Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 24.01.2022

Нохчийн бакъонашларъярхочун нана дIалаьцна Соьлжа-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Нохчийн бакъонашларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема 15 денна лаьцна кхело. Курхаллаш лелорца доьзначу гIуллакхехула теш ю аьлла нуьцкъала Лахарчу Новгородера дIайигна иза бехке йина Соьлжа-ГIалахь полисхочунна тIелатар дина аьлла

Кадыровн кхераме дIахьедаршна Оьрсийчоьнан Iедалийн реакцега ладоьгIуш бу СПЧ-хь  

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалийн декхар ду шайна хетарг хаийта, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан президента Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан (СПЧ) декъашхо Каляпин Игорь а, "Новая газетан" журналист Милашина Елена а террорхо ду, и шиъ дIалаца деза аьлла динчу дIахьедарх лаьцна,хаам бо Радио Свобода-но. Цунах лаьцна "Интерфаксе" дIахьедина СПЧ-н декъашхочо, Москван журналистийн бертан гIантда а, "Московский комсомолец" газетан коьрта редактор а волчу Гусев Павела. ... Читать дальше...

Кадыровс кхерамаш тийсарх махкахвала дагахь вац бакъонашларъярхо Каляпин

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхо Каляпин Игорь дагахь вац пачхьалкхера дIаваха, иза а, журналист Милашина Елена а лаца еза "террорхойн гIоьнчаш" уьш хиларна аьллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхерамаш теснера аьлла, хаам бо Кавказ.Реалиино. "Кадыровс дуьххаьра ца вина со бехке террорхошна гIо дарна аьлла, Кадыровс дуьххьара ца вина со бехке мостагI ву аьлла. Цкъа а цавахна дIа, ваха план а яц сан", - дIахьедина бакъонашларъярхочо "Газете.ru" зорбан гIирсана еллачу интервьюхь. Читать дальше...

Шантаж еш Нохчийчура сурт даийтина оппозицин блогере Халитов Хьасане

Radiomarsho.com 

Туркойчохь эмиграцехь волчу Нохчийчуьрчу Iедалшна оппозицехь волчу блогерга Халитов Хьасане сурт кхаьчна цуьнан доьзалца доьзна долу (цхьаболчу хаамашца йишйин). Иза интернетехь даржо цалаахь республикан куьйгалла критика яр сацаде, боху цуьнша, яздо Кавказ.Реалиино. Цо яздарехь, иштта сурт даийтина хиларх лаьцна дуьххьара хаам бина "Вайфонд" боламан телеграмм-канала. И хаам тIечIагIбина шен видеокхайкхамехь нохчийн блогера Абдурахманов Тумсос. Цул сов шанташах лаьцна хаам бакъбина IADAT боламан векалша а. Читать дальше...

Балтерчу пачхьалкхашка а, Малхбалерчу Европе а эскархой хьажо мега Цхьаьнатоьхначу Штаташа

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн масех эзар эскархо а, ткъа иштта тIеман хIрдкеманаш а, хIаваан кеманаш а НАТО-н Балтерчу а, Малхбалера Европерчу бертахойн территорина тIехь дIатардан аьттоне хьожуш ву президент Байден Джо. Цунах лаьцна яздо Радио Свобода-но The New York Times газетана тIе а тевжаш. Оцу газето дийцарехь, америкахойн тIеман ницкъаш Европехь хилар алсамдаккха мегаш ду, Оьрсийоь Украинина тIелата кечлуш хиларх лаьцна хаамаш беш а болуш.   Газетехь болчу хаамашца, Американ Цхьаьнатоьхначу... Читать дальше...

Киеверчу шайн дипломатийн доьзалш кӀелхьарбаха йолаелла Пачхьалкхан департамент

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто омра делла Киеверчу америкахойн векалаллехь болх бечу дипломатийн доьзалшка, оцу пачхьалкхера дIагIо, Оьрсийчоьно тIом боло мегаш хиларан кхерам болун дела аьлла. Балхаэцна болчу белхахошна пурба делла шайн лаамехь цигара дIабаха, аьлла ду Reuters бинчу хаамехь. "Хаамаш бу Оьрсийчоь дагахь ю аьлла, Украинина дуьхьал масштабан тIом боло. Кхерамазаллин хьелаш, къаьсттина Украинин дозанашкахула а, Оьрсийчоьно дIалаьцначу ГIирмехь а, Оьрсийчоьно... Читать дальше...

Кадыровc "хIаллакбан" кхерам тесна суьдхо хиллачу Янгулбаевн доьзал   

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзна дIахьедина нохчин Iедалша дерриг а дийр ду схьакаро, шен йоI а эцна, Оьрсийчуьра дIавахначу суьдхо хиллачу Янгулбаев Сайдин доьзалхой, хаам бо Радио Свобода портало. Цунах лаьцна Кадыровс яздина шен телеграмехь, цо юха аьлла, нагахь дуьхаьло яхь "уьш хIаллакбийр бу" аьлла. "Террорхойн гIончаш" лаца аьлла кхайкхам бу оцу постехь. Иштта олу Кадыровс "Iазап лелорна дуьхьал Комитетан" (организаци юкъатоьхна ю НКО-"иноагентийн реестрна"), Оьрсийчоьнан президенто... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Новак Джокович

Легенда тенниса рассказал, готов ли он опять стать тренером Джоковича






В Коста-Рике отмечают десятилетие проведения «Бессмертного полка» в Латинской Америке

Эксперт Клапанюк: спрос на новостройки в Москве за 3 месяца упал на 44%

Современный городской квартал возведут в Даниловском районе по программе КРТ

На большей части Подмосковья 26 апреля ожидается III класс пожарной опасности