Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Новости за 10.01.2022

АрашуковгIар, тIемалой, нохчийн кепехь бехказвалар. Кхарачой-Чергазийчоьнан шо

Radiomarsho.com 

2021 шеран юьххьехь терроризмца дерг чекхдаьлла баьхнехь а, оцу зуламца къийсам латтийна Кхарачой-Чергазийчоьно ца хеддаш.  Хийца ца делла политикан хьал – Темрезов Рашиде дисина мехкан коьрта дарж юха а. Цу тIе, Иегован Тешаш лаьхкина лелорца топ-регион а ю Кхарачой-Чергазийчоь. Шира керла Темрезов Итт шо дуьзна Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхо Темрезов Рашид волу. Цуьнан кандидатура къобалйира Халкъан кхеташонан массо а депутаташа, цхьамма санна, шайна иза Путин Владимира кхойдийна хиларе терра. Читать дальше...

Москвахь герз детташ хиллачу латарехь дакъалаьцна Нохчийчуьрчу бахархоша

Radiomarsho.com 

Полицино масех бехктакхаман гIуллакх долийна Москва гIалин юккъехь Гжельски переулкехь герз детташ, ши стаг лазош, латар хиллачул тIаьхьа. Цигахь дакъалаьцнарш Нохчийчуьра а, ткъа иштта махкал арахьара ГIиргIизойчоьнан а, Узбексиатана а махкахой хила мега аьлла шеко ю. Латар хилла де цхьа де хьалха Iуьйранна сатоссуш. Цкъачунна болчу хаамашца, тасадаларан бахьана хилла леттачерах цхьаннан куртки кисанара телефон лачкъор, хаам бо ТАСС агенталло. "Хилларг бахьана долуш лазийна ву ши стаг, уьш госпитале кхачийна дегIана йина урс хьекхна... Читать дальше...

Казахстанехь хаам бина кIоштан полицин хьаькам а, КНБ-н полковник а валарх лаьцна

Radiomarsho.com 

Казахстанехь, хетарехь, ша шена тоьхна велла Жамбылан областан полицин департаментан хьаьким Сулейменов Жанат. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфакс-Казахстан", яздо Радио Свобода-но. Полисхо кхалхар бакъдина Тараз (регионан административан центр) гIалан хьукматан зорбан сервисехь. Карарчу хенахь, хиллачуьнан бахьанаш хууш да, хаам бина агенталлица къамелдинчо. Казахстанерчу журналистан Козачков Михаилан телеграм-канало бечу хаамца, дуккха адамаш дакъалоцу дуьхьалонан акцеш хиллачул тIаьхьа Сулейменовна... Читать дальше...

Ангарскерчу колонехь ши тутмакх кхалхарх лаьцна дIахьедина бакъонашларъярхоша

Radiomarsho.com 

Gulagu.net проектерчу бакъонашларъярхоша дIахьедина ГIуран-баттахь масийтта тутмакха мацалла кхайкхийначу Ангарск гIаларчу №2 йолчу колонехь чувоьллина латтош волу ши стаг кхалхарх лаьцна. Цунах лаьцна  дуьцурш ду Gulagu.net телеграм-каналехь. Бакъонашларъярхошкахь болчу хаамца, и ши стаг кхалхар хилла цхьана кIиранчохь. ЧIагIдарехь, цхьана тутмакхан лаг хадийна, ткъа шолгIа велла "дагца цамгар хилар" бахьана долуш. Колонин зорбан сервисехь Сибирь.Реалии проектан корреспондентана бакъдина ши тутмакх кхалхар. Читать дальше...

Шаьш кадыровхоша дIадигна хилар харцдо нохчийн оппозицин блогеран гергарчара

Radiomarsho.com 

Нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон гергарчара харцдо шаьш 1едалхоша дIадигна латтор, цуьнах лаьцна цо аьлла ма хиллара масех кIира хьалха, хаам бо Кавказ.Реалиино. Iедалан долахь йолчу пабликашкахь яржийначу видео тIехь цара неIалташ хьежадо бакъонашларъярхошна. И кхайкхам кхоалгIа бу тIаьхьарчу цхьана кIиранчохь: Халитов Хьасанан а, Закаев Ахьмадан а гергарчара а чIагIдора, шаьш цхьаммо ца лецнера бохуш. ТIаьххьарчу видео тIехь цхьана хIусамехь хиъна Iаш ву 5 стаг, цара рагI караоьцуш къамелаш до нохчийн маттахь. Читать дальше...

Казахстанехь 8 эзар гергга стаг лаьцна дуьхьалонан акцеш юьйлаелчхьана

Radiomarsho.com 

Дуккха а адамаша дакъалоцу дуьхьалонан акцеш хиллачул тIаьхьа Казахстанехь дIалаьцна 7939 стаг. Цунах лаьцна хаам бо зорбан гIирсаша республикан МВД-н хIоьттинчу хьоланан центрана тIе а тевжаш, яздо Радио Свобода зорбан гIирсо. Алматыхь дийнахь-бусий лаьцна 508 стаг. Де хьалха оперативан штабан кхеташо дIайирзинчул тIаьхьа Казахстанан президентан зорбан сервисо хаам бира, къепедацарш лелийна 6 эзар стаг лаьцна хилар хьокъехь. Цул сов, талла долийна 125 бехктакхаман гIуллакх. Казахстанан Iедалша чIагIдо... Читать дальше...

Женевехь дуьххьарлера цхьаьнакхетарш хилла Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а делегацийн марафонан

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран когаметто Рябов Сергейс а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатин пачхьалкхан секретаран когаметто Шерман Вендис а шина сахьтехь къамел дина Женевехь белхан суьйре ярехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн герзаш дIадахаран Конференцехь волчу векалан резиденцехь, хаам бо Радио Свобода зорбан гIирсо. (Герзаш дIадахаран Конференци даиман болх беш йолу дийцарш дIадахьаран дуьненаюкъараллан форум). Associated Press (AP) агенталло бинчу хаамца, цхьаьнакхетар долор ду Дечкен-беттан... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Медведев остался лучшим среди россиян в обновлённом рейтинге ATP, Рублёв — восьмой






Промышленники Москвы наращивают компетенции в ИТ

В Ульяновске пройдет «космическая» Неделя моды

Команда школы № 3 Балашихи стала победителем школьной лиги по шахматам

В Дубне устранили подтопление дворовой территории на улице Свободы