам бо  "Настоящее время" телеканало. Дуьйцучу документан цIе ю "Основы ‎государственной политики по сохранению и укреплению ‎традиционных российских духовно-нравственных ценностей". Юкъараллехь... Читать дальше...

БархI сов эзар америкахойн салти кийча ву Малхбалерчу Европе дIакхача

Radiomarsho.com 

Франс-пресс агенталло (AFP), Пентагонна тIе а тевжаш, хаам баржийна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн 8,5 эзар эскархо "лаккхарчу рожехь" кечвелла лаьтташ ву Малхбалерчу Европе дехьаваккха мегаш хиларна аьлла, Оьрсийчоьнан а, Украинин а тIом бала мегаш хиларна. Британин SkyNews телеканало билгалдоккху, бархI сов эзар салти кийча хиларх лаьцна Малхбалерчу Европе дIакхача, "ца хилча ца долуш долуш санна кхерам алсамбаларца доьзна оьрсийн эскарш чугIоьртар" Украинин территорина тIе аьлла. Хаамаш баьржаш бу... Читать дальше...

Муьлш бара Нохчийчохь хьалхара тIом болийнарш?

Radiomarsho.com 

1991 шарахь вовшех дозуш доцчу шина декъе екъаелира Нохч-ГIалгIайн АССР – кхоллаелира Нохчийн Республика Ичкери а, ГIалгIайн Республика а. Ичкерино дIакхайкхийра ша Оьрсийчоьнах йозуш яцарх а, Советан пачхьалкхан дакъош а хилла, цхьаьнаюьсучу маьршачу пачхьалкхийн статусехь яха резахиларх а лаьцна. Амма цул тIаьхьа, оццу шеран ГIадужу-баттахь Советан Iедал доьхча, галъевлира Москван а, Соьлжа-ГIалин а юкъаметтигаш. Москвахь доггах къобалйира Ичкерин лидерна Дудаев ЖовхIарна дуьхьалъяьлла нохчийн оппозици ... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Кто отец Дианы Джокович?






Врачи в Москве помогли пациентке с "синдромом бабочки" родить здоровую малышку

Лучших сотрудников предприятий наградили в Балашихе

"Ох уж этот Ипполит": биография, роли и любимые женщины Юрия Яковлева

Виолу высадили в Новопушкинском сквере