Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 19.01.2022

ГIалгIайчуьра дIавахна блогер бехкевина терроризм къобалъярна

Radiomarsho.com 

Нохчийн Iедалхошна оппозицехь лаьттачу "Мысли Ислама" ютюб-каналан авторна Белокиев Исламна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллина, терроризм къобалъярна. Цунах лаьцна хааме даьккхина цхьа могIа Къилбаседа Кавказан телеграм-каналаша. ГIалгIайчуьру Талламан комитетан урхаллин сайта тIехь оцу бехктакхаман гIуллакхах информаци яц. "Блогер ву и жимстаг, ша администратор волчу YouTube видеохостингерчу каналашкахула а, Telegram мессенджерехула а Интернетехь яржайо цо террорхойн гIуллакх къобалдеш, цунна пропаганла ен материалаш"... Читать дальше...

Депортацина а, репрессешна а дуьхьал митинг дIаяьхьна нохчаша Венехь

Radiomarsho.com 

Венерчу адамийн бакъонийн майданахь дуккха а нах арабевлла митинг дIаяьхьна, Нохчийчохь лоьцучу Евробертан пачхьалкхашкара а, Туркойчуьра а оппозицин жигархойн гергарнаш лецарна дуьхьал. Акци вовшахтоьхначара дийцарехь, 50  гергга стага дакъалаьцна цигахь, яздо Кавказ.Реалиино. "Тхоьца бара, Евробертара Оьрсийчу депортаци ярна а, нах лечкъорна а, лецарна а дуьхьал болу Австрин бакъонашларъярхой. Европера дешан маршо бахьана долуш Нохчийчохь нах балахьоьгоуш бу", - дийцина Кавказ.Реалиига митинг вовшахтоьхначех йолчу... Читать дальше...

Ша вейта кIело яр кечдарна Кадыров бехкевина гуьржийн оппозиционеро

Radiomarsho.com 

Гуьржийн оппозицин "Мтавари архи" телеканалан куьйгалхочо Гварамия Никас Нохчийчоьнан куьйгалхо бехкевина, шена тIелатар кечдайтарна. Гварамия Никас чIагIдарехь, оцу Iалашонца Кадыров Рамзана Гуьржийчу хьажийна хилла кхо киллер

Вовшехлетта ши полисхо балхара дIаваьккхина Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Вовшахлетта Махачкаларчу ППС-н полкан ши белхахо Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло балхара дIаваьккхина аьлла, хаамбина Кавказ.Реалиига министраллан пресс-гIуллакххоша. Полицин ши белхахо леташ видеоролик гучуелира инстаграм-пабликашкахь кху деношкахь. Цу тIехь гуш ду, юьхьанца дешан конфликт юйлу цу шинна юкъа, цул тIаьхьа цхьахволчо корта туху, тIаккха лата волало и шиъ. Дов даьллачарна тIехьаьддачу кхечу полисхоша вовшах воккху и шиъ. "Талламбийр болуш бу, цул тIаьхьа хиллачун мах хадор бу... Читать дальше...

Оьрсийчохь мел кIезиг а 30% алсамдевлла кхаьънаш эцарца зуламаш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь 2021-чу шеран динчу зерашца 27,8% лакхадаьлла кхаьънаш эцарца зуламаш лелор - 18,5 эзар зулам ду иза, кхаьънашца доьзна. Пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло зорбане даьхна оцу кепара зераш шайн рапортехь, яздо Сибирь.Реалии проекто. Пхи эзар зулам (+20,3%) доьзна ду кхаьънаш эцарца, 4,5 эзар ца кхоччуш (23,3%) - кхаьънаш даларца, 2 эзар сов (+40,7%) ахча дIакховдош юкъарло лелорца доьзна. Кега-мерса кхаъ эцарца лелийна зуламаш ду 7 эзар сов (33,3%). 2021-чу шарахь чоьхьарчу... Читать дальше...

Кадыровн тIедилларца шена тIелата кечлуш бара аьлла, дIахьедина гуьржийн оппозиционеро

Radiomarsho.com 

Гуьржийн оппозицин "Мтавари архи" телеканалан куьйгалхочо, Саакашвили Михаилан адвокато Гварамия Никас бехкевина Нохчийчоьнан куьйгалхо, шена тIелатар кечдайтарна. Regnum ресурс тIетевжинчу телеканалан репортажехь Гварамияс цIе яьккхина ша вен Гуьржийчу веанчу Оьрсийчоьнан кхаа вахархочун. Уьш бу, Гварамияс дIахьедарца, Кадыровн тIедилларца кхаьчна Гатеев Артур а, Гагиев Слава а, Гелиев Артур а. Гварамияс бахарехь, иза вен аьтто ца кхаьчна цхьана бахьанаца, цуьнга хьалхе дуьйна бина хаам бара, цунна кIело кечъеш бу аьлла. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Линетт сыграет против Соболенко во втором круге турнира WTA в Мадриде






В ЦАО и ЮВАО в Москве временно закроют подземные пешеходные переходы

В Якутск прилетел Герой России Николай Соболев

Во Владивостоке мошенника лишили свободы за хищение 18 миллионов рублей

В Тверской области на имущество нарушителя земельного законодательства наложен арест