Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 14.01.2022

ФСБ-но дIахьедина, Американ дехарца хакерийн REvil тоба йохийна дIаяьккхина шаьш аьлла

Radiomarsho.com 

Федералан кхерамазаллин сервисо  дIакхайкхийна, цхьамоггIа яккхийчу америкахойн компанешна атакаш йина REvil хакерийн тоба йохийна дIаяьккхина шаьш аьлла. Тоба а, цуьнан инфрасруктура а хIаллакйина, декъашхой бехке бина кредитан харц картанаш дарна, чIагIдо лерринчу сарвисехь. Стохка Товбецан-баттахь Оьрсийчоьнан а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а президенташа Путин Владимира а, Джо Байдена а дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа гучура дIаелира и тоба даркнетехь. REvil евзаш яра дуьнентIехь уггар яккхийчерах йолу хакерийн тоба санна. Читать дальше...

Кадыровхоша Ичкерин символшна дуьхьал рейдаш яр

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу бахархоша хаамаш бо, республикехь ницкъаллин структурийн белхахой рейдаш еш хиларх лаьцна, бахархойн бедаршна тIехь а, церан хIуманашца а берзан символика лоьхуш. Борз ша тайпа меттиг дIалоцуш ю нохчийн культурехь

Хакерша атака йина Украинин Iедалан а, МИД-ан а сайташна  

Radiomarsho.com 

ПIераскан буса, Дечкен-беттан 14-хь, хакерша атака йина Украинин Iедалан а, ткъа иштта цхьайолчу министраллийн а сайташна, шайна юкъахь арахьарчу гIуллакхийн министраллан сайт а йолуш. ТIелатар дина пачхьалкхан гIуллакхийн сайтана а. Зуламхоша кхайкхамаш дIахIиттийна оцу сайташкахь украинахойн а, оьрсийн а, полякийн а маттахь, бахархойх лаьцна хаамаш интернетехь баржийна аьлла. "Берриг а шоьх лаьцна хаамаш гуш-хезаш бу хIу хинца, кхера, ладоьгIуш хила вон хин долучуьнга. Иза бекхам бу шуна дIадаханчунна а, карарчунна а, хиндолчунна а. Читать дальше...

2021-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахна 1,5 эзар жигархо а, журналист а

Radiomarsho.com 

1,5 эзар сов юкъараллин жигархо а, журналист а дIавахна Оьрсийчуьра 2021-чу шарахь политика бахьанехь а, бехктакхаман гIуллакхаш долош а хьийзорна. Цунах лаьцна яздо Znak.com зорбан гIирсо, Free Russia Foundation вовшахтохараллан проектийн менеджерна Михальчук Антонна тIе а тевшаш. Цуьнца цхьаьна оцу вовшахтохаралло лоруш берш бац "политикан" мигранташ а бен. Церан доьзалхой я Оьрсийчохь баха лаам цахилла дIабаха сацам бинарш статистикехь бац, билгалдаьккхина Михальчука. Эмигранташ хаьржина коьрта пачхьалкхаш... Читать дальше...

Лаккхарчу кхело дIадаьккхина вакцинаци яр тIедожорах лаьцна Джо Байденан указ

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Лаккхарчу кхело Дечкен-беттан 13-хь сацийна яккхийчу компанийн (100 а, кхин сов а белхахо волчу) белхахошна вакцинаци я COVID-19  тесташ яр тIедожош президента Джо Байдена арахецна мандат. И тайпа тIедожор хьакхалур дац федералан бюджетера ахча луш йолчу медицинан хьукматех бен. 2021-чу шарахь Лахьан-баттахь OSHA-н (кхерамазаллин техникехула а, белхан гигиенехула а йолчу федералан Урхалло) делла омра дIадаккхахьара аьлла Лаккхарчу кхеле арз динера лехамхойн тобано... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Медведев остался лучшим среди россиян в обновлённом рейтинге ATP, Рублёв — восьмой






В Подмосковье к 1 сентября откроют самую большую инвестиционную школу

Больше 5 тыс школьников Солнечногорска примут участие в акции «День добрых дел»

Сбер подарил Орлу умный светомузыкальный фонтан

В Солнечногорске начался прием заявок на фестиваль вокально‑хоровых коллективов